Йурт гуттар набарна йeттачу хенахь йуьстах гомийчу урамашкахула меллашчу болaрexь вогIу бере, АйзагIеран кIетахь сецна, говpара каде охьа а иккхина, зIар диллина, говран йуьхь а лаьцна, керта вуьйлира.
Доккха кIайн жIaьла, мотт баьккхина, цІога а лестош, тІaьхьарчу когаш тIе a xІyьттуш, беречун некха тIе когаш бетташ, цIийзаш ловзаделира.
– ДІaдaлaхьа, Барза! – човхийра иза беречо. – ДIадала!
Лохачу цIенойн цхьаъ бен йоцу неI меллаша цкъа херйелира, тIаккха цигара схьакъедира тоьпан йуьхьиг. ЖІaьла хьесталуш гича, керта веанарг хийра стаг воцийла а хиъна, топ а буйнахь аравелира Iусман. Бодашкахь хьешан сибат ца къасталахь а, Iусманан дагна хааделира иза ваша хилар.
– Iуми! – лохха мохь белира цуьнга.
Топ пенаца дIа а хIоттийна, хьаьдда тIе а вахана, вешина марахьаьрчира иза.
– Iуми! Ма дукха хан йара хьо ганза! – вешин некха тIе бесни хьоькхура Іусмана. – XIинца-м гIур вац хьо со а витина.
– ДIавала, осала ма лела, – вешин коьртах куьг хьаькхира Iумара. – Нана цIахь йуй?
– Йац. КхоалгIа буьйса а йу тхо дукъахь левчкъина Iен. XIинций-хIинций нах леца салтий богIу бохуш, цIа дахка ца даьхьаш.
– Вайн-м ца висина цара дIалаца стаг.
– Царна биэн дац – зударий а, бераш а. Селхана йуьрта а лилxина, амалтана нах бигна. Хаси-Юьртан гIопеxь чубоьхкина бу, боху, уьш. ЧугIой вайша?
– Iойла дац. Хьо цIахь хIунда ву?
– Ахьар дахьа веанера со… Оха ма сагатдора, Коьжалкан-Дукъахь тIом хезаш. Наний, Эсеттий йисина а йац гIелйелла. XIинца а эшна шу?
– ХIаъ.
– XIинца хIун дийр ду?
– Летар ду-кх…
Вешин куьг схьа а лаьцна, буйна къевлира Іусмана.
– Мохьмад мичахь ву?
– Дукъахь. Деши а йу тхоьца. Хьан накъостех хIун хилла? Вайчех цхьа а вийний?
– Виъ вийна: Сату, Хиду, Ловда, Элбарт. Мичахь ду хьан ахьар? ДІавоьду вайша.
Ахьарх дуьзна таьлсаш дохьуш Iусман йухавеача, говр ара а озийна, зIар дIакъевлира Iумара.
– Хьо цIа хIунда веана? – xaьттира Iусмана, шаьшшиъ эвлал араваьлча.
– Байъинарш цIа бохьуш даьхкина тхо. Васал мичахь ву?
– Дукъахь. Салташа шуна дуьхьал тIаме вигнера Васал а, МІaьчиг а. Бевдда цIа баьхкина.
– Кхин хIун ду кeрла?
– Вайн цIен сту бигна…
Iумаран дегIе зуз хьаьдира.
– Хьан?
– Хьан буьгур бара и? Салташа. Йуьртана гIуда тоьхнера. БIe туьма ахчий, итт бежаний. Амалтана пхийттa стaг a вигна.
Iумар дIатийра. OьгIазлонан цIе гIеттира кийраxь. Цхьа болчу цхьана атто йина ши старгIа кхиийнера цаьршимма жима йолуш дуьйна. Нах туй тосий бен бIаьра а ца хьовсуш, боккха хаза ши сту хиллера цаьршиннах. КхоалгIа шо дара уьш ворданна а, готанна а дужу. XIинца дIадели иза а…
ХIара шиъ цхьана говра а хиъна регIа тIе хьалаваьлча, садаьржира. Хьаннашкахь нилхо шакарш, эшарш йолийра олхазарша. Aьхке йелахь а, шийло йара Іуьйре. Хьалхахьа, хIолламийн кешнаш долчохь, лаьттара адамаш, говраш, ворданаш.
– Хьо кхузахь саца, со тIевогIу хьуна, – элира Iумара говp а сацийна, жимахволу ваша декъашна тIевига а ца лиъна.
– Хьо дукха-м цa Ia?
– Къайсаре вист а хилла, схьавогIу.
Йуьстахлаьттачу ворданна уллошхула тIехволуш, царна тIехь вертанаш кIел Іохкучу декъийн когаш гира Iумарна. Лакхеш дIахьулйинера тIетесначу вертанаша. Йуьйцинчу кертах тевжина лаьтта Къайсар, куьг ластийна, шена тIевийхира цо.
– XIун ду йуьртахь? – хаьттира Къайсара, ша тIекхоччушехь.
– Салтий бац. Асхьад коьртехь масех милцо ву, боху.
Къайсара хIумма а ца элира. Iумар, цхьаъ-м ала ца хIуттуш, нуьйрахь меттахъхьайра.
– Хьуна хIун лаьара?
– НанагIар бу, боху, дукъахь. Со цига ваха мегий?
Къайсара корта таIийра.
– ДІагIо. Ас хьайга кхайккхалц, йуха а ма гIерта.
Iаьрчхин кIоргачу боьра чу а воьссина, дехьа агIон тIе хьалаваьлла ши ваша, масех ирзо а, боьлак17
a хaдийна, Шал-Дукъан хьаннашка ваьлча, регIа тIехула малх гIеттира. Амма цуьнан зIaьнарш ца кхочура попан хьаннаш йуккъе, ши-кхо де хьалха дилхинчу догIано тIадийначу хьаннийн кIелош хIинца а йакъайалаза йара. Iуьйранна самадаьлла Iалам жигара болх бан долaделира. Гергахь адам хааделла акхарой йуьстахъуьдура, дайн татанаш а деш. Наггахь таллархо воцург, аддам а ца кхочура кхуза. Ца гоpa цхьаннахьа а дагаран лар а. Амма къанделла хирцина зоьртала пепнаш Іохкура массанхьа а.Йуьхьанца ворданан готтачу, тIаккха гIашлойн новкъа дIавахана Iумар а, Iусман а, кIоргачу Iин чу а воьссина, хинна дуьхьал хьалаволавелира.
Iинан ши берд тIеттIабеана гaтйеллачу мeттигна тIекхочуш, говp a cацайайтина, бага ши пӀелг боьллина, шок туьйхира Іусмана. Цуьнан цIогIа хьуьна чохь дайна а далале, ишттачу шакаран жоп дeара дуьхьал.
– Мохьмад ву иза, – элира Іусмана.
Берд готтачохь дуьхь-дуьхьал гIоьртина тхов бина кхозучу гаьннашна кIелхьахула дIахьаьжча, масех тоьла гира Іумарна. Царах цхьанна хьалха хIетта латийначу цIеран кIур бара нийсса ирх оьхуш.
– Ba-а, Iуми вогIу, Іуми вогIу! – воккхаверан мохь белира лакха тIехь хьуьна чохь.
Бердан басахула лелхаш, хехкалуш чувоьссина, ведда тIевеана Мохьмад, говраxь волчу Iумаран настарх хьаьрчира.
Мохьмадан мохь хезча, тоьланаш чуьрий, хьуьна чуьрий схьа маьI-маьIIера гучудуьйлура адамаш. ЦІера уллохь, схьанехьа букъ берзийна, кхача кечбеш хиъна Іен зуда, хьала а гIеттина, схьахьаьжна, чурт санна, йогIайелла сeцира.