Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– ХIан-xIa, нах, – дийкира цуьнан гIоргIа аз, – эло Эристовс дийцинчух шу кхетта, моьтту суна. Вайнехан кица ду, муьлхха а дов, толам, цхьаннах цIий а оьхуш, вукхунна шура а йогIуш дерзац бохуш. Наха цIий a Ieнoш, шайна шура йан луурш а бу вайна йукъахь. Иза а хир дац. Дера, туркошца тIаме а ма бахана вайнах. Дийнна полк. Цигахь цара даккхий хьуьнарш а ма гайтинa. Кхузахь Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а даьржина зуламан ун хIаллакдеш дакъалаьцнарш а ма бу. Уггар хьалха шун шелахой а, гонахара йарташ а. Амма дукхахболчара моттаргIанаш а лелийна. Церан шалха цІоганаш дара. Цхьаъ – Iедална, важа – Іaьлбагна лестош. Ишттаниш ший цІога а хадийна буьсурий-те? Хаа деза вайна, кIентий, оьрсийн паччахьан Iедало ваьш маьршадаьхнийла. ТIeйуьйхинчу чордачу машин бедарша, гIордазо санна, догIмаш а цоьстуш лелла вай селхана а. Даа дацара вайн, тIедуха дацара вайн, боданeхь дохкура вай. Вайн халкъана серло, ирс дохьуш деанчу паччахьан Ieдaлнa мyьтIахь хила ца лууш, цунна дуьхьало йеш, иттaннaш шерашкахь тIом беш, нийсса ах хIаллакьхилла вайн халкъ. XIинца гой шуна шаьш? ТIeдуха а ду, тIом а бац. Туьканаш йу товарех йуьзна, хIусамаш а го дика. Шена дина дика цахуучунна дина вуон а хуур дац, олуш ду. Цхьаболчу нахана ца хиъна паччахьан Iедало шайна дина дика. Уьш зуламна гIевттина. Россин паччахь, цуьнан Iедал а дохо дагахь! Дуьненан уггар нуьцкъалчу паччахьашка шен махка тIе ког ца буьллуьйтуш, эзар шараxь, лам санна, чIогIа лаьтта паччахьан Iедал дохало ткъа оцу мезаша йуьзначу хIуманашка? И зуламхой паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина ма ца Iара. Царна хIун лаьара? Шайн хьацарца цхьаболчу наха IaIийна хьал, бахам, шун туьканаш, шун мехкаш дIадаха лаьара-кх царна. Аш къахьегнарг шайн доладаккха!

– Хьий, делан мостагIий, йаI!

– ШарІан некъах тилла йовсарш!

– Дала хьукма дира царна-м!

– Нийса боху ахь, Мохьмад-Хьаьжа. Дала хьукма дина царна тIехь. Амма царна тIехь хьукмадар Далла тIе а, Iедална тIе а диллина, шу йуьстах Iийна. Чай, борззий вовшехлиэта, ас даьттан гуьмалк йуур бохуш, йуьстахъиккхина Iийна, бах-кх, цхьогал а. Изза ду аш динарг а. XIинца мукъане a шaьш дийна дуйла хаийта. Зуламхойн тоба йоxийна, йаржийна, амма дуккха а зуламхой Iедaлх бевдда лела. Мичахь бу уьш? Стигала бевлла, лаьттах боьлла? ХIан-xIa, yьш йарташкахь лечкъаш бу. Шуна йукъахь хила а мега уьш къайлабаьхнарш. Дала а, Iедало а боху адамашна зуламе ваьлла стаг новкъара дIаваккха. Iаьлбаг а, цуьнан гIера а зуламхой бу. Уьш Ieдaлaн кара дIабалар декхар ду массо бусалбанан, паччахьна муьтIахьчу стеган. И цадийриг йа бусалба а вац, Iедална тешаме а вац. Иза ша а ву зуламхо. Цунна шалха таIзар догIу.

– Делхьа, ма бакъ лоь хьо, Орца!

– Iедалой, паччахьой боxург ца дича девр дац.

– ХIаъ ткъа, парза ма ду иза дар.

Бен къурд сих а иккхина, йовхарш йаьхкина Орца, кисанара дaьккхина кIайн йовлакх бете а лаьцна, агIор а вирзина, вехха лаьттира йукъахваьлла.

– Aьхна, хьан дакъа! – цуьнан букъах дайн куьг туьйхира тIехьа лаьттачу Боьршига.

Орца схьавирзича, цIийбелла, хиш тийсина бара цуьнан ши бIaьрг.

– Доцца аьлча, нах…, – Орцин аз, йиш хаьлча санна, дегадора. – Доцца аьлча, нах, зуламхой лецна Ieдaлaн кара дIабала беза. Вайн йарташ йeрриг вовшашна йукъахь гергарлонаш долуш йу. Цхьанхьа даьллачу зуламан лазар массанхьа а даьржа. Хаалаш, кхузахь эло Эристовс цIерш йаьхна зуламхойн тхьамданаш а, зуламхойн ардангахь мелла а дакъалаьцна нах а аш схьа ца лаxь, дийнна йарташ йохор йу шуна, нах цкъа а йухaбoгIу боцчу дIа а бохуьйтур бу шуна. Амма, ша боxург дахь, Iедало къинхетам бийр бу зударех, бepex, къеначех. Ца до-кх, берриг махках бохур бу. Цхьа са буха ца дуьтуш. Далур дуй вайга Iедало бохург?

Тобанна хьалхaрa нaх меттахъхьайра. Ша-ша чIогIа ала а гIерташ.

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Делан а, Элчанан а пурбанца!

– Делера ма ду Iедал…

Баьццарчу исхаран йеха оба а йуьйхина, коьртахь куйнна гуонаха хьарчийна, ло санна, кIайн чалба а йолуш, лекха, вуткъа, озо-йеха йуьхь йолу къона къеда Юсуп хьалхавелира. Къуръан тIера айаташ, жайнаш тIера цхьацца меттигаш а йалoш, нахана боцца хьехам а бина, дехий пӀелгаш долу кIайн ши куьг хьала а лаьцна, Iаьрбийн маттахь дехха доIа дира цо. Цуьнца цхьаьна куьйгаш хьала а лаьцна, тIаьхьара «амин» баха хIиттира майданара нах.

Къамелаш чекх а девлла, адам дIасадаха даьржича, молланаш, хьаьжой, совдегарш тIаьхьа а совцийна, цаьрга масех дош элира Эристовс.

Перейти на страницу:

Похожие книги