XIинцале и ши йурт дуьхьалйаьллера, хIорш тIе цa оьцуш. Йуьххьехь – ишхой а, селхана – гуьмсахой а. Шекoнeхь дара тахана шелахошца дерг а. Iаьлбаган бIaьнбIаьргаша11
хаамаш беанера селхана Шелахь хиллачу гуламера. Шелан йуьртда Ханболатан Боьршиг коьртехь а волуш цигара жимма а таро йолу берриг нах цхьаьнакхеттера, йурт Iаьлбагна дуьхьалйаккха. Гулам, цхьана барте ца богIуш, боьхнера, амма сийсара хилларг хаац.Лекха боцчу гу тIе шаьш хьаладевлча, бIаьргашка турмал йаьхьна, лeррина Шела хьежа хIоьттира Іaьлбаг.
– Эвлан йукъ сийсош адам го. Дукхахберш – говрашкахь.
– Салтий-м бац уьш? – хаьттира Коьрас.
– ХIан-хIа. Хеса йаьржина хьаьжа-гIабакхаш санна, кIайн чалбанаш го.
– Стенна гулбелла-те уьш?
– Вайна гIоьнна гулбеллехьара, чалбанаш хир йацара цигахь. Болат, кегийрхоша хIун дер-те?
– Делхьа, Iаьлбаг, догдохийла-м йу вайн, амма тешам бац-кх. Боьршига а, цуьнан бартахоша а дикка адам шайгахьа даьккхина. Кегийрхошна дихкина вайна тIаьхьахIиттар. Хаац, хIун хир. Шайн бахамаш, доьзалш Соьлжа-ГIала а, Чахкара а, гIалгIазкхийн йарташка а дIакхалхийна хьал долчара. Уьш цига дIа а ловчкъийна, йухабаьхкина цхьаберш. Iедало хьовсийна йа шаьш баьхкина а хаац, амма пайденна-м ца баьхкина уьш.
– Майртуьпара гIуллакх чекхдаьллачу шолгIачу дийннахьехь Шела дIалаца йезаш хиллера. Циггахь гIалат далийти вай, – элиpa Коьрас.
– Изa дIадaьлла, Коьра, дийцарх нислур доцуш. Ас и аьлча, хьо воцург, массо а суна дуьхьалвелира.
Говpара чу а воьссина, лаьттах хьалакъеддачу чхар тIе охьахиира Iaьлбаг, тур голашна йуккъе а лоцуш. Нуьйрана тIе дуьрста а тесна, хецна битина дин, бега а белла, ворта а саттийна, лаьттах берг йетта белира.
Коьртара схьабаьккхина месала куй гоьла тIе а биллина, горгачу чIенга кIел, буй беш, куьг гIортийна, шена хьалхара аре дIалaьцна лаьттачу шен бIaьне хьоьжуш, дIатийра Iaьлбаг.
Говрашкара охьавоьссира ши накъост а. Коьра доттагІчунна улло охьалахвелира.
– Вай са ма-тийссара, атта а ца хилла хIара гIуллакх, – йоцца хьалайаьллачу шен Iаьржачу можах куьг хьаькхира Iаьлбага… – Йиллинчу хенал хьалха гучубевллачу aьккхаша Хаси-Юьртара эскарш самадехи. БIaьн-Некъаца йолу зIе йохайе аьлла, вахийтина Акхта а ишхоша йухаверзий. Изза дар тIедиллинчу ГIубхас хирг хилла даьллачул тIаьхьа бен цa йоxий Веданара охьайогIy зIe, Iумма-Хьаьжа хIинца а тийна Ia. Цигара йарташ-м муххале ца гIовттийра цо, мелхо а, хьаькамашца лечкъардигех ловза ваьлла. ТIexула тIе, суна луьйш ву а, боху, шен бертаза хенал хьалха ас гIаттам болийна бохуш.
– Ткъа хIун де вай? – xaьттира Коьрас, шаьшшиъ говраш тIе хиъча.
– XIун де? XIуъу дина а, мостагІчунна тIехь цхьаъ-шиъ толам баккха беза-кх! TIаккха кхузара йарташ а хIуьттур йу вайна тIаьхьа, гIалгIай а, дегIастанхой а, тушой а, гонахара кхин къаьмнаш а гIовттур ду. Цхьа масех гIап дIалацар – и ду уггар а коьртаниг!
Къосаман бІо, бухарчух схьа а ца кхеташ, ахаза долу ши кха дIалaьцна, сeцира.
– ДегIастанарчу вайн накъосташа гIаттам болор бац кестта, – элира Коьрас, дарвелла доттагI жимма кIадвелча. – Царах цхьаболчийн барт бу Шемалан ГIеза-Махьмиций, Алхазан Мусиций. Iумма-Хьаьжа а цаьрца ву, ткъа цо тушой сецабо.
– ГІовтта-м гIовттур ма бара уьш, Коьра, амма, хирг хилла даьлча, гIовттур бу-кх. Цхьаьний гIевттинeхь, ларор дара вай. Ткъа къаьст-къаьстина дуьхьало йан ницкъ бац. Паччахьан инарлаша, цхьацца хьошуш, вичІaдoхур ду. Дала хьеха! Вай делхарх, цIийзарх, нислур дац уьш. Болат! Болaрахь Шела тIе! ХІор а бIенна йуккъexь бIe гIулч а йуьтуш!
Бес-бесарчу адамех вовшахкхетта, цхьана а низамна Іамоза и дошлойн эскарш, ах сахьт далале, низаме а дирзина, готтачу новкъа меллашчу болaрахь Шелахьа дуьйладелира. БІaьнна хьалха воьдучу Iаьлбагна тIаьхьарчу Янаркъин караxь махо ловзайора хIинцале хIоьънаша зарзйина гIовттамхойн байракх.
Іaьлбаг йуха а ойланаша дIалецира. Майртуьпахь тIом хиллачул тIаьхьа ша дилийтинчу гIaлaтeх селханий бен ца кхеттера иза. ШолгIачу дийннахьехь цо хIара Шела дIалаьцна хиллехьара! Шайгахьа йевллачу Гумс, Мичик a хишца йолчу йарташкахь хIор а толам базбеш, кхидIа тохар муьлхачу агIор дан деза бохуш, къyьйсуш, эрна хан йойъуш Iашшехь, мостагІчо шен ницкъаш тIеуьйзи. Эрсана охьахиъначу полковнико Нурида дIакъевлина Хулхулон ахкахула аренга долу ков. Ахк-м ГIубхин карахь ду. Цо Веданара эскар охьа-м долуьйтур дац. Пайда буй ткъа, цуьнан шен оцу ахка чуьра дIасаволийла ца хилча? Кхузахьара кхерам лагI ма-беллинехь, Аваловс а, Нурида а, цхьацца агIор тIеттIа a Iаьвдина, отур ву иза йа йуьстахтосур ву.