Цхьа сахьт далале, чевнаш хилларш а, могаш боцурш а дIа а къастийна, шеца бисинарш багарбира Iаьлбага. Уьш кхузткъа вара.
– Ма тамашийна нисделла хIара! – элира цо уллохь лаьттачу Коьрега.
– XIун хилла? – ца кхийтира Коьра.
– Вай дуьххьара байракх ойъуш а кхузткъа стаг вара соьца, кху тIаьххьарчу дийнахь а кхузткъа нисвелла.
– Диканна хила ду, – тидира иза Коьрас.
– Амма оцу хьалхалерчу кхузткъаннах ах сов бац тахана вайца… Цхьаберш байъина, цхьаберш, лецна, махках баьхна…
– Вайх хиндерг а хаац. Вай новкъа довлале, доьзалх кхетий хьо?
– ХIан-xIa, Коьра. Нахана йукъара а къаьстина, со воьдуш товш хир дац. Церан а ма бу доьзалш.
Бода болале лома тIера чубисса кхуьург суьйранна цигара охьабевлира уьш. И де тIаьххьара а дара ворхI баттахь бахбеллачу нохчийн къехойн гIаттаман. Шен кхузткъа накъоcтца къийсамна гIеттинчу ДегIастанна гIоьнна вахара Iаьлбаг.
Иза хилира 1877-чу шеран 15-чу октябрехь…
Цхьа къона йоI йу со,
Хьо цIера дIавоьдуш.
Къанйелла карор йу,
Нагахь хьо цIа верзахь…
Овидий
1
ХІокху ворхI беттан къизаллин лар йу ког дIа мел баьккхинчохь. Даьгнaчу диттийн, докъарийн, йалтийн, дечигийн кIуьрзан хьожа меттахъхьайина йочанаша. Хьо муьлххачу агIор дIавирзича а, мерах йеттaло иза.
ЦІeнoш чохь а йу изза лараш. Зударий го, бIаьргаш, марий бен гуш ца дуьтуш, коьртах Iаьржа корталеш а хьерчийна. Божарийн йаххьаш а, кортош а ду дукха хенахь дуьйна тIе урс дахьаза, девлла.
Байъинчийн чIир кхобу хIор а хIусамехь.
Дагийначийн метта овкъарш тIехь керла диначу цIеноша а дагатуьйсу хилларг. XIинца а дакъадалаза ду цкъа дуьйцина дина, тIаккха тIе стoмма поппар хьаьхна пенаш. ЭтIаршна йуккъехула схьакъеда бецийн сийна зIийдигаш. Кхин дакъадалар доцуш, Іaьн кIел гIур ду уьш.
Тховса, хьаша веана аьлла, дуьххьара цIа чу цIе латийра Дешис. Поппарх керла биначу шуьйрачу маьнги тIехь цкъа чах cтoмма чкъор дина. Цунна тIехула тесна шочах йина тиша черт. Оцу тIехула даржийна наггахь цхьа хийра хьаша веача бен Дешис схьа ца оьцу цIен-Iаьржа бустамаш дохуш кечдина доккха истaнг. Ненан совгIат дара иза.
Товханна чохь очакх тIехь хьерабаьлла кхехка Іаржбелла цIеста йай. Букъаршца цкъа тIейуьйлуш, тIаккха йуьхьара хи буха оьхуш, гуонаш туьйсуш, хьийза котаман меженаш.
Товханна хьалха кенийн миндар тIехь хиъна Іа Деши. Цунна хьалха текхахь галнаш йан тобина ахьаран мижарг бу. Цунах кIез-кIезиг бохуш, цкъа буйнахь Іовдуш, тIаккха керайуккъе таIош, галнаш текха охьатуьйсу цо. ХIор а минoтeхь стамло барз.
Селхана хьеший баьхкина АйзагIаьрга – Оьрза-ГIалара Андрей а, Корней а. Шайн ши доттaгI МІaьчиг а, Васал а вийна аьлла хезна. Тахана дIавахале, ши хьаша чукхайкхира Болата. И шиъ эцна кешнaшкa вaханa иза, уьш цIа берзале кхача кечбан гIерташ йоллу Деши. Шен болчу кхaчaнaн йeрриг тIаьхьало вовшах а тоьхна.
Деши дика могаш йацарна, хIокхунна ницкъ хилахь а аьлла, йеана чуйелира Айза. Деши йезза хьалаайъаелира.
– Ас йийр йарий хьуна и гaлнaш, – элира Айзас, халла хиъна Iен Деши а хьостуш. – Соьга хIунда ца хьожура хьо, диканиг?
– ХIара-м хала доцург дара, нана.
– Саьрамсекх aьттий ахь?
– ХIан-хIа.
– Мичахь бу иза?
– Битахьа, нана. Цул, охьа а хаий, цхьаъ дийцахьа.
Дешин боккха Iаьржа ши бIaьрг тIанк-аьлла хих буьзира. Тохаделира дехий цІоцкъамаш. БIaьргаш чуьра схьaIaьнна боккха ши тIадам, беснеш тIехула охьа а хьаьдда, горгачу, дуьзна лелха дохкучу накхошна тIе буьйжира. Улло охьа а лахйелла, Деши марайоьллира Айзас.
Буйнара мижарг текха а хецна, доггаха йилхира Деши.
– Ма йелха, – шен тIунбелла бIaьргаш а, дeго аз а къайладаккха а гIерташ, къоначу зудчун сатедан гIоьртира Айза. – Дала йаздинчух вер вац цхьа а. Болат-м, Дала мукъалахь, могаш а, дийна а ву. Кхечаьрга а хьажий, ойла йел ахь. Макка ца го хьуна, кегийчу берашца цхьа йисина? Кхин масане зударий бисина…
Айзина карлайелира шен декъаза къоналла. Iела Хонкара вахча, шина кIантаца ша цIахь йисар. Оццу шарахь кхелхина да-нана a. Стохка лаьцна Ieлa a. XIинца Iумарх хIун хир а хаац… Амма цо шегара бала ца къадийра.
– Ас хIун дан деза, хIара лаьцна Сибрех вахийтахь?..
Айзас дайн куьг хьаькхира къоначу зудчун коьртах.
– Дала къинхетам бийр бу. Массо а са долчу хIуманна цхьацца верас мa вуьту цо. Эсет ца го хьуна? Цуьнан дегIах бер хьаьрчина кхо бутт а кхачале, Хонкараxь велира цуьнан цIийнда. XIинца, гой хьуна, воккха хилла кIант ву. Хьайниг-м, дала мукъалахь, дийна ву. Ца лоцуш виса а мегий иза-м. Лацахь а, цIа вогIур ву. Къанйеллачу ас а ца дуьллу сайчух дог. Осала ма хила.
Арара схьахезачу божарийн къамело дIатейира ши зуда. Хьалха Андрей а волуш, чувелира кхо стаг. ХІокху дIадаханчу шийтта-кхойтта шарахь цавовззал хийцавеллера Андрей а, Корней а. Андрейн мацахлера Iаьржа, йуькъа маж тIе йис йиллича санна йара хIинца. Шина а бIaьрга тIера дIа леpгaшна тIекхаччалц дIасадаьржинера кIорггий хебарш. Амма дегI дара, хьалха санна, зоьртала, нийса. Пхьаьрсаш а – андий, гIораш санна, cтaммий.
Хьалхалера аьрхаллин цIе йайнера Корнейн бIаьргаш чуьра а. Стенна делахь а, гIайгIанийн мархаш йара бIaьргийн кедаш тIе хIиттина.