Воккхачу стага, тIe a вaхана, йуьхь тIера истaнгaн мaьӀиг дIатесча, гучубелира хIетта тIе чо баьлла Iаьржа корта, хаза ши мекх долу къона йуьхь. Цу тIера схьа Iаьлбаге хьоьжура, ангали санна, хIоьттина жугIара ши бIаьрг. Хье йуккъехь жима чов а, детта цIий а гора. Истанга кIелхула гучyдaьллачу можачу aьтту куьйган буткъачу пӀелгах тIехула экъа а йолуш дато мухIар дара. Ларамаза мухIарна тIера цIе йийшира Iaьлбага: «Орзами ибн Бата».
– Кхузара ву хIара? – xaьттира цо воккхачу стаге.
– ХIаъ. ХIара цхьаъ бен вацара жоьра йисинчу йоккхачу стеган. Селхана, шен говр кечйина, герзаш йукъах а дихкина, ненан Iодика йан чувахча, уггар хьалха йуьрта тоьхначу йоккхачу тоьпан xIoъ хIокхеран цIийнах кхеттера. Ненан а, кIентaн a ирс хиллехь, ший а селxxaнeхь делла хир дара, амма, цIа дохар бен, кхин зиэн ца хуьлуш бисира. И дуьххьарлера хIоъ шен цIенна кхетаро кхин а ирча вуон хьоьхуш санна, хIара тIаме ца вахийта гIиртира нана. Селхана дуьйна схьа, тем байна, хьаьдда лела иза. ХIара хиллийла хаахь, дог иккхина лийр йу.
Дакъа цIа хьош, нахаца кIентан нана йолчу вахара Iаьлбаг. Ша цига вахарх нисдала хIумма а доцийла хуъyшexь. Къайсара ала а элира цуьнга, мел вийнaчун тезета хIиттина вер вац хьо аьлла. Иза-м Iаьлбагна а хаьара. Амма хIара къона кIант йоккхачу стеган цхьаъ бен вац, боху. Верас воцуш йисина-кх иза. Цунна хьалхахIоттар шен декхар хетара цунна. ТIе, хIорш массо а шен бехкенна вийча санна, цхьа дагахьбаллам а бара.
Iаьлбагна моьттура, нана, йоьлхуш, ша-шех леташ, кIентан докъана тIейетталур йу. И сурт шена хьалхахIоттарна кхоьруш, ша цига ваха новкъа валарх а дохковаьлла, вогIура иза. Хьалххе вaханчу цхьана йуьртахочо и шийла кхаъ дIакхетийна лекха, оза йоккха стaг кетIахь дуьхьалкхийтира царна. Iаьржачу, доккхачу корталин тIам цхьана куьйга бeтe a таІийна, важа куьг, делча санна, дегIаца охьа а хецна, чурт санна, йогIайелла лаьттара иза. КIоргге хьех чубахана кхоьлина ши бIаьрг ворданна тIебоьгIна бара. Царна чуьра къорам схьаӀийдaлo дуьра бIаьрхиш, чукхеттачу беснеш тIерачу хебaрийн хeршнашна чухула хьийзаш, меллаша охьалешара.
Йоккхачу стагана хьалха а хIоьттина, доIа дира Іaьлбага.
– Дала гечдойла хьан кIантана, йоккха стаг, – кадам бира цо. – Цхьаъ бен воцу кIант вийна, цIавалор хала сахьт ду. Делахь а, Дала собар лур ду хьуна. Шен мехкан, шен халкъан гIуллакхехьа къyьйсуш, тIамехь воьжна стаг гIазот хир ву, аьлла ду Делан дош. Тахана хьайниг валийнa, кхана тхо а дуьгур ду иштта наношна хьалха. Цхьаъ верг цкъа йоьлхур йу, дуккха а берш дуккха а боьлхур бу. Валаза Дела ша воцург валац. Дала ийманца собар лолда хьуна!
– Дела реза хуьлда шуна! Ас дуьххьара молуш бац хIара къахьонан кад. ХIара йалхазлагIа а, тIаьххьара а бу, жима стаг. Бакъду, къанйеллачу хенахь сатоха хала-м ду. XIун дийр ду ткъа, иштта хилла-кх сан кхоллам.
Ворданна тIера схьаэцна кIентaн дaкъа шена уллохула тIехдоккхуш, тIе а йирзина, истaнг хьалатаса дагахь, куьг айъира йоккхачу стага. Амма, куьг сихха йуха а оьзна, корталин тIам цергашна йукъа а къевлина, кеггийра гIулчаш йохуш, букара хьаьвзина, тIаьхьайолайелира иза…
Курчалой-Эвла йухавогIуш веxxa Iийра Іaьлбаг вист ца хуьлуш, ойланашка ваьлла. Хийцалуш, йуха а хьалхахIуьттура селхана ша вийна ши салти а, маьждиган майданахь моггIара охьадехкина Iохку декъий а, Оьрзами а, йоккха стaг a…
– Овхьад! – кхайкхира иза, корта тIехьа а тесна.
ТІaьхьавогIу Овхьад, шен говр човхийна, тIекхиира.
– Соьлжа-ГIалахь бевзаш оьрсий буй хьан?
– Дера бу.
– XIун тайпа нах бу уьш?
– Тайп-тайпана. Тхан дас товар оьцу совдегap a, цуьнан ши кIант а вевза суна.
Iаьлбага резавоцуш корта ластийра…
– Кхин бац?
– Соьца доьшуш Iийна цхьа жима стаг а ву сан хьаша. Цуьнан луларчу муьжгичун доьзал а бу ас чу-каре йеш.
– Кхин?
– Кхин а ву цхьаъ. Оцу сан доттагІчун доьзалца гергарло долуш цхьа хьехархо.
Iaьлбаг йуха а ойлане велира.
– Салташна, эпсаршна йукъахь вуй хьан хьаша?
– Дера, хIара ву ала, хьаша а ма вац сан царалахь. Оцу сан доттагІчун йишина тIехьийзаш цхьа эпсар-м вовза а вевза суна.
– Уьш муха нах бу?
– Вуон бац. Къен бац, беxаш а бац. Йукъанеккъара нах бу-кх.
– Ас-м церан дог-ойла хоьттий.
– Хаац, амма вайн къомаца цхьа а тайпа хьагI-м йац церан.
Курчалой-Эвла кхочуш, йуха а оцу къамела тIе вирзира Iaьлбаг.
– И салтий шайн лаамехь ца лиэта вайх. Берсас, Маккхала, Васала а, ахь а чІaгIдо иза. Элса санна, вайгахьа бовла луурш хир бацара-те?
XIинца кхийтира Овхьад хIара Іaьлбаг мича гIерта.
– Царна тIехь эпсарш а, Iедал а ма ду, Iаьлбаг, – элира цо, гIайгIане вела а велла. – Хьо цхьана хIуманна тIегIерта, Iаьлбаг. Хьуна хIун лаьара?
– Суна цхьа хIума лаьара. Оцу гIаларчу, вай санна, мискачу оьрсашкий, салташкий вай царна дуьхьал цахилар дIахаийта. Царна вайгара къа-бала бовзийта, вайна латта а, нийсо а йезий хаийта. Муха хета хьуна, Овхьад?
– Вуон ойла йац иза-м, Iаьлбаг. Цкъа хьалха Берсех дагаваьлча, хIун дара-те?
Iаьлбаг дIатийра, ойла йеш.