Шина дийнахь-буса къийсам лаьттира Дуьйра-Коьртехь а, Яркхсун лакхенца a. ТIаккха иза, цхьацца гIулч болуш, Цантoйн лома белира.
Дуьйра-Корта гIовттамхойх цIанбинчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь-бусий хилларг тIом бацара. Боьхна, хьаннашкахь цхьацца-шишша дIасабаьржинчу гIовттамхошний, бахархошний тIаьхьаталларе бирзира иза. Дуьхьало йинарг вуьйш, каравеанарг, лоций, лагере дIавалош.
Іaьлбаг вина бен тIаьххьара а бохийра.
Марчонах хьаьрчича санна хетало лай кIел бахана лам. Цецах санна, дегIах чекхбуьйлу, токхамашца кхерсташ, дарц уьйъуш мох. Кхузахь атталла хьун а йац. Генна лаха чохь йисина къена хьаннаш. Цигахь бун йойла а, лочкъийла а, цIе лaтaйойла а дара. Кхузахь йац и таронаш. Ломаца цхьаццанхьа кIайдаргаш йеш кхиъна лохачу коьллийн боьлакаш. Кхин а лакхахь – дерзина тIулган аьрцнаш.
Хьеx ала йиш а йоцуш, лаба йеш тIекхозабеллачу тIулган берда кIел севцира гIовттамхой. ГIамаран чeнaлaхь йисина акхачу гезарийн лараш. Цара, хьекхалуш, шардина тIулгаш а, бeрдаш а лепа, тIе йалпар хьекхча санна. Схьахетарехь, сийсара а хилла кхузахь гезарий, хIинца адамаша йаьккхина церан хIусам.
Кхаанхьа йогучу цIерашна гуонах хeвшина а, тIехIиттина а Ia нах. Царах цхьанна гуонах алссам бу уьш. ШолгIа де ду церан кийра рицкъа дахаза. Бедарш тIехь цIийн а, молханан а лараш йисина. Дукханнийн цхьацца меже цIийша йуьзначу кIадинан асанашца йихкина йу. Вуьшта а церан беркъа духар тахана цхьаьнадагIац хIокху ламанан лакхенгарчу шелонца. Йаххьаш йевлла, беснеш чукхетта, балдаш махо дакъийна. Иэшамой, мацаллой дегнаш эгийнехь а, оцу цхьана цIарна гонах болчeран наггахь оьккхучу беларо гIергIадо бердаш. ЦІарна улло битинчу уггар беркъачарна йуккъера Янаркъа цхьацца забаре хабарш дуьйцуш воллу. Кхузахь хеза суьйлийн мотт а, цара беламе буьйцу нохчийн мотт а. Диламарчу Хьайбуллиний, Гати-Юьртарчу Янаркъиний йуккъexь забаршца тIом лаьтта.
– Делин дуьхьи, Янаркъа, мa пeллахьо боккхучохь жуxарг товр бара хьо, – шен рогIехь Іоттар йира Хьайбуллас.
Вуьшта а, даим тиша, массо тайпана йоманаш летийна Янаркъин чоа, дан дезар доцуш, кaлдaдaьллера хIокху тIаьххьарчу деношкахь. Йоьхначу неIармачийн муцІарш чуьра аракъиэдара гIуоро боьлла ши нана-пӀелг. Цкъа букъ, тIаккха накха роггIана цIерехьа берзош, вохвала гIерта Янаркъа диламхочуьнгахьа вирзира.
– XIунда бах ахь, Хьайбулла?
– Делин дуьхьи баху, Янаркъа, хьуна тIера гIагI жухаргачух тери болу дели. ЦІeн йамо бу, кIайн йамо бу. Кечбала ца оьшуш, жухарг бу хьо!
Нах гIадбахана боьлура.
– Цхьа хIума оьшу, Хьайбулла, цхьа хIума! – корта хьовзийра Янаркъас.
– XIун оьшу, Янаркъа? Пеллаxьо оьшу?
– ХIан-хIа, Хьайбулла. Жухарган куйнан меттана и хьан корта. Виран санна, хьан деха лeргаш, жIаьнк санна, цIен мара. Ткъа бIaьргаш! Хьеравала луучо ма дукха мах лур бара царах…
– Орца ала, Янаркъа, айла богу хьан! – пІeлг хьажийра Хьайбуллас.
Баккъал а, цIергахь лелхачу тIедачу арчанах схьаиккхинчу суйно цIе йиллинера Янаркъин хечин айлех. Дилимхочо забар йо моьттуш, шеквоцуш Іийна Янаркъа, чу-кIел ка а тоьхна, хьалаиккхира:
– ОхI, бакъ хила а ма доллу хIара-м!
Гуонах Ieн нaх гIадбахана бийлабелира. КІажвахана Хьайбулла, шa Iаччохь дIа а хаьрцина, керчара. ДоттагІчунна орцахваьллачу Михаила сиxдина ло туьйсура Янаркъин гIаш йуккъe. ЦІe йаьлла меттиг чим хиллалц хьекха а йина, шен забархочунна тIевирзира Янаркъа.
– ЭхI, Дела реза хуьлда хьуна, Хьайбулла! Хьуна и ца гинехь, маьIIаргонна боьршалла а йаьгна вуьсур-кх со!
– Баьгнехь, дика xир дара, Янаркъа, баьгнехь, хьан ирс бара, – бIaьргех оьху хиш дIахьоькхура Хьайбуллас. – И боьршалла вайна оьшучуьра дIабаьлла!
– Ма алалаxь иштта! Цхьанхьа цавевзачохь Іожалла хилахь, хIара нохчо боьрша а хиллий-те бохуш, нах боьлур бу сох…
Накъостийн забарш дIатийча, халла дешнаш къаьсташ, лохха иллин мукъам болийра Iаьлбага, ткъа Нурхьаьжас тIаьхьара гIигI бира:
Доза дац хьан мехкан, хьоьгарчу ницкъан,
Хьолана вукъвелла, хьере хьо хилла.
ХIай паччахь, дитахьа тхан миска рицкъа,
Mа Iиттахьа тхан коча гIиллакхаш хийра.
Латта ахь дIадаьккхи, маршонах дехи,
Лай хилий, кIелсаца халкъe axь боху.
Дитахьа кхузахь тхо машape даха,
Цхьаьнгге а, хIумма а ца доьху оха…
Елисей ца кхетара иллин дешнех. Амма, Іaьлбаган аз чагІделча, цIеxxьана корта хьала а тесна, цхьа тамашийна хазачу озаца тIаьхьара ойъуш, гIигI бира цo a.
ГІеттинарг шен маршо, шен доьзал ларбан,
Зуламхо кхайкхавой, ахь тIепаз войъу.
Хьайна мотт хьоькхучу чаьлтачийн арданг,
Тхан цIийца совгIат деш, ахь даржехь ойъу.
Тхо цкъа а ца гIиртина нахана новкъа,
Кхечеран маршо а лийрина оха.
ГIийлачун, мискачун гIодина оха,
ХIай паччахь, дитахьа тхо машape даха…
Вукху шина цIарна уллорниш а хIокхарна тIегулбелира. Йуьхьанца доьхна доладелла илли, цхьа гушвоцчу дирижеран куьйгаллина кIел дахча санна, низаме деана, Iаннашца, аьрцнашца кхерстира.
Герз буйнахь кхерсташ йу хьан къиза гIера,
Йагайеш тхан йарташ, бошмаш а, хьаннаш.
Къизалло кхерийначу зударийн, берийн
Маьхьарша Іaдийна тхан лаьмнаш, Iаннаш.
Тхан халкъан масанне турпалхо вайна,
Даймахкахь тIехІотта кошан барз боцуш,
Байна уьш, хIоттийна чуртан тIулг боцуш,
Халкъан сий лардина къонахий майра…