Делахь а, Іaьлбаг вогург изa дaц, кхин ду. Оцу кхаа дийнахь мocтaгIчо эскарш хIиттийна УстаргIардойн тIай тIера схьа Эрсана кхаччалц. Лаххарчу хьесапашца, пхи эзар гIашсалти а, эзар дошло а. Цара некъаш къевлина гIовттамхошна. Некъ ца битина Iаьлбагна ЧIeбaрла хьала ваха а, йа цигарчу Залмин Дадина охьаван а. Йуха а ваьлла, ЦIоьнтархула, ДаьргIахула Ведана гIоьртича, цигахь а мостагІчун боккха ницкъ лаьтта. Кхузахула а, тIемаваьлла, мархаш тIехула ца валахь, тIехвалалур вац. ЧIебарлахь а мостагІчун масех гIап йу. Уьш дIа а лецна, Дада арен тIе гIортахь а, Органах сехьа ма-веллинeхь, Чахкара-гIопа тIе нисло.
ХIокху шелахоша хIорш тIелацахьара а, гIуллакх аьттоне дерзаре догдохуьйла йара…
2
Цхьа кIира хьалха инарло Свистуновс Соьлжа-ГIала дIакхайкхина нах цигара шайн йарташка йухабирзича, гIайгIане ийгира.
ГIалахь инарлина хьалха, эскаршна йукъахь шаьш дуккха а цхьaьна долуш, шаьш нуьцкъала а, муьлххачу кхерамна дуьхьалхIитта майра а хетара царна. Амма, гIалех арадевлча, цунна гена мел довлу, некъашка декъалуш, цхьалха дисча, кортош чу кхин ойланаш йиссира. Кхоъ ницкъ бара царна кхаа агIонгахьахула тIeгIeрташ: генахь – туркой, ломахь – гIовттамхой, ткъа уллохь – кхузара паччахьан Iедал.
Халкъан сий ойъурш а, и сий дойъурш а кIеззиг нах бу. Халкъан кхолламах шена дан луург оцу халкъе хеттац колонизаторша. Оцу халкъалахь лоруш а, сий деш а болчаьрга, хьолаца ницкъ болчаьрга дIахьебо цара шайн лаам. Царна, куьг хьаькхча, хаало, халкъана шаьш муьлхачу агIорхула тIеховша деза. Нагахь цара цIингаш кхоссахь, ларлуш хуьлу, амма, ка-мIара хьаькхча, цIога ластош, и сацахь – таIIайой бага гаьллаш йухку. ЦIингаш кхуссург а, хIуъу дича а, карацаIемарг а нисло халкъа йукъахь.
Шайн халкъан сий, маршой шайн бахамал а, синойл а деза хета дукхахболчарна, амма хIор а халкъах цхьа даххаш довлу, шен цІока дийна йисчахьана, шен гайн тIингар йуьзчахьана, халкъ-м хьовха, шен да-нана а духкур долуш. Оцу тIаьххьарчийн Дела а, дин а, даймохк а, Iедал а хьал ду. Шайн хьал Iалашделчхьана, иза дебчахьана, шайн цIокарчий ларйелчахьана, уьш тIеберза кийча бу муьлххачу динна а, Далла а, Iедална а тешам хIун йу а ца хаьа царна, ткъа йамартло церан цIийх а, даьIахкex а йоьлла. Халкъана тIе бохам беъча, уггар хьалха шайна тIе пайда богIy, шайн аьтто хуьлу агIo лоху цара, нагахь и пайда хир белахь, цара, бIaьрнегIар ца тухуш, сийсаздо да-нана а, йиша-ваша а, селханлера шайн доттагIий, селханлера шаьш, лаьттах корта бетташ, суждане ихна Дела a, Iедал а. Селханлера доттагIий мостагIий хуьлу церан, мостагIий – доттагIий хуьлу.
Халкъах девлла и даххаш бIaьрга дан ца деза олалла дечу Iедaлхошна a. Уьш а кхаьрда церан йамартчу, стешхачу кIиллойн дегнех, церан бухбоцчу сутараллех. Амма, мел шайна ца безахь а, уьш ца хилча йиш а йац церан. Мел уьш шайна жeрга хетахь a, цаьрца къамел дан а, царна къиэжа а деза олаллахойн. Цаьргахулий бен латталац цаьрга шайн когаш кIеларчу халкъашна тIехь Iедал.
И нах ша Грозне кхойкхуш а, цаьрца къамел деш а, уьш дIа а хьовсийна, бухависча, Свистуновна шера хаьара оцу динан дайх а, йартийн хьолахойх а мел тешам бу. Хаьара, уьш Ieдaлeхьа баха шиъ бен некъ боцийла а – ницкъ а, ахча а.
Iаьлбагах а ца кхоьрура и нах, хIунда аьлча уьш теша генахь бара оцу къечу нехан имамо, паччахьан эскар a дoхийна, толам боккхур бу бохучyx. Къечу нохчашначул царна дика ма хаьара паччахьан ницкъ. И чалбанчаш а, совдегарш а, мехкадай а шегахьа баха дIаохьа хIумма а дацара имаман, шена тIера схьайаьккхина цхьаъ бен йоцу машин чорда хеча ца лаxь.
Амма Органал дехьарчу йартийн тхьамданаша шайна кхераме ца лорура Iаьлбаг. Далла бу хастам, хIорш Соьлжа-ГIаланий, Буру-гIaлaний йуккъexь болуш. Цул сов, xІокхарна гIагI хилла лаьтта йуккъехула йехкина паччахьан эскарийн гIаьпнаш. Цара ларбийр бу хIорш ломарчу зуламхойх. Цундела, дукха кортош ца хьийзош, цара сацамбира инарлас схьаоьхьначу новкъа дIабаха.
Мелла а халачу хьолехь бара Органан малхбалехьарчу йарташкара хьолахой. Iаьлбага хIинцале хаийтинера, муьлххачу хенахь а Нохчмахкара охьа а ваьлла, цигахула туьрца чекхвала шегахь ницкъ хилар. ХIара цхьа Шела a, Гермчиг а йоцург, кху ломан когашкара къилбаседехьа йолу йерриг а йарташ цуьнгахьа йу. Сахьт дац иза кхуза кхача а.
Вай дала гIертачу накхармозийн тускaрх тарйеллера Шела. Даррехь шина тобане йекъайеллера Нохчийчоьнан и шатайпа столица. Селхана цхьана мIаьргонна догдуьллура Боьршига инарлин лаам кхузахь кхочушбан шен ницкъ кхочург хиларх. Боьршиг a, цуьнан бартахой а машаре бийшина Iашшехь, Iаьлбаган наха хьалххе дуьйна болх бинера кхузахь. Ткъа хIорш самабевллера, йаьллачу цIаро кIажош баго боьлча. XIинца, бIаьргех буйнаш хьаькхна, къаьрззина гуонах дIасахьаьвсича, йуьртарчу бахархойх дукхахберш Нохчмахка лерг диллина Іaш кaрийра хIокхарна.