Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Александр Павлович ца кхетара Нуридан дагахь долчух. Нийсса аьлча, кху туземцех схьабевлла эпсарш, мел майра, хьуьнаре, мел Iедална муьтIахь белахь а, цхьа минот зама йацара иза царах тешна. Ткъа Нурид дика вевзара Александ Павловична. Кура, дозалла деш, виллина дIа цхьацца интригаш лелош. Инарлина хетарехь, Долговн жима отряд мятежникашна дуьхьал а нисйалийтина, цара иза йоххочу хенахь, веана, отряд кIелхьар а йаьккхина, толаман хастам шена бита гIертара иза.

Вибергца цхьаьна гIалин гарнизонан ницкъашка хьожуш чекхвелира Александр Павлович. ХIокхунна цамоьттучу тайпана герзаца дика кечделла дара эскарийн дакъош.

Гиначо гIеххьа сапаргIатдaьккхинчу цо тенгинхойн ши рота хьажийра УстаргIардойн тIай тIе. Нагахь мятежникаш кхузахьа схьагIортахь, цигахь дуьхьало хIотто.

Де делкъенгахьа лестича, малхбалехьара схьа йаккхийчу тоьпийн дур хаза дуьйлира. Цигара схьа цхьа а тайпа хаам боцуш тIeйeара буьйса. Вахийтина лазутчик а тIепаза вайнера. Кхузара дIа Майртуьпа говрахь шина-кхаа сохьтехь бен некъ бацахь а, xIетте а хаам бацара цигара. Свистуновс шен дагахь сацамбира, отряд йоxийна йа гуонна йукъахь йисина аьлла.

Буьйса тIаьххьайаханчу хенахь виллина шена уллохь лаьтта эле Эристовга масех приказ делира Александр Павловича.

– Нагахь вайн ши отряд мятежникаша йохийнeхь, – долийра цо гIайгIане, – вайн йeрриг дегайовхо Веданахь, Хаси-Юьртахь лаьттачу эскаршна тIехь йуьсу. Мятежникаша телеграф йохайале, хаамаш дIабала беза. Алексей Михайловична тIедилла, кхана Iуьйранна сиxонца Тамански полкан кхоъ батальон схьахьажайе алий. Цаьрца схьабахкийта, ала, 20-чу дивизин тIаьхьалонан салтий а. Нагахь кхана делккъалц соьгара приказ ца хилахь, шен лаамехь гIуллакх дан пурба ло полковникна Батьяновна.

Ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, цIенкъа а вогIавелла, вист на хуьлуш, чухула дIасаволавелира Свистунов.

– ДегIастанан областан эскарийн командующига, инарла-адъютанте Меликовга вайна гIо дар а деха… Нагахь аьтто белаxь, – тIетуьйхира цо.

Буьйсанна охьавижча а коьрте йаьхкира Нуридах йолу ойланаш. Свистуновна дaгaдeара хьалхарчу дийнахь цуьнгара шена деана кехат. Долговн отрядца Шелахьа дIаван ойла йу шен аьлла, Свистуновс хаам бича, дуьхьал хилира Нурид. «Нагахь санна оццул жимачу отрядца веанарг областан начальник вуйла Нохчийчохь хаахь, – йаздора полковнико, – областeхь кхин эскарш дац, хиллехь, начальник ша схьавогIyp a вaцара аьлла, жима а, воккха а герз караxь вайна дуьхьал гIоттур ву. Цул сов, шайн берриг ницкъ тIе а теттина, хьо схьалаца а гIоьртур бу уьш…»

Цхьана агIор, бакълоьра Нурид: областан начальник коьртехь волу отряд йохайахь, гIуллакх чолхе дер мa дара. Цуьнан караxь хила ма йеза куьйгаллин архаш, цуьнан коьрто вовшахтоха ма деза гIаттам хьашаран гIуллакх. Ши отряд хIаллакьхилахь а, кхyзахь Грознexь волуш, цуьнан аьтто хир ма бу гIала ларйан ницкъ вовшахтоха, областера дисина эскарийн дакъош тIеоза.

Нуридан кехато и сацам тIеэцийтина Александр Павлович, шен штабан начальник Мылов Iумхан-Юьртан отрядца Майртуьпа а хьажийна, гIала вирзинера. XIинца иза шеквара эло Врейскийc кхиийнaчу оцу дегIастанхoчун догцIеналлех. Областан начальник йуьстах a вaьккхина, шен лаамехь виса, толаман хастам шeннa бита ойла хилла-те цуьнан бохуш, шеквара Свистунов.

«Хастам шена а буьтуш, толам баккхахьара цо», – доккха са a дaьккхина, охьавижира иза.


3


Нохчийчохь болабелла гIаттам оьрсийн-туркойн тIамах уггар жоьпаллечех цхьа дакъа лоручу правительствос кхуза ваийтинера Кавказан эскарийн коьртачу штабан начальникан гIоьнча, инарла-адъютант эла Святополк-Мирский.

Селхана сарралц кхузара гIуллакхаш теллина, Кавказан наместникан, сийлаxь-воккхачу элан Михаил Николаевичан цIарах цо сацамболлуш тIедиллира, Нохчийчуьра гIаттам кху масех дийнахь, хьаший, дIабаккха аьлла.

Iуьйранна иза новкъа а ваьккхина, йухавирзина Александр Павлович, шен гIоьнча инарла-майор Смекалов а кхайкхина, кхеташо йан охьахиира.

Шина инарлин дог-ойла самукъане йацара тахана а. Эло Святополк-Мирскийс схьахаийтира областан начальствон куьйгаллина Михаил Николаевич резацахилар. ХІокхара областeхь хьокъала доллу куьйгалла латтийнехьара, болабалале гIаттам сацо а, ткъа хIорш жимма а жигара хиллехь, иза йуьххьехь хьаьшна дIабаккха а кхузахь таронаш гора Тифлисехь.

Шен амалшца собаре а, жимма дерг тардолуьйтуш а волу эла Святополк-Мирский собарх ваьккхинера Нохчийчохь хIоьттина хьал хIокху шинна хIинца а ма-дарра хууш цахилaрo.

Баккъалла а, Майртуьпахь хиллачу тIеман жамІаш ца хаьара Владикавказехь шолгIачу дийнахь а.

– Хаац-кх, сел луьрачу таIзарна Далла хьалха со стенна бехке хилла, – кIедачу гIанта везза охьа а хиъна, шиний куьга корта лецира Александр Павловича. – Нуридна тIе ма диллинера ас, сайца хаддаза зIе латтайе аьлла. Эло Эристовс а тешийнера нохчашна йуккъехь шен разведка чIогIа болх беш хиларх. Цуьнгара а, вукхуьнгара а цхьа а тайпа хаам бац. Белла-х бац хирий уьш!

Графин схьаэцна, стака дуьззина доьттина хи сутара дIа а мелла, цкъа балдех, тIаккха хьаж тIе йовлакх хьаькхира цо. Алексей Михайловична чIогIа лаьара шен шефана маслаIат дан. Амма кхузахь дешнаш эрна хир дара.

Перейти на страницу:

Похожие книги