Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Инарла Свистунов, ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, цкъа-шозза чухула дIаса а волавелла, корехь сецира. ХIетта маргIал тесначу акхтарган гаьннаш тIехь самукъадаьлла «чIир-чIир» дора цхьа арданг хьозарчаша. Дехьо, чуьйнан дехачу гIанта уллохь, ловзуш доллура жима йоI а, кIант а. Инарлин бIаьргаш малхбалехьа дIахьаьвсира. Амма и агIо бодане а, къайлене а хийтира цунна. Селхана делккъехь иза Грознера схьаволуш а хезара цигара схьа герзийн татанаш. Делккъалц Iийра иза, отрядера хаам кхачаре догдохуш. ХIун хилла-те цигахь? Отряд йохийна-те? Йа гуонна йуккъехь йисина-те? НеIалт хуьлда оцу аварцана! Шен кураллица цо дохий дерриг а. Кура хила йиш йу кхуьнан, сагIадоьхурган кIеза!

– Суна хетарехь, вай тIех тешам ло кхузарчу туземцашна, – хезира Александр Павловична шен гIоьнчин дера аз. – Вай четахь дохдийраш лаьхьарчий ма ду. Аьтто баьллачу минотехь, церг йоьллина, дIовш тоха кийчча хьаьрчина Iаш.

Шен ойланех йукъахваьккхина Александр Павлович, веана, гIанта везза охьахиира, гIовлаш тIе куьйгаш дохкуш.

– Дала хIаллакбойла уьш! Царах даккхийдеш лела ткъа вай? Мел ца лаахь а, царах цхьаберш хьеста а, бузо а деза. И ца дича, царна тIехь олалла латталур дац вайга. Цаьрга шайга вовшийн къамкъаргаш ца Iийдийтича. Царах цхьаболчарна вай ло чин, совгIат а жIаьлешна йукъа тосу даьIахк йу. Цхьадерш ца дустийча, ца дардича, цара шайн хIух долу важа дисинарш этIор ма дац. Ткъа вайна оцу жIаьлийн арданга йукъара ваьшна муьтIахь дерш, ваьш хIуьск ма-эллинехь, тIедетталур дерш, доцца аьлча, сутарниш, стешханиш къесто хаа деза.

ХIара шиъ гIуллакхаш дийцape дaн a вoлaвaлaле, каралаьцна пакет а долуш чоьхьавелира сотник Габаев. Ши кIажа вовшахтухуш, гиччошна тIе куьг лаьцна, вулaвелла дIа а хIоьттина, цо рапорт делира, полковнекера Нуридера хаам бу аьлла…

Сотник шена тIекхаччалц са а ца тоxаделла, хьалаиккхинчу Свистуновс цуьнгара маса схьаийцира шина дийнахь ша сатийсина кехат. Цхьана кога тIехь хьаьвзина, эткаш цIийзош, аравелира сотник.

Охьахуъушшехь, бIaьргех дашо хIазарш долу куьзганаш а доьхкина, конверт йатIош схьа а йиллина, кехата тIехула сутара бIаьргаш кхарстийра Свистуновс.

– ХІ-м… Со ца кхеташ хIума ду-кх xІокхо дуьйцург, – хьаьжа йукъ хабийра цо. – ЛадогIахьа, Алексей Михайлович, хIара стаг лартIexь вац-кх: «22 апрелехь Майртуьпахь тIом хилла. Даккхий зиэнаш хилла, мятежникаш ЖугIурта йухабевлла, амма, кегийрачу тобанашца хаддаза тIелетарш деш, цара сийсара сахиллалц садаIа ца йитина, Курчалойн-Эвлан йиcтeхь туп тоьхна, сецна тхан отряд. Суна моьттинчул йоккха йу мятежникийн тоба. Кхузарчу дуккха а йартийн ойланаш цаьргахьа хьаьвзина. Отрядна тоъал къаьркъа дац. ДогIано тIадийна, лашкабаьхна салтий, шеллуш, хоршош йаьхкина Іа. Царна ницкъ бала къаьркъа оьшу. Мятежникийн 250 стаг а, дуккха а говраш а йайъина. Сан отрядехь висинарг эзар стаг бен вац. Oьшучуьнца цхьана а тайпа кхачо йоцуш йисинчу хIокху гIорасизчу отрядца кхераме ду гIеттинчу Нохчийчоьнан йукъамeттeхь кхидIа сеца. Хулхулон чIож дIалаьцна, Шелахьа богIуш бу мятежникаш. Тховса Гермчигана уллохь буьйса йаккха ойла йу сан, амма йа БердакIел, йа УстаргIарда йухавала a мeгa. Шайн Дeлaн дуьхьа, сиxонца гIоьнaллина отряд а, обоз йаййан ворданаш а йахкийта…»

– XIун ду хIокхо дуьйцург? – кеxат стоьла тIе а кхоьссина, бIaьргара куьзганаш дIа а даьхна, Смекаловна тIевогIавелира Свистунов. – Доккха зиэн а хуьлуш, лам чу йуxабевлла хилча, буса сахиллалц уьш отрядна тIе а муха лиэта? Яьсса ворданаш йахкийта а хIунда боху?

Смекаловс, ца кхеташ, корта хьовзийра.

– Хьанна хаьа, байъинарш а, чевнаш хилларш а схьабало йеза хир йу цунна уьш. Нагахь кхоччуш ца йоxийнeхь а, дуккха а зиэнаш хуьлуш йухайаьллачух тера ду отряд.

– Суна хетарехь, Алексей Михайлович, Нуридна гIо хьажо деза сиxонца. Цул сов, Грозный а йу кхерамна кIел. Цигахь низам латто тоъал ницкъаш а битий, важа бисинарш берриг a Hoxчийчу дIахьовсaбe…

– Тамански полк тахана дIакхочур йу Грозный. 20-чу дивизин тІaьхьалонна витина виъ эзар салти а бIaьхаллин низaмeхь Iуьйранна гIалех араваьлла. ГIизлар-Гребенски полкан шиъ сотня а селхана Грозный дIакхаьчна.

– Тенгински полк а, гIалгIазкхийн сотняш а сихха Нуридна гIоьнна дIахьовсо йеза. Хиндерг хаац, УстаргIардойн тIай тIе кхин a мaсех рота салтий хIиттийча, бакъахьа хета суна. Нагахь, вайн отрядаш а йоxийна, мятежникаш гIалина тIегIортахь, уьш мелла а совцо. Шуьйтара хаам буй?

– ХIаъ, сийсара геланча веана цигара, – сихха жоп делира Смекаловс.

– XIун ду цигахь?

– ЧIeбaрлaхь гIаттам болабелла, боху. Амма хIинца цкъа Залмаев коьртехь волуш йарташкахула йолайелла тоба жима йу. КхоалгIачу участкан пристав капитан Сервианов виэн гIоьртина уьш. Поручик Бача Саралиев а, коллежски регистратор Хьайбулла Курбанов а жигара хьовзарна, дийна висина иза. Йарташкарчу цIе йоккхучу нахах отряд вовшахтухуш ву Саралиев.

Стакана чу доьттинчу хих цхьа къурд а бина, шен дуькъачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира Смекаловс.

Перейти на страницу:

Похожие книги