Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Смекаловс дош делира Айсолтин дехар кхочушдан. ТIаккха цо дийцира Iаьлбаган туьпара хьал. Айсолтас дийцарехь, цуьнца ши бIe сoв стаг ву. Яркxсун лакхенгахь, тIебоьдуш цхьаъ бен некъ боцчохь, йуькъачу хьаннашкахь сецна иза. ХIара Iа цигахь даккха ойла йолуш, дуккха а йалтий, дакъийна жижиггий оьзна цо цига. Iаьлбагца ву Солтмурд, суьйлийн Раджаб-Iела, Тозуркъа, Къосам, Нурхьаьжа, ЯнгIулби, кхин тхьамданаш а.

– Уьш дерриг тхуна хууш ду, – хьесапе ца лерира Смекаловс айкхан хаамаш. – Иштта атта хьайн бехках кIелхьарвер вац хьо.

Амма Айсолта ца вуьйхира.

– Ас дийцинарг хаахь а, амма Iаьлбаган туьша тIе боьду некъ-м ца хаьа шуна, – толаме велакъежира иза. – Сан дехар аш кхочушдахь, ас церан букъа тIехьахула туьпа дуьгур ду шун эскар.

Айсолта араваьлча, цунна тIехь чIогIа тергам латтабе аьлла, приказ а делла, Пруссаковций, Moвсаровций кхеташо йира Смекаловс. Maceх шо дара капитан Пруссаков хIокху участкан пурстоп волу. Цунна дика девзара кхузара адамаш. Ткъа прапорщик Элби а вара тайпана бено.

– Айсолта хIокху Нохчмахкарчу уггар хьалдолчех ву, хьан локхалла, – элира Пруссаковс. – Цуьнан даккхий бахьанаш ду Iaьлбаг ца веза. Суна хетарехь, цо харцо йийр йац вайна. Мел дийцича а, шен цIока йеза йу цунна мятежникел.

– Айсолтех дош далалур ду соьга, хьан локхалла, – тIeтуьйхира Элбис а. – Цхьана ханна тилавелла леллехь а, иза вайн стaг ву.

Смекаловс тIаьххьара а сацам тIеийцира, командующин приказ цкъачунна тIаьхьа а теттина, цкъа Симсара экспедици йан. Делкъал тIаьхьа, меттиган топографически карта a Iaмийна, хьалха цигахь хиллачу эпсарех дага а ваьлла, суьйранна йоцца кхеташо а гулйина, шен план царна хьалхахIоттийра цо.

– ДегIаcтaнaxь xIоьттинчу хьоло кхузара коьрта ницкъаш цига дIабигарна тIетоьтту, – элира цо. – Амма, шен гIеранца Iаьлбаг букъа тIехьа а витина, ДегIастана дIагIойла а дац вайн. Iаьлбагца дерг кхана чекхдала деза. Мятежникаш чIагIбелла Дуьйран-Коьртехь, малхбузехьара схьа лома тIебогIу цхьаболу цхьа некъ къевлина цара, генна хьалха пикеташ а хIиттийна. Дуьххьал тIелетарх кхиам хир бац вайн. Цундела, ламанца дахана, мятежникийн букъа тIехьа а девлла, буьйсанна цIеххьана тIелата кхоъ колонна йахийта дезар ду. Хьалхарчу колоннин декхар хала а, жоьпалле а хиларна, иза вовшахтуху уггар майрачу, доьналла долчу шиъ ах бIe гIалгIазкхичух. Цунна коьрте хIоттаво старшина Рогожин, ткъа капитан Пруссаков – цунна гIоьнна. ШолгIa a, кхоалгIа а колоннаш вовшахтуху куринцех а, тенгинцех а. Церан командираш хIиттабо капитанаш Виноградов а, Шетихин а. ТIaьххьара а новкъайолучу колонни тIехь куьйгалладар тIедуьллу штабс-капитанна Наумовна. Хьалхара колонна новкъа йолу Iуьйранна диъ сахьт долуш. ТІaьхьарниш – шишша сахьт йукъа а долуьйтуш. ТІaьххьара кхyьй а колонна суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьртана гуобина хила йеза. Колоннаш цига дIакхачале ши сахьт хьалха подполковнико Козловскийс шен отрядца Симсарна дуьххьал тIелатар дийр ду, мятежникаш Iехо. Операци чекхйаллалц сема тергам латтабе лагерехь болчу туземцашна тIеxь.

– Хьан локхалла, сан отрядехь пaтaрмaш кIезго ду, – элира Рогожина.

– Сан отрядехь къаьркъа дац, – эккхийтира капитано Виноградовс. – ХІокху йочанашна кIел шелло салтий. ТІe, операце боьлхуш, церан жимма дог-ойла айъа а йезара.

– Иза а, важа а хуьлуьйтур ду, господа. ТІaьхьалонна дитина дерриг къаьркъа а, патармаш а, гулдай, операце боьлхучарна дIало. Операцexь гоьбевллачарна йала жIараш а йу кхана-лама схьакхочур йолуш. Кхин хеттарш дуй? Кханалера де тIаьххьара хила деза Iаьлбаган гIеранан. Диэхар ду господа эпсаршка. Варийлаш, цхьа мятежник а кIелхьара ма валийталаш. ТIe, салташка кхайкхаде, Iаьлбаган туьпахь гулйина дуккxa a xІонс йу алий.


2


Iаьнда вахар ца нисделлачу Іaьлбага догдиллира хIoкху шарахь кхиам хир бу бохучyx. Кхоччуш кIелйиснера Нохчмохк. Iа а дара гергагIерташ. Беркъа буxабеллачу гIовттамхойн ницкъ бацара Iaьнан шелонца къийсам латто. Вуьшта а, машаречу хенахь a aьтто бацара царах дукхахболчийн Iай йуьртара йуьрта баха а.

Ткъа Iа хIинццалчул а хьалхе тIегIертара. Хьаннашкахь Iадоккхур бохург хьехoчохь а дацара. ГIовттамхойх тIаьххьара бисинчех цхьакIеззигниш гена аренгарчу йарташка, цхьацца-шишша баьржаш, дIасабаьржира. Iаьлбагца висина ши бIe cтaг вала сецнера. Имамо бохуш хIумма а доццушеxь, цара шаьш дуйнаш биира тIаьххьара минот тIехIотталц къийса.

Хьал доьхна делахь а, деган кIоргеxь догдохийлаш йисинера. Iаьлбаг оцу шина бIe стагаца симсаройн хьаннашка йухавирзира. Цкъа ойла хилира цуьнан винчу йуьртахь Iа доккхуш саца. Амма иза кхераме дара. Кхуза некъаш шарделлера паччахьан эскаршна. ТIe, кхерошший, Iехошший, гIовттамхошна дуьхьалйаьхнера йуьхьанца массарел а доггах Iаьлбагна тIаьхьахIиттина хилла лулара aьккхийн а, суьйлийн а йарташ. Уьш-м хьовха, кхyзара даьттахой, чеччалхой, гeндaргaной а цхьаьна. Симсара церан гуонна йукъахь йара хIинца.

Кхерамна йуьстахо аьлла, Симсарахь ца соцуш, цунна къилба-малхбузехьа догIучу Яркхсун лакхенга а ваьлла, гонаха лекха тIулган бeрдаш долуш йуькъачу хьаннаша дIалаьцначу Дуьйран-Коьртeхь Іa дaккха сацамбинера цо.

Перейти на страницу:

Похожие книги