– Пурба ло тхуна, хьан локхалла, нохчийн мехкан уггар ширачу лаьтта тIехь хьо даггара декъалван. Тхуна чIогIа лаьара сел воккха, веза хьаша нохчийн къоман гIиллакхехь лераме тIеэца, амма хIиттинчу хьелаша таро лац тхан дегнийн лаам кхочушбан. Ма-ттов ца хилча, ма-торру олуш, кица ду тхан халкъан. Оха даггара декъалво хьо Нохчмехкан лаьтта тIехь!
ЭгIазчу къамелхочо, шен дош чекх a дaьккхина, байн корта таIийра. Цуьнцанна кортош таIийра тIехьа лаьттачу кIайн, шуьйра маж йолчу зоьрталчу воккхачу стага а, цунна уллорчу буьрсачу къонахчо а. Цаьрга хьаьжча, даг чу велар иккхира инарлин. Дика Іамийначу комедех тарлора цунна оцу кхаа туземцо лелориг.
– Муьлш ду шу? – xaьттира цо кIоршаме.
– Хьан локхалла, имамо Iаьлбаг-Хьаьжас хьуна тIе хьовсийна халкъан парламентераш ду тхо.
ГIуллакх хазачу долуш хийтира инарлина.
– ХIун дохьуш даьхкина шу? Къинхетам боьху аш?
– ХIаъ, хьан локхалла, халкъо къинхетам боьху Цуьнан Императорски Воккхалле.
– XIун ло аш къинхетамна дуьхьал? Зуламхой схьалой?
– Халкъо доьхург оха йаздина схьадеана, хьан локхалла. Ахь пурба лаxь, доьшур ду ас.
– Деша, – доцца кхоьссира инарлас.
Чоин чета куьг дахийтина, схьадаьккхина кехат, даржа а дина, деша вуьйлира Берса.
Кехатан хьалхарчу пункто йуьххьехь ойла хийцира Свистуновн. Цо леррина схьалоьцура эгIазчун хIор а дош. ХIан-xIa, мятежникаша лелориг забар йац. Уьш тера а бац бIаьрзе гIевттинчу адамех. И вовшаxкхeттарг, дика ойла йеш, кечйина политически а, тIеман а организаци йу. Амма воха а, кхеравала а мегар дац. ТIаккха мятежникийн дог-ойла айъалур йу. ХІокху минoтeхь собар а, ницкъ а гайтар оьшу…
Ша дешна ваьлча, халла хаалуш корта а таIийна, кеxат инарле дIакховдийра Берсас. Свистуновс, агIор балдаш саттийна, схьаэцна иза, буьрса ши бIaьрг векалшна тIе а боьгIна, кегийра цуьргаш йеш, этIа а дина, хIаваэхь даржийра. Говран урх оьзна, иза дIаволавала кечвелча, сацийра Берсас.
– Господин инарла, и аxь этIийна кехат нохчийн халкъан цIарах Цуьнан Императорски Вокхалле йаздина дара. Паччахьан йалхойн бакъо йуй-те цуьнга йаздина кехаташ этIо?
Свистунов вуьйхира, амма цо иза, шен берриг ницкъ тIе а гулбина, къайлaдaьккхира.
– Муха даьхьира шу оцу тайпачу лехамашца суна дуьхьалдахка?
– Тхан лехамаш законехь бу, господин инaрлa. Веккъа цхьана Императорски Воккхаллин бен бакъо йац царна дуьхьал жоп дала.
– Ой, къийса ойла а йу хьан? Цул, суна баркалла ала, шаьш кхоъ оцу дIогарчу диттийн гаьннех хьала ца оллуьйтуш витарна!
– Тхо халкъан йа тIом бечу цхьана агIонан машаре парламентераш ду, господин инaрлa. Хьан бакъо йац дуьненан халкъийн йукъара гIиллакх талхо.
– Ткъа ахь, господин парламентер, дицдо хьо Iедална дуьхьалгIевттинчу мятежникаша схьаваийтина хилар!
– Къуьйсур дац вай, господин инaрлa. TIаккха цунах йеха истори хуьлу. Оха хIун ала тxaьш схьахьовсийначу гIаттаман тхьамданашка?
– Ас этIийна кеxат ду шуна жоп.
– Хьо сихвелла, господин инaрлa. Тхо акха туземцаш делахь а, хьо оьрсийн дворянин, оьрсийн эпсар, паччахьан векал а хилар ма дицде. Хьоьгахь товш дац сoбaрх, гIиллакхах вохар, кхерамаш а туьйсуш, тхоьца къамел дар а.
Берсас нийса йинчу Iоттаро карзахваьккхира инарла.
– Схьахетарехь, хьо кӀорггера европейски образовани йолуш стаг ву, господин парламентер. Хьо хила а мега уьш карзахбаьхнарг. Амма хьуна ца хаа йиш йац Россин истори, шу санна, гIевттинчу оьрсийн муьжгашна тIехь Iедало йина бакъонан кхиэл шуна тIехь а хир йуйла. Цхьана минотна дагалаца Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, декабристийн чаккхе. Церан хилла кхоллам хир бу шун а. Оцу шун лехамашна жоп ас сайца дIадохьуш ду, ала шайн мезечу имаме.
Говран урх хьайина, дIаволавелира инарла. Цуьнан свитина а, тIаьхьайогIучу отрядашна а некъ буьтуш, керта улло таьIира Берса a, Акхта а, Лорса-Хьаьжа а.
Иттех минот йалале, говрийн бергаша, хьешна, лаьттах эйина, йайъира церан кехатах йисина цуьргаш…
Амма ЦІоьнтара а кхачале командующи валлал дохковелира имаман векалца ша шога къамел дарна. Новкъахь дуьхьалвеанчу геланчо Батьяновгара кеxат делира цуьнга:
«Салатави йерриг гIеттина, – йаздора Батьяновс. – ГIевттинчу сaлaтaвхоша БуртIунай-гIопана блокада йина. ГІопан гарнизон хих дIaxaдийна цара. Сайн коьрта ницкъ цига дIабига деза сан. Цигара гIаттам хьаша кечам беш вy co, цундела Ичкерехь соьгаpa гIo xиларе дог мa дaха. Хьан отряд тIеэцa a, xІокху агIорхьаpa тeшнабехк ца хилийта a Iалашо йолуш, Зандакъана уллохь цхьа батальон йуьту ас».
Оцу хаамо харцийна тIекIелйаьккхира Александр Павловича, кIорггера ойла йеш, хIоттийнa плaн a, цунна бина кечам а. Меттигерчу бахархойх вовшахтоьхначу милицин ницкъаца мятежникаш схьалоьцур бу бохург шeкoнe дирзира.
Сихха цо кхеташоне гулбира отрядан штабан а, округан а начальникаш. Некъана йисттехь шуьйра генаш даржийна лаьттачу зоьрталчу кхура кIел, цхьамма такхийна, шарбина, цестина, тобина Iуьллучу гула тIе эпсарш охьахевшича, хIоьттинчу хьолах лаьцна боцца хаам бира командующис.