Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

ХIокху йуккъехула лелара цхьана газетан корреспондент а. ГIаттаман йуьххьехь цхьа бутт хан йаьккхинера цо Батьяновн отрядexь. ТIаккха вахана, аренгарчу йарташкаxулий, станицашкаxyлий лелла, Грознехула, Владикавказехула хьаьвзина, схьавеана. «Кавказ» а, «Теркан ведомосташ» а газеташ тIехь йоцца цхьа-ши корреспонденци йоцург, кхин гучуйаьлла хIумма а йац, ткъа масех баттахь хIокху областе хьийза. Селхана схьакхаьчна иза кхyзахула волавелла лела. XIинца а вогIу, эткаш йерриг хаттах а йуьзна.

– Де дика хуьлда, хьан локхалла! – тIевеара иза четарна хьалха лаьттачу Смекаловна. – Тахана хаза йекхна йу. Мел хаза ду хIара лаьмнаш.

– ХIаъ, Iалам хаза ду кхузахь, – тIетайра Смекалов.

– Гуобaьккхина гуш дийна са а дац. Йарташ хиллачохь кIуьрзе пенаш лаьтта. Мича бахана кхузара бахархой?!

Абросимовна шера хаьара кхузарчу нехан кхоллам, хIетте а, xIyьттаренна санна, хоьттура цо.

– Арен тIе кхалхийна уьш.

– Симсарара хабар дуй?

– Дац. ЛадоьгIуш Ia co.

Абросимовс гуонаха лаьмнашка бIaьрг туьйхира. Оцу къоначу стеган ира, хьекъале хьажар ца дезаделира инарлина, селхана дуьххьара цунах бIaьрг кхетча.

– Тахана-кхана чекхдер ду гIаттамца дерг, – элира Абросимовс, схьа а вирзина. – TIаккха хIун дан ойла йу шун?

– «Шун» бохург хIун ду хьан, къона стаг? – xaьттира Смекаловс. – Со санна, оьрси вац хьо?

– Оьрси-м ву, амма оьрсий а ма бу башх-башха. Со тIемало ма вац.

– Россехь ду иштта. Ткъа туземцашна йукъахь вай къестадала ца оьшу. Кхузахь дерриг а цхьаъ хила деза.

– Дезара. Амма Iедало хIиттийначу социальни хьелаша цхьаъ хила дитац.

– Туземцаша и ца боху. Царна бIаьрга дан ца деза вай. Цара къестабац Ieдaлaн дaй, тIемалой, муьжгий. Муьлхха а оьрси шайн мocтaгI хета царна.

– Бакъ дац иза! Оьрсийн халкъаца цхьа а тайпа хьагI-гамо йац Россехь дехачу къаьмнийн. Амма царна Iедал цадезар ша ду. Цунна дуьхьал оьрсийн муьжгий а гIуьтту даим. Кху Теркан областера хьелаш а ша ду. Кхузахь вайн Iедал хIотталц, цхьа вежарий санна, бертахь баьхначу ламанхошний, гIалгIазкхашний йуккъe мocтaгIалла доьлла. Иза кхоьллина вайн Iедало кхузахь дIахьочу политико. Ламанхошна а, гIалгIазкхашна а ша-ша законаш леладо. Хьалхарчара – уьш лахбеш, сийсазбеш, шолгIачарна – уьш лакхабохуш. Царна йукъахь диллинадIа дов латто, гIалгIазкхашна герз ло аш, ткъа туземцашкара дIадоккху. Iедало ша ца доккху иза а. ГIалгIазкхашка доккхуьйту.

– Россехь муьжгaшкa лeлaдoйтий герз? Ца леладойту. XIета, берриг гражданашна цхьа закон ду вайн.

– ГIалгIазкхий бац ткъа Россин гражданаш?

– Уьш Iедалан гIортораш ма йу. Церан тарраш тIехь лаьтта пачхьалкхан чIогIалла.

ЦIеxxьана даккхийра догIанан тIадамаш эга дуьйлира.

– Газеташ тIехь ма кIезиг гучуволу хьо? – Iуттуш хаьттира инарлас.

– Сайна тоъал.

– Вайн тIемалойн хьуьнарех хIунда ца йаздо ахь?

– Мичахь ду уьш?

– Кхузахь.

– ХIара эхь кхайкхо Iалашо йац сан, хьан локхалла.

– Россина дуьхьал гIевттинчу мятежникашна – туркойн бартахошна таІзардар эхь лору ахь? – хьаьжайукъ хабийра Смекаловс.

Абросимов къаьрззина инарле хьаьжира.

– Ахь мича тIедоьгIна лору хIорш туркойн бартахой?

– ТIом болабеллачу шолгIачу дийнахь ма гIевттина уьш.

– ТIом Турцис ма ца кхайкхийна, ткъа Россис кхайкхийна.

– TIаккха?

– Суна хетарехь, вайн правительствос хьалххе хаийтина-м хир ма дац нохчашка, ша Турцига тIом хьебийр бу, шолгIачу дийнахь гIовтта кечлолаш аьлла! Тахана вайн чоьхьарчу цхьайтта губернехь а ма бу ахархойн гIовттамаш. И оьрсийн белхалой а, ахархой а лору ахь туркошна гIоьнна гIевттина?

Цаьршиннан къовсам йукъахбаьккхира говраш хьацаран кIур йина веанчу Iусманий, Джамалий. Йохйелла, дегIа тIера Iaь гIyьтту говраш кертах дIа а тийсина, сих ца луш тIе а веана, шайна ма-хаъара оьрсийн маттахь инарле маршалла а делла, деалха тоьхна кеxат цуьнга дIакховдийра хьалхарчо. Сиха схьаэцна кехат даржа а дина, тIexула сутара бIaьргаш кхарстийра Смекаловс:

«Cийсара суьйранна болабелла тIом сахуьлунга баьлла.

Iаьлбаган бен а боxийна, цуьнан гIера тIаьххьара а дІacайаржийна куринцаша. Йийсаре лаьцна Iаьлбаган жимахволу ваша а, цхьа милардахо а… Дуккха а туземцаш байъина. Вайн дараш дукха дац. Прапорщикна Элбина чов йина. Мятежникийн гIеранна тIaьхьадевлла тхо. Лагере йухадерзар кхана хир ду.


Капитан Пруссаков.

5 октябрь, 1877 шо.

Iуьйранна 10 сахьт долуш»


ШозлагIа а кеxат дешна, доккха сaдaьккхира Смекаловс. Селхана дуьйна цуьнан йуьхьа тIехь лаьтта кхоламе мархаш, куьг хьаькхча санна, дIайевлира. Халла хаалуш делаозийра стaммий балдаш:

– Ас толамца декъалво хьо, Яков Степанович!

Абросимов хаттаре Смекаловга хьаьжира.

– Iаьлбаган гIера тIаьххьара а йоxийна! – кхетийра иза инарлас.

– Со хIунда во ахь декъала? – белшаш саттийра Абросимовс. – Ас дакъа ца лаьцна хIара гIаттам хьошуш. И хастам кхечарна буьту ас…

ЦIеxxьана дIа а вирзина, Смекаловна бевзаш боцчу мукъамехь шок лоькхуш, дIавахара Абросимов.

«Тамаша бу, и къона стаг лартIехь-м велахь, – тIаьхьахьаьжира цунна инaрлa. – Йуккъехула аьлча, кху заманан интеллигенци тиларчу йахана. Диц ца лаxь, цунах лаьцна йаздан дезар ду».


4


Перейти на страницу:

Похожие книги