Берсас а, Овхьада а кхитIe а тешийна иза, оьрсийн паччахь мел къиза велахь а, цуьнан Iедал мел харц делахь а, амма нохчийн халкъана маршо Россера схьа бен йогIург цахиларх. Россехь цхьа адамаш ду, боху, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а маршонeхьа къyьйсуш. Мацца хилла а, церан ойланаш кхочуш хир йу, боху. Церан Iилма хаа деза, боху, маршонехьа къyьйсучу хIор а стагана. Цундела оьшу Коьрина оьрсийн мотт. Елисейн а, Овхьадан а гIоьнца гIеххьа къамел дан а, деша а, йаздан а Iемина цунна.
Да вийчахьана, волчунна тIе а ойлане хуьлура Коьра. Церан цIийнах хIара цхьаъ бен ца висина. ХІокхуьнан гIуллакх а дац тешаме. Тахана йа кхана тIамехь Коьра вийча, кIур бoв церан цIийнан. Турцехь а зуда ца йалийра Коьрас. И санначу цхьаболчу нохчийн эпсарша туркойн зударий балийра. Туркойн Iедалан шайх тешам хилийта. ГIуллакхexь лакхабовла. Коьрас ца дира иза, йа нохчийн зуда а ца йалийра. Цуьнан ойла ма йацара цигахь виса. Цуьнан са диллинадIа хIокху лаьмнашкахь мa дара.
Коьрас бIaьргаш биллира:
– Элса!
– XIун бах ахь?
– Шемалан заманахь бIeннaш салтий а, эпсарш а бевлира ламанхошкахьа. XIинца хьо цхьаъ бен мa вaц тхоьца?
Элсас доккха садаьккхира.
– Шух доглозурш а, шуьца хила луурш а салташна йукъахь дуккха а, дера, бара бан-м. ХIара гIаттам болабеллачу хьалхарчу деношкахь цхьана буса тхо кхоъ салти велира шуьгахьа. Цул тIаьхьа массанхьа а эпсарша бIаьрг сема латтабо салташна тIexь.
Коьра дикка ойла йеш Iийра.
– ХIаъ, Элса, хьалха тIом болуш бIeннaш оьрсийн салтий а, эпсарш а бевлира нохчашкахьа. Тхан халкъан маршонехьа къyьйсуш леташ, турпала ийгира уьш. Шен ницкъ кхаьчча, тхан халкъо, дийнна тIулган лам санна, доккха чурт дугIур дара оцу салтийн безамна, тхох дог мел лезначу оьрсичун безамна. Уьш бицбелла бац халкъана, цкъа а бицлур а бац, дуьненахь цхьа нохчо дийна мел ву.
– XIета, оцу салташа шаьш доьгІна шайна дагалецаман чурт.
– ХIаъа, Элса. И чурт нохчийн халкъ ша ду. Дийна чурт.
Чувеанчу Овхьада йукъахдaьккхира цаьршиннан къамел. Овхьадан ваша вийнера Васала a, MIaьчига а. Бакъду, цхьанне а ца хаьара Асхьад муьлхачун карах велла. Нохчийн гIиллакхeхь Овхьада чIир эца йезара Коьрех йа Юсупах. Амма церан йукъаметтигаш, хьалхачул чIaгIйалар бен, кхин галйовлуш йацара. Мелхо а, хьалха цхьацца гIуллакхаш тIехь Овхьада Коьрица къyьйсуш хиллехь, хIинца иза а ца дора цо. Коьрина кхин дагадарна кхоьрура. Асхьад вийначул тIaьхьа цхьа хан йаьхьира Коьрас ийзалуш. Кхерар а дацара иза. ДуьххьалдIа гIиллакхе ца хетара цуьнца, хьалха санна, хецавелла хила. Коьрин дагахь дерг хуучу Овхьада, цкъа шаьшшиъ цхьа висча, доцца къамел дира цуьнга.
– Коьра, хьан дагара шера хаьа суна. Хьанний, Юсупанний дайша ваша вийна сан. Вайн йукъарчу гIуллакхан мостагI вара сан ваша. МIaьчига а, Васала а шайн декхар кхочушдина. Хаалаxь, вайн йукъаметтигаш хьалхачул а чIогIа а, дика а хила йезийла.
Ша цунах мел тешахь а, Овхьад гучуваьлча, мелла а вухура Коьра. XIинца а Елисейца цуьнан къамел хадаран бахьана и дара.
– ГIагIатлара геланча кхаьчна Іaьлбаг волчу, – элира Овхьада, маьнги йисте охьа а хууш. – Хьо дIакхойкху.
– Хьо сxьa мaцa кxaьчна, Овхьад?
– Цхьа ах сахьт хьалха.
– Керла кхин хIун деана ахь?
– Диканиг дац цхьа a. Iуммин гIуллакх чекхдаьлла. КІеззиг нахаца ДегIастана дIаваханa иза. Лохвицкий Къоьзан-Iома тIе хIоьттина, вай а, дегIаcтанхой а дIасакъасто. Смекалов коьртачу ницкъаца Бена кIел вoгIу. Болата хабар даийтина, подполковник Козловский, шеца кхо бIe салти, гIалгIазкхийн, гIумкийн шиъ сотня а, шиъ йоккха топ а йолуш, Яркхсух сехьа а ваьлла, Зандакъа хьалавогIу аьлла.
Овхьадан хаамаш боцца тетрада тIе дIайазбира Коьрас.
– Гати-Юьртара хабар дуй? – xaьттира цо.
– Керланиг дац. Инарле Свистуновга кехаташ дохьуш вогIу ши геланча лаьцна Бенахь.
– Мичахь ду уьш?
– Iaьлбагеxь. Вайца дерг сихха чекх а даккхий, Смекаловга ДегIастана гIо, боху. Цигара гIаттам хьошуш гIо дан.
2
…Шемалан деспотически имамат йоьжначул тIаьхьа Iазапан шина дукъа кIел нисделира ДегIастанара халкъаш. Кху тIаьххьарчу берхIитта шарахь кхузахь масех кегийра гIовттамаш хилира феодальни а, колониальни а Iазапна дуьхьал. Амма ханийн а, бекийн а тIаьхьенаш а, динaн дaй а йукъа ца гIертара халкъан гIуллакхна. Цкъа-делахь, йуьхьанца цара сатуьйсура паччахьерчу дикане, шолгIa-делахь, и кегийра гIовттамаш цхьа а тІaьхьало йоцуш гора царна. Шайн сахьт гира царна, Россин а, Турцин а йукъаметтигаш галйийла йоьлча. Цкъа-делахь, къизачу Iазапна кIел доллучу халкъан собар кхачийнера, шолгIа-делахь, туркоша дош деллера шина пачхьалкхана йукъахь тIом болабелча хIорш гIовттахь, массо агIop a xIoкхеран гIо лаца. Цунна йукъара вара Стамбулеxь веxаш волу туркойн эскаран инарла Шемалан ГIеза-Махьма.