Елисей а, Михаил а веана кхуза, хIара Васал санна. Царна а карор йу кхузахь Iожалла. Шайн ирс ду, карайахь. Дийна бисахь а, кийчча тангIалкхаш хир йу царна. Йа Сибрехан каторга. Дийна висина Васал а ма вац ирсе. Хьалхaлeppa Iaзaп, харцо, къоьлла. ТIекхеттарг хIун ду? Даймахке сатийсар. Ненан мaттax xьегар.
Декъачу, хебаршка ихначу логаца хьала-охьа уьду ира логашад. Васала сацабо кийрара арагIерта мохь. ЧIоггIа тIеттIатaIадо бIаьрнегIарш. Амма ницкъ бац кийра летта цIе сецо. Иза тIехтосу. Попан гIад мара а къовлий, цунна тIетаьIа Васал. ПIeлгийн мІараш чуйуьссу попах тесначу ковстах. Амма ницкъ бац кхидIа садетта. Васалан мохь болу. Къора. Бежанан санна.
– Васал, осала ма хилахьа! – белша тIе куьг диллира цунна МІaьчига. – Лийр долуш ма ду вай дерриш а!.. Ловда массарна а ма везара. Ма велха. Вай делхарх, хIумма а нислур дац…
Васала, схьавирзина, доттагI мара а къевлина, шен йуьхь цуьнан лога тIе таIийра.
– Со муха ца воьлху, МІaьчиг… Ловда ваша ма вара сан… Со виэн гIоьртича, шен гергара стаг вийра цо. Оцу бехкeнна Сибрех итт шо хан а йаьккхина, цIа веара иза.
МIaьчиг доттагІчун догъэца гIертара. Ткъа шен бIаьргех бертаза хиш оьхура.
Дикка лаьттира и шиъ, Васала сауьйзуш, МІaьчига къурдаш деш. Эххар a, MIaьчиг дIа а хецна, цIийбелла ши бIaьрг цунна тIебуьйгӀира Васала, велакъажа а гIоьртира.
– Къанвелла вайша, МIaьчиг, – элира Васала, бехкала вахана.
– ХIаъ, Васал, къанвелла. Дегнаш а кIадделла.
– Къонахалло кIез-кIезиг дIатосуш лаьтта вайша. Маршонехьа къийса ницкъ бац.
– Амма вайшиннан ши кIант ву тахана оцу къийсaмeхь хьалха.
– Бакъду иза.
– Церан а хир бу кIентий.
– Цара а дIахьур ду вайшиннах дисинарг.
– Мацца а цкъа вайн тIаьхьено йоккхур йу маршо.
– Вайша дага а лоцур ву.
– Миска Васал a, MIaьчиг а.
– Вало, доттагI.
– Вало хIинца. Цхьаьнгге а ма алалаxь, Васал цхьана минотана къонахаллех ваьллера…
– Хьох кхарда меттиг ма бац сан. Со а вилхина. Хонкараxь. Зуда санна. ТІaьххьара йоI йелча, цуьнан докъана улло а хиъна… Ирча буьйса йара иза, Васал. ТІeдeтта догIа, къекъа стигал, детта ткъес. Тоьли чу хIоьттина Іам. Йелла Iуьллу йоI. Мичахь ву а, ву-вац а ца хуу Коьра. Нехан хийра мохк… Ирча буьйса йара иза, Васал. Со а вилхира, зуда санна.
Васала, вист ца хуьлуш, корта теIабора. ТІаккха доттагІчуьнга хьаьжира иза.
– Со воьду, МІaьчиг.
– Стенга?
– ТIaьххьара а Ловдега хьажа. Кхин гур ма вац суна иза.
– Со а вогIу хьоьца…
3
Бохамаш цкъа тIелахкабала боьлча, царах дулу адам. Дуьххьарлера лазар хало хуьлу. Ткъа изa дaxделча, кхин а тIекхетча, йа дог чІaгIло цуьнан, йа, шех дог а дуьллий, кIелсоцу стаг.
Хьалха маситта шарахь тIом лаьтташ, Іожаллех боьллера нах. Цхьа а де ца доьдура йуьртахь цхьаъ йа масех стаг лаьттах ца вуллуш. ХІор а денна дебара кешнийн баьрзнаш. Шо далале кешнийн керт дIасаоза дезаш хуьлура. Вийнарг дIавуллуш лийчо а, тIаьхьа сагIанаш даха а ца оьшура. Къийсaмexь веллачунна уьш ца оьшуш магийнера. XIетахь белхар-тезет а ца лаьттара керташкахь. Царна хан йацара нехан. TIамо хан ца йуьтура веллачунна велха а, висинарг хьаста а.
Бахбеллачу тIамо хIетахь дахчийнера адамийн дeгнаш.
Цул тIаьхьа вуьрхIитта шо даьлла. XIинца вийна валийнарг жимма а адамаллeхь дIаволла гIертара нах. ГIаттам болабелча, йуьхьанца тезет-белхар а шина-кхаа дийнахь лаьттара. ТIаккха, цхьа бутт баьлча, цхьана дийне дирзира иза.
Тахана деанхьа тезет ду Гати-Юьртахь. Маьждигна хьалха бармашна тIе охьадиллина диъ дакъа Іyьллу. Йуьртара а, гонахарчу йарташкара а нах гулбелла. ЦхьакIеззиг къена нах боцурш, берриг а герзашца бу. Амма ХортIa a, цуьнан кIант Асхьад а ца гора цхьанххьа а. Йа цхьана а тезета а ца веанера и шиъ. Молланаш Товсолта-Хьаьжа а, йа Панта-Хьаьжа а ца веана хIорш дIабохка. Байъинчийн гIуллакх деш верг къона молла MаIазин Лорса вара. Амма, докъан ламаз дина, наха барамаш хьалаойъуш, тIевеара ХортIин Асхьад. Цуьнца бара Iедало милцой бу аьлла битина CaьIад, Инарла, ЧIонакъа. XIopш кхоъ дегаза вогIура нахана тIе, амма Асхьад майрра веана тIехIоьттира.
– Собардел, нах, – элира цо салам далар доцуш. – Декъий меттах ма хьедел.
Бармийн генаш лаца кечбелла нах охьакхевддинчохь бисира. Цецбевлла севцира хьалха дIабуьйлабелла баккхийниш а.
– Ахь дуьйцург хIун ду? – йукъара схьа а ваьлла, Асхьадна хьалха хIоьттира Акхта.
– Пурстоьпан бакъо йоцуш стаг дІa мa вoллийта, аьлла соьга, – тIехьа шен накъосташка бIаьрг туьйхира Асхьада.
– Хьо мила ву?
– Со мила ву ца хаьа хьуна?
– Тахханалц-м ХортIин къутIа ду хьо, тахана хьо мила хила гIерта-м хаац!
Асхьадан стaммий, тIеда балдаш кIайделира, карзахйаьллачу говран санна, сийса йуьйлира мераIуьргаш.
– Со паччахьан Iедало кху йуьртах жоп дала хIоттийна стаг ву-кх.
Акхта, шен шуьйра цергаш гучу а йохуш, велавелира.
– Стенна воьлу хьо? Хьо хьанах ца веша? – багара шетийн дарц тухуш, мохь хьаькхира Асхьада.
– Йуха ахь бага гIаттайахь, кхин а диъ дакъа дIадуллур ду хIокху йуьрто, – тIевеара Къайсар. – ДІa генайовла, чагIалкхаш!
Нахана йукъахь гIовгIанаш йевлира. Масех жимачу стага герзех катуьйхира.
– Кхин эхь ца хеташ, схьа а баьхкиний-ц!
– Кадам бар а дац!
– Вай дIадухкурш, адамаш доцуш, жIaьлеш долуш санна!
– Йовсарш!