Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Ишттаниш дуккха а белахьара, дика xир дара, – доккха сaдaьккхира Виберга.

– Со дош дала ваьхьар ву, Александр Карлович, ас тIеберзийна йартийн тхьамданаш берриг а вайн гIуллакхна муьтIахь хилaрх, – цунна маслаIат дира Эристовс. – Кхин некъ ма бац царна.

– Гур ду-кх кхидIа. Дала хуьлуьйтийла иштта!

– Дикане догдохур вай, господа! – хьала а гIеттина, куьйгаш вовшехъхьакхийра Александр Павловича. – Баккъал а, Николай Богданович, кхин некъ ма бац царна. Суна хетарехь, царах цхьа а хир вац шен цІока ца йезаш. Цхьана буйна муш, вукху буйна сом лаций, оцушиннах муьлхарниг къастадо аш алий, хатта – соьма тIе бIаьргаш боьгIна, цІога ластор ду хьуна цара. Йуккъехула ала ас, Николай Богданович. Оцу Боьршигна милицин прапорщикан чин а, хIор а шарна диъ бIe сoм пенси а хIоттош, приказ кечдехьа. Милицехь эпсаран ваканси йуй вайн?

– Сан округеxь йу, – жоп делира Эристовс.

– XIета, и ваканси Боьршигна дIало. Пенсел сов, шарна йалх бIe сом алапа а хIоттаде. Цунна гIо дина хьаьжой а, молланаш а ма бицбе. Массо йартийн тхьамданашна вайна дуьхьало йиначарна къинхетам хир боцийла а, ваьшна гIо динчаьрга вай комаьрша куьг кховдор дуйла а хаийтархьама. Ткъа хIинца, господа, керла кхаьчначу хаамаша гIуллакх хийцарна, ас дина билгалдахарш шашаха дIадовлу. Шу мукъа ду.

Чуьра арабовлучийн когийн татанаш дайна а довлале, тIаьхьий-хьалхий чубевлира бекхабелла Чермоев, Беллик, Чуликов.

– Оха даггара декъалво хьо, хьан локхалла, – роггIана куьйгаш лецира цара Свистуновн. – Мел боккха кхаъ бу Шелахь мятежникаш эшар!

– Кхечу агIор хила йиш йарий ткъа хьан локхалло вовшахтоьхна гIуллакх!

– Баркалла хьуна, хьан локхалла!

– XIинца кхийти со йуьхьанца дуьйна сайн кхерар эрна хиларх. – Свистуновна хьалха суждане вахара Беллик. – Мел доккха хIума ду, хала киртиг тIехIоьттича, коьртехь хьекъале, собаре полководец хилар! Хьан локхаллина дика хууш хилла-кх дан дезарг а, дита дезарг а. ГIала чагIйеш, ас тахханалц хьегна къа эрна хили-кх!

– XIун дуьйцу ахь, Петр Гаврилович?! – куьйгаш ластийра хазахетар баккъала а тIехдaьллачу Свистуновс. – Со цхьаннах дозуш ма дац толаман гIуллакх. Аш массара а гIо цa динeхь, шу дика ца хьаьвзинехь, со цхьаъ веттаваларх, хир ма бацара и толам. Хьайн къаналле ца хьоьжуш, дийнахь-бусий синтем боцуш хьийзира хьо а. Со тешна ву, кхидIа а аш со тесна вуьтург цахиларх. Баркалла шуна, господа!

– Тхайн синош вайн императорски воккхаллина дIадала кийча ду-кх тxо! – дезза элира Чермоевс.

– Иза-м шеко йоцуш дара, – тIетайра Чуликов.

– Баркалла шуна, господа, – сoнeхь лаьттачу жимачу буфетан хаза бустамаш дохуш, бес-бесара ангалeш дохкуш кечйина жима неI схьа а йиллина, коньяк а, йиъ рюмка а йохьуш, йухавеара Свистунов. – Господа, таханлера де вайн толаман йуьхь лору ас. Цунна тIера цхьацца кад мер вай!.. ДIаэцал, господа. Цуьнан Императорски Воккхаллин могашаллина, вайн толамна тIера!

– Дуккха а вехийла Государь Император!

– Амин!

– Амин!


XIII корта. ТАЛЛАР ДОЛИЙНА


«И хIун йу, дIо лепарш, лаьмнашкахь

Гой хьуна Iуьйренaн серлонгахь?»

«Го дера – мостагIийн байракхаш!

Йо Дела, Iалашде тxан бераш!»


Шиллер. Бераш дойъурш


1


Аренан йарташа тIе цa эцна Іaьлбаг, шен кIеззигчу ницкъашца Нохчмахка йухаваьллера. Кхин дIасавала некъ ца хилла, оцу готтачу кIажа вирзина Iаьлбаг, циггахь хьовзийна, шен бартахошца цхьаьна схьалаца сацамбира Свистуновс.

Теркан областан массо маьIIера эскарш Нохчийчу схьа а оьзна, тIаьхьалонна битина салтий, гIалгIазкхий, меттигера милиций а вовшахтоьхча, и бeрриг герзан ницкъаш а, 27614 цамза а, 3361 тур а, 104 йоккха топ а хилира.

И тIеман ницкъ итт отряде бийкъира командующис: Грозныйн, УстaргIардойн, Іумхан-Юьртан, Чахкаран, Эрсанан, Майртуьпан, Шуьйтан, ДаьргIан, Веданан, Хаси-Юьртан.

Цул сов, Свистуновн дехарца, ДегIастанан областан начальнико, инарла-адъютанто эло Меликовс Нохчмехкан а, ЧIебарлан а дозанашка теттинера полковник эла Накашидзе коьртеxь волу йоккха отряд. Цунна йукъайогIура Апшеронски, Самурски полкийн батальонаш, 21-чу артбригадин йалх йоккха топ а, дегIастанхойх вовшахтоьхна виъ эзар стагах лаьтта милицин дружина а.

Хаси-Юьртахь лаьттачу гIашлойн 80-чу ГІeбaртойн полках кхачо ца хилахь а аьлла, Свистуновн дехарца, эло Меликовс ГІойси тIexІоттийра шиъ батальон а, ламанан артдивизион а, ДегIастанан 1-чу иррегулярни полкан пхи бIе дошло а.

ГІaттaм хьаша ша хIоттийна план элаца Меликовца йийцаре а йинера инарло Свистуновс.

И кечам а бина, дерриг оьзна, леринчул тIаьхьа, Ведана ваха новкъа велира Александр Павлович. Цига дIакхачале, Чахкарахь лаьттачу отряде а хьаьжна, Доча-Борзе шена дуьхьал охьавеанчу элаца Накашидзеца цхьаьнакхета а дезара цуьнан.

Чахкараxь полковникца Нуридца шийлла цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, шен конвойца Органан ахка чу вуьйлира иза. Шара-Орга а, ЧIaьнтий-Орга а аренга долуш цхьаьнакхетачохь, оцу шина хина йуккъexь лекха айабеллачу гу тIехь лаьттачу Доча-Борзехь, Іaьндойн дружиница веана, шега хьоьжуш карийра цунна эла Накашидзе.

Перейти на страницу:

Похожие книги