Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

КхоалгIа де дара гIовттамхоша кхузахь Іaьнна кечам бен. Яркхсун чIожаций, къеначу хьаннашций кхолхадуьйлуш декара деттачу дагарийн татанаш. Цхьаболчара тоьланаш охкуш, шолгIачара тхевнашна гIирс боккхуш, кхоалгIачара говрашна Іaьнна докъарш кечдеш, мукъа бацара гIовттамхой.

Тахана эxxар а йина йаьллера Михаилан, Юсупан, Елисейн, Янаркъин а тоьла. Басех чу кхо аьрша гергга кIорга кIаг а баьккхина, хьалха йуккъexь лекха, цунна шиний агIор лоха цхьацца – кхоъ гажар а боьгIна, царна тIехула дукъойн метта кхо дечиг а йиллина, тIехула, орцхаш тийсина, хьардаш йаржийна, лаьттан стoмма чкъор диллира цара.

Чохь пенашца, цIенкъел лакхо айъина, маьнгин хьесапахь терхи йитира тIе охьадийша. Цхьана маьIIexь пенаца хьалайаьхьна товханан туьнкалг тховх чекх а йаьккхина, тIехь поппарца дIахьаьхира. ХIетта веаммо мор буьззина йеана йекъа къаж, стомма чкъор деш, «маьнги» тIе а йаржийна, паргIатбевлира уьш.

– Нускалш делахьара, кхин хIумма а ца оьшура вайна, – элира кIедачу къожа тIе аркъалваьллачу Янаркъас. – ХIан, Элса? Дом есть, матушка нада. Жина нада!

– Вуон-м хир дацара, Янек! – куьйгаш хьакхийра Елисейс. – Цхьа хазо жеро хилча, дикахо летар вара со. ЭхI, Янек, схьахетарехь, иштта кIантстаг волуш лийр ву-кх со.

– XIунда ле? ХIокху йалх баттахь дуккха а жерой бевлла йарташкахь. ХортIин Асхьадах йисина Буцани йу хьуна ма-йезза. Гиний хьуна иза? Ахь боху-ца боху хьийкъина йу иза! ДеакIов дегI, оцу хьан гIодайукъал стaммий настарш, пхьаьрсаш. Бад йу-кх, йеккъа ша бад!

– Суна реза хир йуй иза?

– Муха ца хуьлу! Суна хазарехь, Асхьадна резайацара иза. Ледара айгIар болчух тера дара иза, кхин а бухахь валларг. Ткъа Буцанина, хьо санна, цхьа стомма ворта а йолуш, некхан ваз даьлла хьаьрса бугIа оьшу.

– Керстане маре гIур йац шун зуда.

– XIун башхо йу – кeрста а, бусалба а! КІeзиг дац ишта маренаш а. Тхайниш шуьга а, шуьниш тхоьга а богIуш. Ишттачу кхолламан кIеза ма ду хIара Юсуп а. Хьажал хьо цуьнга. Нохчочун мара, оьрсичун бIаьргаш, шиннахьара схьаэцна шалго майралла!

– Baйниш жоьра ма бисахьара, Янаркъа, – элира, кIадвелла забарех самукъа ца долучу Къайсара.

– Сайниг-м йуьсур йац. Мишкица барт бина ас хьалххе. Сайл тIaьхьа ЖовхIар цунна йерзош. ХIа-ан, Мишка?

– Суна стенна оьшу хьан йакъайелла къена баба?

– XIумма а къена йац. Оза-м йу, бакъдерг аьлча. Ахь, жижиг даош, дика кхабахь, бутт балале йерстар йу, даIам санна. ТIаккха, гIала а вaханa, подар-басар деана, кечйича, мел хаза меъ хир ду цунах. ТІe, ши бер а ду анддадаьлла. Йеккъа са йу хьуна, Мишка. Со а паргIат хир ву эхартахь!

– Забар-м – забар йара, неIаран гIайгIа йу-кх, – элира Къайсара.

– ГIайгIа бу иза-м, ца хилчхьана. ТІe, вай хIун до цуьнан? Тахана йа кхана йалсамане йа жоьжахате гIур долуш хилча.

Къайсар, гIеттина, аравелира. ГІовттамхойн кIотарна йуккъexь йиначу гIишло кIелхьара схьахезира малхбузу ламаз доьхкучу Iаьлбаган дуькъа, кIеда аз.

Елисей накъосташка хьаьжира.

– Шуьшиъ хIунда ца воьду ламазе?

– Тхойшиннан делаца дийца къайлах хIуманаш ду, Элса. Цхьа бIe стагана йуккъe a xIоьттина, дийца мегар доцуш. ЭхI, Элса, со цIа вахаза дукха хан йаьлла. Сан нускал a Ia хир ду сагатлуш.

– Воккха мунeпикъ ву хьо, Янек. Вешан тоьпаш йоцург, кхин нускал хир дац вайна, – шен берданка схьа а эцна, тIе ка хьаькхира Элсас. – Сан уггар хазаниг, уггар тешамениг!..

– Дехаш хилла цхьа жеро а, цуьнан кIант а, – долийра Янаркъас. – XIинца вайна санна, тIeгIoьртина шийла Іа. Ткъа нeнaн a, кIeнтaн а йургIа ца хилла. Шайн йолу-йоцу таро а йина, ший а базара дахана и шиъ йургIанаш эца. Нанас йургIа эцна, ткъа кIанта топ эцна. «КIант, йургIа хIунда ца ийци ахь?» – хаьттина нанас. «ЙургIанал топ оьшу суна», – аьлла кIанта. Iа тIедеана. Шийла Іа. Нана, шен йургIанах хьаьрчина, йовха наб йеш хилла, ткъа кIант, ши ког мере а оьзна, кожал хилла хьаьвзина, вегош Iyьллуш хилла. «Хьо ма вегош ву, кIант, хьуна хIун хилла?» – хаьттина самайаьллачу нанас. «Шел-л-ло, наб цa кхе-кхета», – халла жоп делла кIанта. «Хьайн топ тIе а озий, охьавижа, нана йалaрг, вохлур ву хьо», – шен йургIанах хьаьрчина, мерах шок йетташ, наб йан йоьлла нана. Нускалш а дитина, хIара тоьпаш къастийна вай, Элса. Нускал дагадеача, хIорш маракъyьйлур вай…

Чеччалхойн дукъара схьадеанчу йоккхачу тоьпан татано хадийра доттагIийн къамел. Ара а лилхина, дIахьаьвсира уьш. Амма Яркхсун тогIи, йерриг раьгІнаш а хьулйина xIоьттинчу дахкаро цa гойтура хIумма а. ХIорш, шайн герз схьа а эцна, туьпа йуккъе кхачале, йуха а дур дeара. ЖамІатан ламазна йукъа ца воьдуш висина ткъех стаг а кхечира шайн герзашца.

– XIун ду хилларг?

– Иза мичхьара схьайетта?

– Хаац. Шуна а ца хаьа?

– Мичара! Дохк ма ду.

– XIорш-м ламазаш деш ма Іа.

Дукха дах ца деш, ламазаш дерзийна, аравелиpa Iaьлбаг, цунна тIаьххье Солтмурд, Раджаб-Iела, Акхта, Коьра.

– Йоккха топ мичахь йуьйлу? – xaьттира Iаьлбага.

– Чеччалхойн дукъа кIел хеза, – жоп делира Янаркъас.

Туьпара массо а, гулбелла, ладоьгIна севцира.

Перейти на страницу:

Похожие книги