– Наха ца боху, хьо маршонан гIуллакхна гIеттина, – элира Дадас, ларлуш.
– XIун боху цара?
– Хьо туркошна дешех вохкавелла, церан гIуллакх айъина лела, боху.
– Муьлш бу и нах?
– Macco йартийн маьждигаш чохь кхайкхадо иза…
– Моллaнaший? Оцу заддаший? XIинца хии суна хьо мича гIeрта! Хьо а теша-кх царах? Теша-кхий ткъа! Тешаш ца хилча, дуьйцур ма дацара ахь! Шаьш санна, кIилло ву моьтту шуна массо а? Муьлш бу и хабарш дуьйцурш? Йамарт жIaьлеш! Шайн халкъах хаьдда заддаш! Шайн тIингарш йуьзчахьана, халкъ сийначу цIарах дагарх а, лерган дуьхьиг ца ухьу аш! Йухаверза ший а. Со ца вогIу ала инарле, шаьшшимма сох дош ца ло ала. Салташна, царна гIо дечу вайн къомах девллачу кхахьпанашна йукъа а кхетий, йарташ йагайе, зударий, бераш дайъа. ТІаккха инaрлaс гечдийр ду шуьшинна. Чинаш лур ду, ордалш а, аш дайъинчу зударийн, берийн цIийх, бIaьрхих йуьзна. Суна гучуьра дIавала ший а!
Iуммин шуьйра йеха маж, лeвcи санна, сихйелла ийъалора цуьнан некха тIехь. ЦІийбеллера буьрса ши бIаьрг.
– Со цIа ваха веана вац, Ами, – элира Шемала. – Ахь дийрриг дан веана. Хьох ваьлла, ваха меттиг бац сан.
Дада ша волччохь лаьттара, ши бIaьрг лаьтта а боьгIна. ХІaра хьалххе гуш дара цунна. Дика вевзара да а, ваша a. Ткъа Мовсар а ву къаьрззина цуьнга хьоьжуш. Цуьнгарчу жоьпе ладоьгIуш. Йуханехьа вахча, дех а, вешеx а волу. Царах ваьлла а ца Іа. Халкъах а къаьста. ТІаккха къеначу лаьмнаша а нажжаз вийр ву иза…
Дада Мовcape хьаьжира. Дехарций, бехкбаккхарций хьоьжуpa цуьнга кIентан бIаьргаш.
ТІe a вaхана, вешин кIант маравоьллира цо…
Зударий – халкъан деган хьехам,
цуьнан доьнaллин хьоста ду.
Джек Коун
1
Шен бIaьхошца бахархошна хало ца йан, денош йочане ца хилча, наггахь бен йарташкахь ца соцура Iаьлбаг. Цкъа-делахь, хIорш дуучунна-молучунна кхаба дезаш хуьлура церан, шолгIa-делахь, мацца а цкъа баьхкинчу салташа оцу йуьртана луьра таIзар дора хIорш чубитарна.
Тахана шен жимачу бIоца ГIамар-Дукъахь сeцнера Iaьлбаг. Бердан йисттехь, боккхачу ножа кIел сийначу бай тIехь аркъал а тевжина, Іyьллура иза. Дагна там беш, зезагийн а, сийначу гIан а хьожа йара хIокху лакхенан цIена хIаваъ дуьзна. Нийсса дуьхьал гора, сирачу кортош тIе мархийн месала куйнаш а техкина, тийна, буьрса лаьтта нохчийн лаьмнаш. Церан когашкахь йаьржина Іохку Басса тIера йарташ. Хьалха кIел, Хулхулона йистехь, шерачу экъан тIехь Веданан гIап а Iуьллу.
Цигахь лаьтта даим а паччахьан Iедалан Нохчмахкахь болу коьрта ницкъаш.
Ткъа гуонаха, йерриг Нохчмахка этIош, дина кхин кегийра баннаш а ду. Цигахь даим дIа эскарш лаьтта. Массо йуьртана тIе йаккхийчу тоьпийн йуьхьигаш а йоьгIна. Нохчийн хIор а итт йуьртана цхьацца гIап кхочу. ХIор а итт сина – цхьацца салти. Царал сов, герзаца кечйина ткъех станица а йу. Оцу шинахьарчарна а гIо дан массо хенахь кийчча лаьтташ нохчийн къомах схьабевлла эпсарш, совдегарш, динан дай, кхин цхьацца кег-мерса йовсарш а йу. Цаьрца массаьрца а ларор вуй-те Iаьлбаг?
Іaьлбагна жимма дехьо, верта а даржийна, хьалха дехкинчу кехаташна тIе а вогIавелла, бертал Iyьллу Коьра. Iаьлбага сацамбина Веданнa тoхар дан. Паччахьан Іeдaлaн кхузара и коьрта бен бохо. Оцу тохаран план хIоттош ву Коьра.
Дехьо попа кIел, цхьаъ-м къyьйсуш, гIовгIа йо Къайсара а, Къосама а, Сулимана a. Iaьлбага ладугIу. Іумма хьехаво цара. Сулиман тIетаьIIина луьйш ву Іуммина. Къосама бехказвоху, ткъа Къайсар маслаIат дан гIерта.
Iaьлбага, бIaьргаш тIе куьг хьоькхуш, къехкайо тIетеIа наб. XIинцца цхьаъ хоттур ду Коьрас. Дика доттагI а, хьекъале хьехамча а ву Коьра. Массо а операци цуьнан планаца йо Iаьлбага. Уьш кхиамза чекхйовлар Коьрин бехк бац. Майра а бу, къонахий а бу Іaьлбаган къона бIaьхой, амма тIамехь бахчабелла бац. Ткъа мостагІчун низам а, тIеман говзалла а, керла герз а ду.
ХІокху гIаттаман оьмар йахйинарг дуьххьалдIа адамийн Iедале цабезам а, гIаттаман куьйгалхойн майралла а йара. ХIорш дIакхаьчнначохь хIокхарна тIаьхьахIуьтту Iедало чIанабаьхна нах. ХIара цхьа Ведана а, Эрсана а йоцург, йерриг Нохчмахка гIовттамхойн караxь йу. ЧIебарлахь а цIе йаьлла. Аре гIатто ойла хилла, Сулиман Гуьмсехьа а хьажийна, ша Шелахула Мичка тIе вахара Іaьлбаг. И йарташ шегахьа совцо ницкъ-м ца кхечира цуьнан, вуьшта, хьалха санна, Іедалх кхерайелла, цунна дуьхьал а ца йевлира уьш.