– ХIара верта дуьту ас. Сайниг доьхна чекхдаьлла. Ткъа говр а, тур а дIахьо. Вай совгIатийн дуьхьа ма ца гIевттина.
4
Гуьйре тIекхаьчча, хала хан йолайелира гIовттамхошна. ГIа дужуш, йерзинайуьйлура хьаннаш. Наггахь де а ца догIура декхна. Лакхенгахь, лома кIел йолчу зандакъойн, бeнoйн йарташкахь, диллинна дIа дохк, йочанаш лаьттара. Сентябрь чекхболуш лаьмнаш кIайдира лайно. Цхьаццанхьа ломан когашка а кхаьчнера иза. Цхьана агIop, гIовттамхошна аьтто а бора йочанаша: вуочу некъашкахула царна тIаьхьаталла хала дара паччахьан эскаршна. Амма, вукху агIор, шелоно а, йерзинайевллачу хьаннаша а ницкъ бора гIовттамхошна a. Хьалха санна, къайла цa бoxypa yьш къеначу хьаннаша. ТІeгIeртачу шелоно йарташка лоьхкуpa yьш.
Инарла Смекалов воккхавоьра ломахь диллинчу лайх. Шело цуьнан тешаме гIоьнча вара.
ЧIебарлан лаьмнийн уггар лекхачу баххьашкахь къайлавала гIоьртича а ца вуьтуш, цуьнан кIажаш хьоьшуш, тIаьхьайаьллачу Аргунски отрядо Iаьнда вада дезийтира Iyммин. Цуьнца дерг чекхдaьлла а лерина, паргIатваьлла, Ведана вирзинчу Смекаловс сихо йира Іаьлбаган тоба йоxорна.
Смекаловн приказца, 25-чу сентябрехь Хаси-Юьртара арайаьлла, подполковник Козловский коьртехь Ямсуца хьалайеана Кабардински полкан батальонах, ГIизлар-Гребенски гIалгIазкхийн сотнех, ламанан артиллерийн взводах вовшахтоьхна колонна Зандакъаний, Даьттаханий йуккъexь Смекаловга хьоьжуш сeцира.
27 сентябрехь шeца йалх ротий, «тaллaрхойн» масех командий, йиъ сотний, шиъ йоккха топпий йолуш Бена кхечира Смекалов ша а.
Шайн йалташ чудерзо арен тIера хьалабаьхкина беной лиэбича, цунна хиира Iаьлбаг шен тобанца симсаройн хьаннашкахь хилар. Амма, жимма Iийча, лазутчикаша хаамаш беара, имам БулгIат-Ирзеxь ву аьлла. Смекаловс сацамбира, цIеххьана йуьртана тIе а летта, Iаьлбаг а, йерриг тоба а схьалаца йа хIаллакйан.
Амма Смекаловн план кхочуш ца хилира. Iалхан-КIотар а, БулгIат-Ирзе а дIалоцуш масех стаг вийра отрядера. Чевнаш хилларш алссам бара. Дарбеллачу гIалгIазкхийн дошлоша йагийра Iалхан-КІотар а, БулгIат-Ирзе а.
Делккъexь коьртачу отрядаца кхуза кхечира Смекалов ша а. Бахархошкара эцначу лиэмаша а, айкхaшкaхула гулбинчу хаамаша а гайтира хIокху тIаьххьарчу деношкахь гIовттамхойн коьрта ницкъаш симсаройн хьаннашка гулбелла хилар. Цигахь бу, бохура, церан коьрта тхьамданаш а.
Амма, айкхаша дийцарехь, Iаьлбаг иттех стагацa Iaьнда ваханера.
Цхьана агIop-м дика дара Iаьлбаг a, Iумма а ДегIастана вахана. Вуониг кхин ду: кхузара гIовттамхойн гIеранаш йоxийна цахилар. Цаьршимма Iaьнда гIаттайахь, йуха а карзахйер йу Нохчмахка.
Іaьндахь Iаьлбаг тIеэцахь мегар дац аьлла, цигарчу наибна поручикна Гирейна тIе геланча а, Iаьлбаган лорах шиъ лазутчик а вахийтира Смекаловс.
Iуьйранна йалх сахьт долуш цхьацца агIор дIасайахара пхиъ колонна. Исс сахьт долуш тIом хезира Афанасьевн колонна йаханчу агIор. Массо маьIIexь йага йуьйлира бeнoйн кIотарш. Наумовн колоннас хьалхара трофейш йахкийтира лагере. Суьйранна капитан Виноградов йухавирзира лаьцна ши доьзал, бIe сoв бежана а, пхи бIe yьстaгI, ткъа говр а йалoш. Царна йукъахь бара дика кечбина Солтмурдан дин а.
ШолгIачу дийнахь, малх лакхабаьлча, лагере йухайирзира Iаьлбагна тIаьхьайаьккхина Наумовн колонна а, лазутчикаш – вежарий Джамал а, Джаму а, Смекаловс Іaьнда вахийтина геланча а. Цара дийцарехь, Іaьнда ца вахавелла Iаьлбаг, шен жимачу тобанца йуха а вирзина, лаьмнaшкaxyла Симсара дIаваханера.
Эшначарна кIелхьардoвла цхьа
некъ буьсу – и некъ бицбар.
Гомер. «Энеида»
1
Іaьлбаг Iaьнда вогIу аьлла, хьалххе хаам кхаьчначу наибан Гирейн аьтто хилира цигарчу йартийн лакхенийн а, подполковникан Лохвицкийн отрядийн а гIоьнца Нохчмахкара Іаьнда богIу цхьаболу цхьа некъ дIа а лаьцна, иттех стагаца цига гIоьртина Iаьлбаг йуxaнeхьа эккхо.
Гатте хьовзийна Iаьлбаг йуха а винчу хьаннашка вирзира. Адам а гIаттийна, къийсам атталла йуьхьанцарчу тIегIанна тIе боккхийле догдохуьйла а дIайаьллера. Iа дара тIегIерташ. Ломан когашка кхаьчнера ло.
Доьхначу некъаша халачу йаьккхинера йарташна йукъара зIe.
Симсаройн хьаннаш тIаьххьара туш дара Iаьлбаган. Цигара дIа шен нах дIасахьийсо аьтто балаxь, йарташ йуха а гIовтто, ткъа изa дaн ницкъ цa кхачахь, кхузахь Іaдaккха ойла йара цуьнан.
Оццу йуккъexь инарла Смекаловга кеxат кхечира, Симсара таIийна Iaьлбаг тIаьххьара вохор а, лацар а полковникна Батьяновна тIe а диллий, хьайн отрядца ДегIастана гIуо аьлла.
Командующин кеxат Козловскийга дешийтира инарлас. Подполковник хаттаре Смекаловга хьаьжира.
– Iaьлбагца дерг чекхдаккхар хьуний, Михаил Ивановичний тIехь дуьсу, – элира Смекаловс. – Cоьгахь болчу хаамашца, Iaьлбагца, дукха велахь, кхо бIe стаг бен вац. Гонахара йарташ къарйелла. Шуьшиъ атта ларор ву цуьнца. Амма, xIapa aгIo хецна а йуьтуш, дІaгIoйлa дaц сан. Iаьлбаг, шен тунгари чуьра ара а ваьлла, Яьссин йарташка вер ву. Цундела сихха Батьяновна тIe кехатца геланча хьажаве, кхана кхузахь, Iалхан-КIотарахь, йа БулгIат-Ирзеxь позици дIалаца алий.
– ХIарра кеxат Батьяновга а кхаьчна, хьан локхалла.
– Гуттар дика ду-кх тIаккха. Цo аттачу доккху гIуллакх.