1. Оха къoбалдо Россин империн чоьхьарчу губернешкахь лелаш долу граждански, суьдан, иштта дIа кхидолу дерриг законаш. Уьш лиэра а, цхьа а тайпа дIасахьийзам боцуш кхочушдан а реза ду тхо.
2. Тхан цхьа а тайпа мостагIалла дац оьрсашца а, йа кхечу къаьмнашца а. Нагахь гIалгIазкхашний, тхуний йукъахь ваьснаш, девнаш делахь, уьш а данне а тхо шинхьарчийн бехкeннa дaц, ткъа Ieдaлaн векалша лелочу харцонийн жамI ду. Амма тxaьш, уьш санна, Россин пачхьалкхан гражданаш хиларе терра, тхайца цхьана махкахь, цхьана лулахь бехачу гIалгIазкхашца экономикин хьелашца а, граждански, политически бакъонашца а нисдар а лоьху оха.
3. Нохчийчохь, къаьсттина лаьмнашкахь, лаьттан мацалла хIоьттина. Хьалха тIом болчу хенахь гIалгIазкхийн дола дIабелла станицашна оьшуш боцу, буьйш-берзош боцуш, тIе къух даьлла, эрна лаьтта мохк, царний, тхуний нийсо йеш, бекъар, тхуна кхочург законехь чIaгIбеш, йуxaнeхьа тхан долабаккхар, цига йарташ, кӀотарш йахка йа, кхузара дIа а оьхуш, иза лело бакъо йалар.
4. Хьалха тIом болуш а, и дIабаьллачул тIаьхьа а ломахь а, аренца а, йарташкара дIа а баьккхина, нохчийн эпсаршний, совдегаршний, динан дайшний совгIатна бекъна эзарнаш десятинаш мохк хьалха хиллачу дайшна йухаберзор.
5. Пачхьалкхан долайаьхначу хьаннех халкъе пайдаэцийтар.
6. Нохчийчуьра тIеман Iедал дIадаккхар а, иза граждански Iедалца хийцар а.
7. Халкъана тIехь латточу Iазапан, харцонан гIортораш, цуьнан бакъойацаран билгало хилла лаьтта Нохчийчуьра йерриг тIеман гIаьпнаш, эскарийн гарнизонаш дIайахар а, цара дIалецна дежийлаш а, цанаш а йарташна йухайерзор а.
8. Нохчашкахь герз дитaр, йа, гIалгIазкхашкара а цхьаьна, массаьргара а дIадаккхар.
9. Дуьхьало йоцуш Грозне, кхечу гIаланашка а мехе, балха баха нохчашна бакъо йалар, балха бахана нохчий къинхьегаман йола тIехь муьжгащца йа гIалгIазкхашца нисбар.
10. Нохчичуьнгара йа гIалгIазкхичуьнгара зулам даьлча, зуламхочунна цхьана законехь таІзардар, тхан йарташка текхамаш байтарца таІзаршдар дIадаккхар.
11. Пачхьалкхна ворданашций, некъаш дохушший тхоьга маьхза болх байтар дIадаккхар йа оха бинчу балхана нийсонца йал йалар.
12. Йаpтaшкахь йуьртдай, молланаш, къеданаш Iедало хIиттор дIадаккхар, уьш тхайгга харжийтар. Тхан йаккхийчу йарташкахь къехойн берашна деша цхьаццанхьа школаш йахкар.
Нагахь и лакхахь гайтина тхан лехамаш кхочушбан Iедало тIе а лацахь, цунна лераме тоьшалла а лаxь, тIаккха тхо кийча ду, герз охьа а диллина, къийсам сацо. Амма, Iедало тхан лехамаш кхочуш ца бахь, оха дуьхьало йийр йу тIаьххьарчу стагана тIехIотталц.
Имам
1877-чу шеран 1-ра май.
Нохчмохк»
Овхьад кеxат дешна ваьлча, цхьана ханна тийналла хIоьттира чохь.
– Дика аьлла, чIогIа дика, – эххар а вистхилира Іaьлбаг. – Вай бакъ лоь. Вай нийсо лоьху. Далла гергахь а, Iедална гергахь а, халкъана хьалха а вай цIена ду-кх. Мацахлeрчунна а дайна, хIинца хIара кеxат инарле дIа муха делча бакъахьа хир дара?
– Цунна тIe вeкaлш бохуьйтур бу-кх.
– Мил-мила дика xир вара?
– Цхьаъ – со.
– Хьо могаш мa вaц.
– Вала воллуш а вац. Схьахетарехь, инарла Веданара охьа Aьккха гIоьртур ву. Цигахь аттахо хир ду цунна тIекхача. Соьца кхин мила хир ву?
– Лорса-Хьаьжа а, Акхта а, – элира Iaьлбага, ойла а йина.
– Со а, – тIетуьйхира Овхьада.
– Хьо ца оьшу, – корта ластийра Берсас.
– XIунда?
– Цкъа-делахь, тешам бац инарлех. Векалш дIа а лецийтина, ирхъ-охкийта а эхь дац цунна. Законе даьккхича, вай зуламхой ма ду. ШолгIа-делахь, хьой, Васаллий Соьлжа-ГIалий, гIалгIазкхийн станицашкий ваха веза. Царна вайн ойла а, Iалашо а йовзийта. Уггар коьртаниг – машаречу оьрсашна вайгахьара цхьа а тайпа кхерам боцийла хаийта.
– Ой, иштта кхераме хилча, инарлина тIе хьо муха вохуьйту? – вуьйхира Iаьлбаг.
Берса велавелира.
– Со-м чекхваьлла стаг вара, Iаьлбаг. ТІe, кхерамех ида а ца гIевттина вай. Маца доьлху тхо?
– Хаац. Инарла кхана а Веданара охьавала тарло. Шу кхоъ цхьанхьа новкъахь сецча, муха хир дара-те?
– ЧIoгIa бакъахьа ду.
– Делаxь, вовхха кечлохьа. Буьйса тIуьно йу.
3
Веданахь отряде цхьана сохьтехь са а даIийтина, цигахь лаьтта хIирийн а, гIалгIайн а йиъ сотня шех схьа а тоьхна, ДаьргIа веара Свистунов. Меттигерчу бахархойх лаамхойн милицин отрядаш вовшахтохар дика дIадоьдуш карийра цунна. Элан Аваловн а, капитанан Пруссaкoвн a отрядашкахь шишша бIe стаг вара. Амма оцу бес-бесарчу адамех цхьаьнакхеттачу гIеранна дика реза а ца хилира командующи. Йартийн лакхенийн нахал сов, оцу йукъахь бу, бохура, къуй а, цаьрга терра кхидолу йовсарш а. Цхьана агIор-м уьш пайдe бара цуьнан Iалашонна. Амма царах тешам бацара минотана а. И ши отряд а, хIирийн, гIалгIайн сотняш а гулйина, царна хьалха доцца къамел дира цо: