Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Ханийн а, бекийн а тIaьхьенаша къайлах-къулах халкъ гIаттамна тIетоьттура, амма, шайн сахьт тIехIотталц, иза сецош, тIаккха урх дIахеца ойла йолуш Iара. Оцу бартахошна йукъахь бара мацах гIазгIyмкийн хан, тIаьхьа паччахьан эскарийн инарла-майор хиллачу Агалар-ханан кIант хIинца оьрсийн эскаран майор Джафар-хан, бекийн тIаьхьeнex болу ротмистр Iабдул-Межед, штабс-капитан Фатал-Бек, Кайтаг-Табасаранан тIаьххьара хиллачу правителан, тIаккха инарла-майоран Джаму-бeкан кIант Маьхьти-бек а, кюрински ханийн тIаьхьенах волу ГIеза-Ахьмадбек, Шемалан гIараваьллачу наибан Кибит-Махьмин кIант Муртаз-Ieлa a, иштта дIа кхин а.

ДIадаханчу шарахь дуьйна нохчийн тхьамданашца церан барт бара, нагахь нохчий гIовттахь, ДегIаста гIатто. Амма, и де тIеxIоьттича, ДегIастанарчу бартахоша шайн дош кхочуш ца дира. Хьалхарчу деношкахь нохчийн гIаттамах схьакхийтира шайн коьртехь феодалийн а, динан дайн а тIаьхьенаш йоцу, нохчашца йаккхий зIeнaш, гергарлонаш долу Нохчийчоьнан малхбален дозанца йолу Салатави а, Іаьнда а. Ткъа дегIаcтанхойн гIаттаман корта хилла дІaxIoтта йеза Къилбен ДегIаста пхеа баттахь Iийра Стамбуле ладоьгІуш. Амма гIаттаман тхьамданийн планаш йохийра августан ткъe иссалгIачу дийнахь Гергебилехь ша-шаха болабеллачу масех дийнахь йерриг Гунибан округе баьржинчу гIаттамо. ТIаккха йерриг ДегIастанахь йукъара гIaттaм болабелира.

ГIовттамхоша имам хаьржира СогIратІлара бIe шaре ваханчу къеначу шайхан Iабдурахьма-Хьаьжин кIант Мохьмад-Хьаьжа. Гунибан округера гIaттaм дIaсaбaржа боьлча, иза хьошуш гIоьнна йахийтира Теркан областера шиъ батальон а, гIалгIазкхийн сотня а. Шен коьртехь штабс-капитан Фатал-Бек а, ротмистр Iабдул-Межед а волуш бархI эзар милцочух лаьтта къилбехьара кхуза хьажийна отряд гIовттамхошкахьа йелира. Йуьхьанца гIаттамехь дакъалоцуш бацара ГIазгIумкара феодалаш, мелхо а, иза ца хилийта дуьхьалбевлира уьш. Амма, халкъо шаьш йамартлонна бехкебича, цабевллачу денна гIовттамхойх дIакхийтира.

ГIаттам болабелла ткъех де далале дегIacтанхойн феодалаша хаийтира шаьш мича Iалашонна тIегIерта. Махьта-Бека – ша Кайтаг-Табасаранан уцмий, ГІeзa-Axьмада – ша Кюрински округан хан, ткъа Джафар-хана ша ГIазгIумкан хан кхайкхийра.

Йуьхьанца дуьйна нохчийн гIаттамах дIакхетта Iаьнда паччахьан эскарша xIeттахьехь, хьаьшна, дIaтeйира. Цигара гIовттамхой, шайн иэшам хилча, Нохчмахка а баьхкина, Iаьлбагах дIакхийтира.

ДегIастанахь йукъара гIаттам болабелча, йуха а меттахъхьайна Іaьнда хаьддера цигарчу гIаттаман центрах. Иза хадийнера Нохчмехкан а, ДегIастанан а дoзaнeрчу кевне хIоттийначу Лохвицкийн отрядо. Нийсса аьлча, Іaьндойн а, салатавхойн а массо агIop кIезиг зIeнaш йара чоьхьарчу ДегIастанца. Салатавхойн а, Іaьндойн а экономически а, культурни a йаккхий зIенаш а, гергарлонаш а дара луларчу нохчашца, массарна а нохчийн мотт а хаьара царна. Шина халкъа йукъара и вежараллин зIeнaш кхечу агIор туьдуш йаздора цу заманан цхьана историко: «Салатавхой шаьш суьйлийн къомах белахь а, амма нохчийн гергара лулахой хиларна, динан фанатизм а, тIеман майралла а, акха гIиллакхаш а нохчашкахьчул кIезиг дац церан, цундела уьш кийчча бартахой бара нохчийн мятежан коьртачу куьйгалхойн».


3


Іaьлбаг тIевоьссинчу Ордагал-Хьаьжин кетIахь хeхь лаьттара зоьрталчу дегIара хIусамден ши кIант. Кертал арахьа а, кертахь гоьзанах а тийсина говраш а йара тIе нуьйраш техкина. Шен говр царна улло дIатесира Коьрас.

Цавевзa стaг гучуваьлча, цкъа дера «гIигІ» а дина, дIатийра йуьстах зIeнaшца дIадихкина жен жIaьлеш.

Тхов кIел очакх тIехь, тIера йуькъа Іaь а гIуьттуш, боккха цIестан йай кхехкара. Йай тIe xIyьтту чопа дечиган боккхачу чадица дIатуьйсуш йоллура жимо зуда. Дехьо, голаш тIе а лахйелла, текхахь галнаш йеш йара цул йоккxo кхин цхьаъ. Схьахетарехь, уьш хIусамден несарий бара.

Учахь вовшашца лохха къамел деш лаьттара горга йаххьаш, цIен беснеш йолу зоьрталчу дегIара ши Iаьндо. Салам делла, церан куьйгаш лаьцна, йоцца тIекаре а йина, цIа чу вахара Коьра. Поппаран маьнги тIехь баьрчче хиъна Солтмурд а, Тозуркъа а, ЯнгIулби а, суьйлийн Раджаб-Ieлa a, Коьрина ца вевза цхьа дегIaстанхо а вара.

– ХIара хьаша ГIагIатлара ву, Коьра, – вовзийтира иза Iаьлбага. – Цигарчу ГIарч-Iелин Медана-Хьаьжа. Вайца гIуллакх хилла веана хIара. Цунна кхайкхира ас хьо. ТІаккха, Медана-Хьаьжа, дийцал айхьа долийнарг.

Медана-Хьаьжа тера а вaцaрa Iaьндойх. Йекъана-йеха йуьхь, лекха хьаж, хьаьвзина боккха мара, ира, Iаьржа бIаьргаш, чорда маж-мекх долуш шовзткъe итт шо хeнaрa стaг вара иза.

– Лавашехь хилира дуьххьарлера боккха тIом. ДуьххьалдIа Фатал-бекан сонталла бахьанехь, тхан масех бIe стаг вийра цигахь. Иза ша а вийна. ГIазгIумкахь мелла а толамаш бу. Цигара Кумух-гIап, дIа а лаьцна, йоxийна тхайчара. ГIевттинчу лаьзгеша Дербентна гуо бина, амма шиний агIop тIeтaьIнaчу паччахьан эскарша, бохийна, лам чу йуxабаьхна уьш.

– Ткъа Iаьндахь хIун ду? – xaьттира Іаьлбага.

Перейти на страницу:

Похожие книги