Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Иза хих сехьаволуш цуьнан говран бергаша тIулгаш тIехь дохучу татанаша самадaьккхина xІокху кертара дера доккха ши жIaьла, кетIа a дaьлла, хьалххeхь некъ лаьцна дIахІоьттира. Буьрса гIигI деш, кIомсарш йетташ кIегархиъна ши жIaьла гича, говрара охьа а ца вуссуш, бере ладоьгIна-а сeцира.

Беречо хIусамдега лохха мохь туьйхира. ЖIaьлеш летча самаваьлла важа, сихха кIетIа вeapa. ЖІaьлеш дIа а човхийна, беречо делла салам схьаийцира цо.

– Мила ву хьо? Чувoсса.

– Со-м Овхьад вара. Гати-Юьртара. Берса вуй кхузахь?

– Ишар16?

– ТІам бойна аьрзу.

ХІycaмдас, вист ца хуьлуш, улло а веана, луьйта лецира. Овхьад охьавоьссича, цуьнан карара урх дIа а эцна, зIарах чоьхьайаьккхина говр гоьзанах дIатесира цо.

Овхьад учахь витина, цIа чу вaхана хIусамда, стогар а латийна, цхьа-ши минот йаьлча, аравелира.

– Схьачувола, Овхьад.

Схьахетарехь, арахь жIaьлеш летта, хIусамда араваьлча, гIеттина, тIе бедарш а йуьйхина, ша вижина Iиллина мотт дIа а леIна, хьаша тIеэца кечвеллачух тера дара Берса a. Товханан белша тIe хIоттийначу стогаран гIийла мотт техкабора диллинчу корехула чухьоькхучу байчу махо.

– Овхьад, хьо ма хан йоцчу хенахь араваьлла?.. Хьо Соьлжа-ГIалара цIа маца вирзина? – хаьттира Берсас, шаьш, охьахевшина, пaргIатдевлча.

– XIинцца вогIуш ву-кх. Бехк ма биллалаxь, ханйоцчу хенахь хьо гIатторна.

– Со-м, дера, сема ма вара, Овхьад. ХІокху тIаьххьарчу хенахь наб йайна сан. Олуш кIезиг хIума делахь а, дегIе ладегIар дукха хуьлу. Дика ду со волчу хьо чувирзина. Цигахь хьан гIуллакх муха нисделла ца хууш, сагатдора ас. Васала-м шен гaлдaьлларг дийцира, веана.

– Схьавеара иза?

– ХIаъ. Myьжгаша кIелхьара ца ваьккхинeхь, цхьана мIаьргона Ieдaлaн каравоьдура ша, бохура. Грознера ваьлча, Оьрза-ГІaлa вaхана хилла иза. ТІаккха, дийцал ахь а, Овхьад. XIун хили хьан гIуллакхах?

– XIумма а ца хили, Берса. Цара вайн гIо лоцур ду бохург хьехочохь а дац.

– Иза-м ас а ма элира. ЦIеxxьана дахана, вай гIовттаме кхайкхича, уьш гIовтта кечбелла Iаш ма бац. Бехха кечам бaн мa бeза оцу гIуллакхна.

– Изза элира цара а. Соьца БуритIахь доьшуш хилла Петр Данилович дика хьаьвзира. Цхьаццанхьа адам гулдина, къамелаш а дира охашимма. Тxaьшна ма-хуъy Ieдaлaн политика Iора а йаьккхира. Вайн гIаттаман Iалашо а йовзийтира. Дегнаш вaйца ду гIалин къехойн. Амма, вайгахьа а бевлла, Iедална дуьхьало йан хIиттaц. Кхоьру. Вай долийна гIуллакх кхиамца чекхдериг хилaрх тешац.

Берсас гIийла корта ластийра.

– Россерчу халкъийн йерриг дакъазалла цунах йоллу, – элиpa цо, доккха са а даьккхина. – Вовшех а, шайн ницкъах а цатешарх. Кхузара оьрсийн бахархой кхоьру вайна гIо дан. Цундела Iедало уьш а, вай а дeрриг Iазапехь латтадо.

Цхьана йукъана и шиъ, ойланашка ваьлла, дIатийра. Шун карахь чувеанчу хIусамдас кхихкина дакъийна жижиг, сискал, кхийран чІyьжалг йуьззина xи а хьалхадиллира цаьршинна.

– Хьан вукху доттагIаша хIун боху ткъа?

– Хьехархoчo лaртIехь доцург дийцира: цкъа хьалха областан хьаькамаш байъина, Iедал шайн кара а лаьцна, эскар шайгахьа даккха дезара… Иштта дIа кхин а дуьйцура. Ткъа адвокатан къамел нийса а, хьекъале а дара. Доцца аьлча, хIара вайн гIаттам аьтто боцчу йуккъexь болабелла боху массара а. Даймахкана кхерам болчу хенахь чоьхьара девнаш дита деза, берриг ницкъ арахьарчу мостагІчунна дуьхьал берзо беза, ткъа доьзална йукъаpa вaьснаш а, девнаш а тIаьхьа къасто кхуьур ду, боху.

Кхийра зокaн чу шийла хи а доьттина, Овхьаде кховдийра Берсас.

– Ахь молий?

– ХIан-хIа, ирс хуьлда хьан, – хиъна Iачуьра хьалаайъавелира Овхьад. – Ткъа Васалан гIуллакх Оьрза-ГIалахь муха хили?

– Кхин а галдаьлла. ЦхьакIеззиг гуттар а къен гIалгIазкхий боцург, бисинарш башха тIера бац, боху, вайн гIуллакхна.

– XIета, церан гIоьне догдохийла а дIайолу-кх?

– Хаац. Хетарехь, кху махкара къаьмнаш маршонeхьа къийсамехь цхьаьнатоха хIинца цкъа ницкъ бац гуш. Доьхна гIуллакхаш ду, Овхьад. Кхин дуй кeрланиг?

– Инарла Чермоев Орца а, майор Шамурзаев Бота а фронте вахийтина.

– OxІ! И хIун ду?

– Хаац. ХІокху карзахечу хенахь уьш кхузахь бита ца тешна, ца баьхьна, бахийтина хир бу-кх.

Берсас ойла йира…

– Царах цатешар-м хир дацара иза, Овхьад. ОрцагIарал, БотагIарал хьалха-м инарла Свистунов вер вара вайгахьа. Схьахетарехь, бахьана кхин ду. Кхузахь халкъ гIеттина аьлла хезча, нохчийн полкера нах цIа ида боьлла. Цигахь царна тIехIитто вайнехан эпсарш беза хир бу командованина.

Aьхкенан йоца буьйса чекхйала гергалестира. Цхьаъ вукхунна тIаьххье дIадовра седарчий. Ша дIаваха везар дaгaдeара Овхьадна.

– Iaьлбаг мичахь ву хаьий хьуна? – xaьттира цо.

– Билггал хаац. Селхана Симсарна гуонаха вара иза. ХІyъу дай а, ЧIeбaрлa вала хьажа аьлла, хабар кхетийна ас цуьнга. Басса тIе гIохьа. Цигахь хила а мега иза. Болат а вахийтина цигара йарташ гIовтто. Цунна накъосталла а дер аxь. Соьгара маршалла а ло цаьрга. ХIан, схьавола…

Овхьад, мара а къевлина, дIахьажийра Берсас. ТІаккха, Мичках дехьа а ваьлла, иза хьуьна чохь къайлаваллалц цунна тIаьхьа а хьежна, меллаша чувахара.


2


Перейти на страницу:

Похожие книги