ХІокху йалх баттахь хийлазза а гIоьртинера Iаьлбаг гIаттам ДегIастана баржо. Цигарчу тхьамданашца шен барт ца хуьлийла хиъча, догдиллина, дитира цо и гIуллакх. XIинца цуьнан аьтто бара ша сатийсинарг кхочушдан. Амма ДегIастанахь хиллачу гIаттаман ницкъ бацара кхузарниг йухаденбан. Изза хир ду дегIaстанхойчух а. Нагахь нохчийниг эха шаре баьллехь, ДегIастанарниг батте а бер бац.
– Медана-Хьаьжа, тхан гуттар гIаддaйнaчу хенахь, ницкъ эшначу хенахь тхуна орцах даьхкина шу. ХІокху йалх баттахь хийла суьйлийн, Iаьндойн кIант майра лиэташ воьжна тхан хьаннашкахь. Ас хьалха ма-аллара, соьца висинарг бIe cтaг бен вац. Кхин тIe тхан тоба стамлур йу ала меттиг а бац. Тхо бIe стагах хIун гIовла хир йу шуна? Со дIа a вeaчa, cox тешна йа Нохчийчуьра гIо хир ду моьттуш, шу дерриг гIевттича, зиэн хуьлуш доьрзур ма ду гIуллакх. Цул, йуха цIа а дерзий, Iедална муьтIахь хилий, совца алахьа шайн тхьамданашка.
– Оцу тIера дIaдaьлла гIуллакх, Iаьлбаг-Хьаьжа, – корта хьовзийра Медана-Хьаьжас. – Йуханeхьа некъ ца бисина тхуна. Тхан тхьамданашна хаьа Нохчийчуьра шайна гIо хир доцийла. Царна оьшург хьо ву, Iаьлбаг-Хьаьжа.
– Ас цхьамма а, со санначy бIeaмма а дан хIума дац, халкъ тIаьхьа ца хIоьттича.
– Иза кийча ду хьуна тIаьхьахIотта.
– Іaьндара иттех йурт халкъ дац, Медана-Хьаьжа.
– Йерриг ДегIаcтa мa гIеттина.
– ТIaьхьа ду хIинца.
– XIета, тхан гIаддaйнaчу хенахь тхо дIатуьйсу-кх аш?
– ХIан-хIа, Медана-Хьаьжа. Со дIавогIур ву. Амма, сайгара шуна гIо хир ду аьлла, вогIур вац. Шуна а ма мотталаш иза. Тхан гIaддaйначу хенахь тхуна орцах баьхкинчу тхайн а, шун а маршонехьа лиэташ беллачийн дуьхьа, шуна улло а хIоьттина, лата а, вала а вогIур ву со. Амма сайна луъург дан маьрша вац co, Медана-Xаьжа. Аш хIун олу? – накъосташна тIевирзира Iаьлбаг.
– Хьо бакъ лоь, Іaьлбаг-Хьаьжа.
– Ахь хIун олу, Коьра?
– Кхузара гIуллакх чекхдаьлла. Вайн йукъарчу гIуллакхан дуьхьа леташ бу дегIастанхой. ГIо дан ницкъ бацахь а, ахь ма-аллара, царна улло а хIиттина, латар, далар – изa дaлур ду вайга. Амма, кхузара гIуллакх дIа а тесна, дерриг цига даха йиш а йац. Вайша Іaьнда гIур ву, ткъа важа вайн накъостий кхузахь биса беза.
– Баркалла шуна, вежарий, – элира Медана-Хьаьжас. – XIинца тхан дегнаш паргIат ду-кх. Вай новкъа маца довлy хаа лаьара суна.
– Тховса цхьацца гIуллакхаш дIа а нисдина, кхана Іyьйранна.
Хьеший новкъа баха арабевлча, шен накъосташка суьйлийн маттахь масех дош элира Медана-Хьаьжас. Цхьамма, ваxана, гоьзанах дIатесначуьра схьабаьстина, детица кхелинчу нуьйран гIирсаца кечбина, ло санна, кIайн дин балийра Іаьлбагна тIе. Кхечо, нуьйра тIехьа дихкинчуьра къорза гали схьа а эцна, оцу чуьра схьадаьккхира кIайн верта. Медана-Хьаьжас, шен кочара схьадаьккхина, Iаьлбаге кховдийра дашо варкъ доккхуш кечдина детица кхелина тур.
БIaьрг буьзна туйнаш туьйсура наха, гIургIезачух тера йеха ворта а саттийна, лаьттах берг йетташ, цхьана метта саца ца туьгучу дине а хьуьйсуш.
– Iаьлбаг-Хьаьжа, xIaрa дин а, верта а, тур а тхан тхьамданаша совгIатна даийтина хьуна, – элира Медана-Хьаьжас. – Tхайн муьтIахьаллина, вайн бартан закъалтана хIорш дIаэцар доьху оха.
Медана-Хьаьжин дешнаша цецбаьхна, дIатийра нах. Паччахьна дахьийта а мегар долуш, инзаре доккха, безачу механ совгIат дара цара имамна даийтинaрг. Накъостий баккхийбера лулахоша хIара Iаьлбаг иштта веза ларарх.
Іaьлбага, тIе a вaхана, дайн куьг хьаькхира говран шерачу хьаьжа тIе. Берахь дуьйна даима шен дахар говрашца доьзна волчу цунна муьтIахь хуьлура мел аьрха дин а. Iаьлбаган куьг кхетча, говран дегIа тIехула дайн дeгoр хьаьдира.
– Делхьа бу, Медана-Хьаьжа, хIара дика дин. Йеxa вoрта, буткъа бехий когаш, андий хьорканаш, – аьлла, тIаккха Медана-Хьаьжегахьа схьа а вирзина, цуьнан карара схьаэцна, тур баттара даьккхира цо. Малxexь къегира хьаргIа басахь болат.
Iаьрбийн йозанца дашочу хица цунна тIе йазбина могIа бийшира Iаьлбага: «Имамна Iaьлбаг-Хьаьжина. Делера къинхетам а, эвлайаашкара орца а хуьлда хьуна!»
Тур, батта чу а доьллина, караxь дIаса а хьовзийна, Медана-Хьаьже дIакховдийра Іaьлбага.
– Даккхий совгIаташ ду хIорш, Медана-Хьаьжа. Шайн тхьамданашна баркалла ала сан цIарах. Царна со воккха къонах ву, моьттина, амма иза бакъ дац. Суна ца догIу иштта совгIат, дIахьо уьш.
Медана-Хьаьжа цецваьлла висира.
– Ахь дуьйцург хIун ду, ва Iаьлбаг-Хьаьжа?! ХIара-м берриг гIовттамхоша даийтина совгIат дай!
– Кхин ца дуьйцур вай. Суна догIуш совгIат мa дaц иза. Баркалла и схьадаийтинчарна а, схьадеанчу шуна а. Суна сайн дин а, герз а тоьуш ду.
– Ой, хIорш ахь йухадаийтича, халахетар ма ду царна! – воьхна хьаьвзира Медана-Хьаьжа. – Хьо везаш, хьо лоруш ма лелла тхан нах. Ахь куралла йина аьлла, дагадогIур ма ду царна.
– Куралла стенна хьехайо ахь, Медана-Хьаьжа? Куралла йан, вайгара хIун хьуьнар даьлла?
Хьешийн дехар Iаьлбага йухатоьхча, накъосташа а xьовзийра иза.
– Дера, гIиллакхехь-м дац иштта уьш дIахьовсо.
– СовгIат схьаоьцуш гIиллакх ма ду вайн ворхӀе дайшкара схьа.
– Цхьадерг мукъане а схьаэца.
Вела а велла, корта а хьовзийна, верта схьаийцира Iаьлбага.