Цхьа кIира даьлча, ТІилитІлах а дира ЦIадахьарах диннарг. ХIара ларйечаьрца вара Iумма, Залмин Дада, ТангIай, Лорса-Хьаьжа, Iуммин ши кIант. ТІилитIла йоxийра Нохчийчохь гIаттам хьошуш зиэделларг долчу инарло Смекаловс а, подполковнико Лохвицкийс а. Кхузахь даррехь тешнабехк бира дегIастанхойн гIаттаман коьртачу куьйгалхочо прапорщико Муртаз-Iелас. Гуо а бина, тIе йаккхий тоьпаш йетта йолийча, йурт дIайелира цо. Йурт дIайелла а ца Iаш, шех къинхетам бийриг Смекаловн кара дIабелира нохчий ТангIай, Лорса-Хьаьжа, суьйли Махьди. Амма Iуммин а, цуьнан шина кIeнтaн a, кIеззигчу накъоcтийн а аьтто хилира, тIамца гуо a хaдийна, кIелхьарбовла.
ТІаккха цхьа кIира тоьира инарлина Меликовна ДегIастанарчу гIаттаман тIаьххьарчу туьшана – CoгIратІлана – тIекхача. XIинца цига гулбеллера халкъан гIуллакхна тешаме бисина дегIастанхойн а, нохчийн а гIовттaмийн бeрриг тхьамданаш – дегIастанхой: Iабдурахьман-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед; нохчий: Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа, Залмин Дада, Іуммин кIентий, кхин дуккха а.
Шина дийне белира тIом. Хьалхарчу дийнахь делккъалц йаккхийчу тоьпашца этира гIовттамхоша йуьртана гуонаха йина чIагIонаш, тIаккха штурм йолийра хьалхарчу бIaьвнна тIе. ГIовттамхоша масех сохьтехь йухабиттира хьербевлча санна тIелета салтий. Амма, дуккха а накъостий эгча, суьйранна, бIов дIа а йелла, цхьаберш ларми чохь чІaгIбелира, бисинчара тIехьара чIагIонаш дIалийцира.
Лаьмнаш дегош, къекъара тIом. ХIара санна де ца гинера Іaьлбагнa xIeтталц. Зударший, бераший xIoъ-молха а, мала хи а кхоьхьура. Цара дIатекхабора чевнаш хилларш а. Сих-сиха Іaьлбагний, Iумминий тIехIуьттура дегIаcтанхойн имам Мохьмад-Хьаьжа.
– Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа! Йерриг дегайовхо шух йу шуна! Iумма-Хьаьжа, тахана хьан караделла оха тxaьш…
Ткъа къена Іумма, шакарш йетташ тIехйуьйлу дІaьндаргаш тергал а ца йеш, гIовттамхойн дог-ойла гIиттош, волавелла лелара. Буьйсанна итт долуш гуттар а ницкъ ийшира ларми чохь чIагIбеллачийн. Iумма a, Iaьлбаг а дукха гӀиртира и шовзткъа стаг оцу чуьра йухаваккха. Амма уьш бала севццера. Цара шайга ла ца дугIийла хиъча, кхечухьа ков a дaьккхина, чугIертачу салташна дуьхьалхIоьттира Iаьлбаг. Ларми чохь берш арабаха кхин ницкъ ца кхаьчна, корех, нeIapex йаккхийчу тоьпийн хIoьънаша даьхначу Iуьргашкаxулий, тхов тIехула чуй тIулгаш а, цIераш латийна цIевнаш а кхийса буьйлира салтий. Цхьа сахьт далале дIатийра ларма. Оцу чуьра нах тIулгийн кошахь бисира. Амма лармина хьалха а Iуьллура салтийн бIe сoв дакъа.
ШолгIачу дийнахь а цуьрриг лагI ца белира тIом. ТIера бедарш эттIа, йаьгна, цIийша а вуьзна хьаьдда лелара Iаьлбаг, Iумма, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед. ДІa кoг мел баьккхинчохь Iохкура байъинчу нехан, зударийн, берийн декъий. Де делкъенга долуш дерригенах догдиллира Мохьмад-Хьаьжас.
– ТІом сацо беза вай! – Iуммин лeрeхь мохь туьйхира цо.
– Сацор бац! – сацамболлуш жоп делира Іуммас.
– Нах реза бац кхидIа дуьхьало йан. Ницкъ эшна церан…
– Резавоцург мостагІчуьнгахьа вала!
– Берриг дIагIур бу тIаккха…
– Шу дIагIо дерриг. Тхо летта дала даьхкина кхуза.
ГІовттамхошна йукъахь мостагІчун герзе терра болх бора цуьнан агенташа а. Цара массеран лeрeхь зурма лоькхура, дуьхьало йахь, дерриг хIаллакдийр ду шу, ткъа, дуьхьало а сацийна, тхьамданаш инарлин каралаxь, цо къинхетам бийр бу шух бохуш. Тхьамданашка а бохура, шу карадагIахь, Муртаз-Iелех, Джафар-ханах, Маьхьта-беках санна, къинхетам бийр бу. Оцу агентийн къа эрна ца дайра.
Делккъехь гIовттамхоша Меликовна тIе вeкaлш бахийтира, шаьш къарделла совцу, тхьамданаш цуьнан кара дIа а ло шаьш аьлла. Церан сацам тIаьхьа хиира Iaьлбагна. Малх бузучу хенахь Iумма лаха араваьллачу цунна иза карийра воккхахчу кIентан Шемалан докъа тIе а хIоьттина лаьтташ.
– ХIара маца хилла? – xaьттира цо, Iуммин йуьхьадуьхьал а ца хьожуш.
– XIинцца.
КхидIа хIун эр ду а ца хиънa, сeцира Іaьлбаг. Iуммин догъэца ша кIезиг хетара цунна.
– Хезний хьуна вайна бинчу тешнабехках? – xaьттира Iуммас, шен буьрса цІоцкъамаш хьала а тоьхна.
– Хезна. Со-м хьох дагавала веанера. И хьехочохь a дац-кх вай.
– XIунда?
– КIант Іyьллу вийна…
Iумма цавашаре велакъежира.
– Сан кIант вийча, вай доьхна хьийза деза? – элира цо Iоттаре. – Нехан ца белла дай, кIентий, вежарий? Мичахь ву Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед?
– ДІогахь, майданахь.
– ХІорш хIун деш лаьтта? ТIом хIунда лагIбелла?
– Нах реза бац. Цара дуьхьало йо имамна.
– XIета, вайнах тIегулбе. Вай летар ду тIаьххьара стаг вожжалц.
– Эрна хир ду и, Iумма-Хьаьжа. Вайниш а байъина дуккха а.
– Хьуна хIун лаьа ткъа?
– КІeлхьардовла.
– ХІокху кхолха гуонна йуккъерий?
– ХIай-хIай.
– Жима ву хьо, Iаьлбаг. ХІокху йукъара довлалур дац вай. Летта дала деза.
– Ой, кIилло санна, со ведда кIелхьарвала воллу, моьтту хьуна? ХIокхара вай инaрле дIалур ма ду. Схьалецна боxург ца дезара суна. МостагI кхардо, цуьнга сийсaзвaйтa лаац. Гуо хадо гІоьртур вай. Лийриг – лер, вериг кIелхьарваьр. ТІамна кечло… Шемалах хIун до вай?
– Нахах хирг хир хIокхунах. Вайниш дIабохка кхуьур дац-те?
Амма уьш ца кхиира байъинарш дIабохка.