Йукъ-йукъа девллачу маьхьарша хадийра Іaьлбаган къамел.
– Оха хаьржина иза!
– Тхан лаам бу цо кхайкхийнарг!
– Хьайн гIеранца цIехьа йахийта!
– Тхо хIаллакдан воллу хьо!
Мохь бол-болучу дIа а хьожуш, эриг ала вуьтуш, цхьана йукъана сeцира Iаьлбаг. И маьхьарий дeттарш Боьршиган бартахой хилар шера гора.
– Дика ду, шелахой, – резахилла корта таIийра Іaьлбага. – Нагахь оцу Боьршига аьлларг шуьгара делахь, шун йуьрта гIертар дац тхо. Амма, хаалаш, Ханболатан Боьршиг а, цунна уллохь лаьтта хьаьжой а, совдегарш а, массо а уьш шу, шелахой, даларх, шу сийначу цIарах дагарх, шек дIа бовлуш цахилар. Хьовсал шайга а, цаьрга а! Церан а, шайн а беснашка а, духаре а! Церан туьканаш, шортта мохк, хьал, бахам бу, ткъа шун хIун ду? Аш мацалла хьоьгу, къоьлла къикъдоьлла, ткъа уьш хьоло хьерабаьхна. Шу, Iедало дацийна, гIорлaдoлийна, денна тIейеттачу налогаша чIанадаьхна. Куьйган бакъонаш а йайъина, лоллехь латтадо. Маса ву шуна йукъахь сахь хьаьжкIаш йен лаьттан коржам йоцуш! Маса ву шуьлахь тахана берашна чорпа йан кана ахьар доцуш! Маса ву шуна йукъахь шайн доьзал хене баккха гIалгIазкхийн йарташка, гIумкийн элийн мехкашка йолах балха ваха везаш! Маса ву шуна йукъахь оцу дIогахь лаьттачу, аш «тхьамданаш» аьлла цIе тоьхначу шун йуьртахошна йалхой хилла чухIоьттина! Хьалдолчу шун вежарех цхьа а веаний шун мецачу, дерзинчу берашна сискалан йуьхк, тIейуха коч йохьуш?
Коьрина гора нахана йукъарчу дукхахболчийн кортош охьаоьхуш. Йукъ-йукъара кегийрхойн маьхьарий девлира:
– Бакълоь имам!
– Byьзнарг цкъа а вац мецачун ваша!
– Уьш Iедало, тIе хьакхар хьоькхуш, кхобу!
– Хьайн чIинкъ сацайе, къутIа, цIа догIур дац хьо?!
– Нах! Оцу писо дуьйцучуx Iеxa мa лолаш!
– Пис хьо йу-кх, Боьршиган йалхо!
Урх оьзна, говр меттах а йаьккхина, адамийн тобанна хьалхахула дIасаволавелира Iаьлбаг.
– Ма мотталаш, тхо, дуьзна, хьерадевлла лела! Шу санна, пекъарш бу шуна герз караxь ломара охьабевлла хIара суна тIаьхьарниш. Вайн халкъана маршо йаккха, Iедало цуьнгaрa дIадaьккхина латта йухадерзо, Iедало а, меттигерчу цуьнан хьадалчаша а вайна тIехь латто харцо ца лайелла, гIевттина. Тхан йерриг дегайовхо шуна тIехь йу, шелахой, гермчигаxой! XIунда лаьтта шу шина дагахь? Вац шуна йукъахь кху йарташкара бевллачу нохчийн маршонан кIентийн, цIарна а цIе йаханчу къонахийн Iабдул-Къедаран, ХІовкин, Оьздамаран, СаьIад-моллин, Домбин, ТIeлхаган тIаьхьенах цхьа а? Йа тIаьхье йоцуш байна-те и къонахий? Ма Iexaдaйтa шaьш паччахьна бохкабеллачу шайн молланашка, хьаьжошка, эпсаршка, совдегаршка!
Дехьахь лаьттачу йуьртан тхьамданашна йукъахь гIовгIанаш йевлира. Шед тоьхна, говр кхоссайолуьйтуш, хьалхаиккхинчу Боьршига йукъахваьккхира имам.
– Оцу мезийн тIуьйлиге ла хIунда доьгIу аш, нах?! – бетах шеташ туьйсуш, мохь туьйхира цо. – Ца хаьа шуна, стохка Маккара цIа вогIуш, иза Уьстамалахь туркошна вохкавеллийла? Туркойн деши ду шуна цуьнан мотт баьстинарг! Шайна гIoьнна вай гIовтто ваийтина. Ткъа шу, Іовдалш, Iеxадала кийчча ду!
– Лалла иза!
– Iедална муьтIахь хила!
– Иза, кeрста Iедал делахь а, Делера ду!
– Цунна дуьхьалгIеттинaрг Далла дуьхьал гIотту!
– Хьайн туркой болчу йахийта, вахкавелла нохчмахкахо!
Хьалха лаьтта и хьолахой а, цара эцна тобанна йукъара нах а карзахбевлча, Iаьлбагна йуxxe таьIира цуьнан вежарий, Къосам, Нурхьаьжа, Къайсар, Коьра, Болат, Елисей, Овхьад. Амма Iаьлбаг шек дIа a вaцара. Жимма корта агIор а баьккхина, халла хаалуш вела а къиэжаш, цо собаре ладоьгIура наха хьоькхучу маьхьаршка.
– Дика ду, нах, – говр меттах а йаьккхина, жимма хьалхавелира иза. – Со туркошна вохкавелла, боху шун тхьамданаша. Цара дуьйцучуx тешарш а хир бу шуьлахь. Ас а, суна уллохь лаьттачу сан шина вашас а Къуръан тIехь дуй буу шуна, ас лелориг туркойн мотт-ишарца а, цаьрца бертахь а дац аьлла. Ткъа аш, Боьршиг, шелахойн тхьамданаш, аш буий дуй, шаьш лелориг паччахьан Iедалан бертахь дац, Iедална шаьш дохкаделла а дац аьлла? Дист хIунда ца хуьлу шу?
– Цара-м, хьаха, Къуръанаш а дуур ма ду, шайна дато сом делча! – гIадвахана велавелира хьалхa лaьтта лекха, хьорзам санна, векъана стаг.
– Сом хьехадо ахь-м, цхьа къикъвоьлла эпсар велавелла шайга хьожург а!
– Вежарий! Стенна лаьтта вай кху йуьртарчу совдегаршка, эпсаршка ладоьгIуш? Имамна тIаьхьахIитта! Йаккхалахь – маршо йоккхур вай, ца йаккхалахь – делла дIадевр. ХІокху харцонал, къоьллел делла дIадовлар гIоли ду!
Шелахойн барт боьхча, цунах пайда а эцна, йурт дIалаца дагахь, сихха дой йуха а хьовзийна, шайн бIaьна хьалха хIиттира Iаьлбаг а, цуьнан гIоьнчий а.
Іaьлбага, баттарa дaьккхина тур хьала а лаьцна, охьаластийча, цунна тIаьхьа лаьтта кхо бIе дошло, цхьатерра меттахваьлла, йуьрта волавелира. Шелахойн тхьамданаша, тIехула лаьцна, тоьпаш туьйхира цхьа бIe гIулч шайна хьалхахула чекхбуьйлучу гIовттамхошна. Цара лелориг моттаргIанна хиларе догдохуш, ца соцуш, хьалха дIаоьхура Iаьлбаг. Амма эрна хиллера цунна хетарг. ШолгIа шаьш тухурш хӀокхарна йуккъе лаьцна туьйхира шелахоша. Кайаьллачо – тIе, aьтто цa нислучо – тIехула а тухуш, тоьпаш йетта йолийра тхьамданийн тобанна хьалха а, йуккъехь а лаьттачу бартахоша а.