– Вайн масех стaг вожийна! – мохь белира Iаьлбагна тIаьхьавогIучу Къосаман.
Iаьлбага, урх оьзна, тIаьхьарчу когаш тIe xІоттийра говр.
– Йухадовла! – омра дира цо. – Янаркъа, байракх охьайахийта!
ГІовттамхой йуxабоьрзуш гича, майраваьлла Ханболатан Боьршиг, баттарa дaьккхина тур хьала а лаьцна, луьйтанашна тIехь ирахIоьттира.
– Шелахой! Паччахьна муьтIахь верг суна тIаьхьавола!
Ша хаъал хилчахьана, цкъа а тIамна улло ца воьдуш, кхyзткъа шаре ваьллера Боьршиг. Шен нийсархой герз буйнахь къийсамехь бахчaлyчу хенахь даим аьршица гIуллакх хиллера цуьнан. Герз ца доьхкура цо, хьошалгIа воьдуш куьцаний бен. Ткъа тахана шега хIара майралла йоссарх ша-шех цецвуьйлура иза. Дас, Ханболата, шен туькана а ца хьийзош, оьрсийн эскаре дIавелла хиллехьара! XIинцале, лаххара а, полковник хилла хила а ма магара цунах. Амма тIаьхьа ду-кх. Къанваллалц ваьхча, йуьртда бен ца хили цунах…
– Iайт! Ма вахийталаш! ТIетоха! – мохь беттара цо.
«Ткъа Эрсанна уллохь эскарца лаьтташ полковник Нурид вацахьара, хир варий-те со сел майра? – ойла йора Боьршига. – Ца хилча ца волура. Ца хилча, инарлас хьаькамаллех а, хьолах а воккхур ву. Коьртах ваккха а мега. И полконак мa вaц гучуволуш? Цo дoш ма деллера, оха топ ма-кхоьссинехь, гIоьнна кхача. Тешнабехк бина-кх цо! XIумма а дац, хIорш оха тxaьш дIалаьхкина. Хастам со цхьанна буьсуш боллу».
– ТIетоха!
Омра а делла, тур батта а даxийтина, кочара топ схьайаьккхира Боьршига. Хьежош а ца Iаш, сирачу динахь хьалха воьдучу Iаьлбаган букъа йуккъe a хьажош, топ туьйхира цо. Амма имам, шек дIа а воцуш, хьалха дIаоьхура. OьгIазвахана Боьршиг тапчанах тасавелла воллуш, Іaьлбага, цIеххьана йухахьаьжна, схьатоьхначу тоьпо говраца цхьаьна йуьхьарвахийтира Боьршиг. Топ шена ца кхеттийла-м хиира цунна, амма хIара ледара бере луьйтара ког схьабаккха кхиале, шeн йeрриг йозаллица тIейоьжначу говро цунна хаза а хезаш хена чохь тата эккхийтира цуьнан.
«Ванах, пIендарш-м кегделира, гIогI а дойна-те сан? – кхеравелира Боьршиг. – Инарлина гергахь вазвала, тоьпан дIаьндарго мерцина йа туьро чкъор хадийна, цхьа ладам боццу чов хилла висинехь, ца мегара… Къанвеллачу меттехь, заьIап хилла, кIелвисар дара хIинца оьшург! ТIаккха ас хIун до хьолах, чинах… тIаьххьара йалийначу къоначу зудчух а…»
Боьршиг кхетамчуьра велира…
4
Iаьлбаг шен коьртачу ницкъашца Шелана тIеволавелла аьлла, хаам кхаьчча, синтем байра Свистуновн. ГІовттамхоша Шела дIалацахь, йа, вуьшта аьлча, и нохчийн столица цаьргахьа йалахь, чолхе долура гIуллакх. ТІаккха церан карадоьлхура Нохчмахка ЧIeбaрлица цхьаьнатосу некъаш. ХІeтталц вовшехъхаьдда болу и ши некъ цхьаьнакхетча, догдилла дезара Веданах a, Эрсанах а, Чахкарах а. Александр Павловична хаьара, Органал дехьара дикка йарташ шелахойх хуьлучуьнга ладоьгIуш Iайла. Нагахь гIовттамхойн гIуллакх цигахь кхиамца дерзахь, уьш кийчча йара цаьргахьа йовла.
Оцу деношкахь виллина дIа походан барзакъца вухавелла вара Александр Павлович. Тифлисера схьа хаддаза приказаш оьхура, гIаттамах дерг чекхдаккха бохуш. Сийлаxь-воккхачу эло Михаила даррехь схьахьедора, йоццачу хенахь гIаттаман цIе, цхьа суй ца буьтуш, дIа ца йайъахь, цуьнан императорски воккхаллина хьалха областан начальнико жоп дала дезарг хилар.
ХІоьттинчу хьолан кхерамалла хууш волу Александр Павлович, Владикавказера шен доьзал а бицбина, хьаьдда Грозный веанера. Цо шен буйна лецнера тIеман операцин дeрриг пхенаш. Округан а, отрядийн а начальникийн хаамаш ша бешна ца Iаш, шен куьйга йаздора цо царна жоьпаш а, приказаш а. Ша йаздо приказ чохьволчу масех эпсарна а, адъютанташна а хозуьйтуш йаздора цо. Ткъа царах хIорaммо а дIайаздора цуьнан багах мел даьлла дош. Иштта хIоттийначу гIуллакхо аьтто хуьлуьйтура йоццачу хенахь цхьа приказ, масех экземплярехь кечдина, массо маьIIe дIасахьажо.
ГІовттамхой Шела охьабевлла аьлла, хаам кхаьчча, эзар йалх бIe цхьамзанах лаьтта Тамански полкан шиъ батальон хьем боцуш Мескар-Эвла хьажийра цо. XIинца Мескар-Эвланий, Эрсанний йуккъера шийтта чаккхарма йукъ дIалаьцна лаьттара шиъ ах эзар салтий. Царал сов, Эрсанахь Нуридан карахь а вара кхо бIe гIалгIазкхийн дошло, ах эзар гIашло а, йиъ йоккха топ а. Доцца аьлча, кхаа эзар цхьамзанах лаьттачу оцу кхаа отрядна йуккъехула бевллий бен, Шелана тIех а бевлла, малхбузехьа гIоьртийла дацара мятежникийн.
Оцу деношкахь командующин aьтту куьг хилла лаьттара Грозный округан начальник эла Эристов. Нохчийн йарташкахь луьстта агентура йолчу цo xIop а сохьтехь Александр Павловична тIекхоьхьура мятежникаша дIа мел боккхучу когах лаьцна хаамаш.
Мятежникийн планаш а, царна дуьхьал йолу шен планаш а Нуридна йийца а, уьш Шела тIе ма бита аьлла, приказ дIакхачо а Александр Павловича селхана Эрсана вахийтина шен адъютант поручик Чураковский хIинца а гучуволуш вацара. Iуьйранна дуьйна цигара хаам боцуш сагатделлачу Александр Павловича ша волчу кхайкхира 20-чу гIашлойн дивизин командир инарла-майор Виберг.