Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Салатави гIеттина. Дуьхьало ца йеш, каравола аьлла, инарла Чермоевс диначу дIахьедарна Iаьлбага жоп делла, нахана латта а, мелла а маршо а лахь, шеца гIевттинчу нахана Iедало геч а дахь, шаьш дуьхьало сацор йу аьлла. Iаьлбаг лаца луурш дуккха а бу, амма цхьаммо а шен дош кхочуш ца до. Суна хетарехь, меттигерчу бахархоша вай Iехадо. Полковник Батьяновн отрядан гIоьне догдохийла а дIайаьлла. Кху сохьта вайна хьалха ши некъ лаьтта. Хьалхахьа дIадахар, Делан гIоьнца, кхиаме хилахь, гIаттамца дерг чекхдоккху вай. Амма, Хаси-Юьртарчу отрядан гIоне даха дог а доцуш, вешан кIеззигчу ницкъаца Нохчмехкан кIорге долар барам боцуш кхераме хета суна. ШолгIа некъ а къастийна, йухадовлахь, мятежникашна хьалха сий лахло вайн. Иза даррехь вай вешан гIорасизалла гайтар хуьлу. Сан дехар ду шуьга, господа, шайна хетарг алар.

Командующис цIеххьана биначу дагахь боцчу хаамо цецбаьхна эпсарш ойлане бигира. Царах цхьаннен а кийча жоп дацара. Векъана, даим кечвелла, вухавелла хуьлу полковник Крузенштерн, шен бIаьргехь йоллу монокль схьа а йаьккхина, ло санна кIайчу йовлакхца цIанйан хIоьттира. КIедачу томкех йантаран луьлла а йуьзна, сирникца иза лата а йина, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, ши бIаьрг Яьссел дехьарчу ТIерга-Дукъа а боьгIна, дIатийна эла Авалов а. Чинна лахара волу майор Явченко, хьалхе йаккха ца лууш, хIокху кхаанга бIаьрг бетташ Iара.

Эла Аваловн дагахь Ведана йухавалар дара, амма, командующин дагара ца хиъча, цунна ца лаьара шена хетарг ала. Коьртачунна тIе а тайна Iер тоьлуш хийтира цунна.

– Хьуна хIун бакъахьа хета, хьан локхалла? – монокль дIа а нисйина, командующега хьаьжира Крузенштерн. – Ас аьлларг дахь, Ведана йухадевр дара.

– Бахьана?

– Бахьанаш-м оьшучул тIех деца! Цхьа сахьт хьалха къеначу нохчочо хьоьга ма-аллара, нагахь бахархошна Iедална дуьхьалбовла ца лаахь, цаьргарчу гIоьнах дог а диллина, Iаьлбаг а, цуьнан бартахой а шаьш вайна тIебогIур бу йа, Iедална зуламе боцуш, хьаннашкахь къайлабевлла, совцур бу. ШолгIа. Йартийн тхьамданаша ма-аллара, бахархойн ойланаш машаре йелахь, вай, кхузахула дIасалелаш, и зIуганийн баннаш карзахдаха ца оьшу. Нагахь уьш, вайца мостагIалла а долуш, цхьана аьттоне хьуьйсуш, таьIна Iаш белахь, вайн жима отряд, шайна йуккъе нисйелча, аьтта дIайохуьйтур йу цара. Доцца аьлча, мацах цкъа Граббена а, Воронцовна а хилларг вайх хиларна кхоьру со.

– Майор?

– Суна хетарехь, полковник нийса ву.

– Ткъа хьан сийлаллина хIун хета? – Аваловгахьа вирзира Свистунов.

Йайна луьлла голах тоьхна цIан а йина, чу хIуп аьлла, кисана йоьллира Аваловс.

– Суна хьалхахьа дIадаха лаьа. Хьан локхалло ма-аллара, вайн йухадовлар, кIилолла ца ларахь а, гIорасизалла лорур ду нохчаша. ТIаккха кортош ойъур ду хIинццалц таьIна ладоьгIуш Iачара а. Стенна оьшу, зуламан орамаш а дитина, даим лазаре ладегIар? Бехкечарна луьра таIзар дарца бахархойн гуттаренна а догдаккха деза и саннарг тIаккхахула лелочух.

– Хьан дош, Николай Богданович? – эле Эристовга хаттар дира Свистуновс.

– Суна хетарехь, эла Авалов бакълоь.

– Ахь кхийдочу некъо халкъ кхин а карзах ма даккхахьара, эла, – кIоршаме Аваловга дIахьаьжира Крузенштерн.

– Шен коьртал лакха эккхалур вац цхьа а. Шайн ницкъ кхоччург дина цара.

– Ас эла къобалво, – цаьршинна йуккъехь доладелла лиэраш совцийра командующис. – Делан гIоьнца, хьалхахьа дIагIор вай. Бехкечу йарташна къинхетамза таIзар а деш.

Полковник Крузенштерн резавоцуш дIахьаьжира толаме мекх хьийзош Iачу Аваловга.

– Хьан лаам кхочушбар – тхан декхар ду, хьан лакхалла. Амма гIалат ма довлийла вай.

Iоттаре кхоссар йина Крузенштерн жоп ца луш витира Свистуновс.

Iуьйранна малх кхетачу хенахь Кешана-гIопера арайаьлла шина батальонах а, гIумкийн шина бIонах а, шина артвзводах а лаьтта подполковникан Григорьевичан отряд, Яркхсун кIоргачу тогIих дехьа а йаьлла, Зандакъа хьала охьайелира.

Отрядан коьртачу ницкъаца цхьа чаккхарма хьалха хийцира дошлойн цхьа бIо, ткъа шозлагIниг, отрядан батарейна ха деш, арьергардехь богIура.

Кешанера дIа ийъалуш, лома кIел дIадоьдучу дукъаца, лаьхьа санна, сетташ хьалабоьдучу готтачу новкъа беха могIа а бина боьлхура салтий. Хьарчийна, некха тIехула раздохуш, коча дихкинчу сирачу чоэший, цхьана кIиранна леринчу напхех йуьзначу ранцаший, кегийчех белаший, дагарший, йезачу тоьпаший новкъарло йора царна ирхех сиха хьалабаха. Кешанера кхо чаккхарма гена а бовлале, хьацаран кIуьрла хилира уьш. Къаьсттина хала дара йаккхий тоьпаш текхо. Шиний агIор тIекхозайеллачу хьаннаша бакъабала ца буьтучу новкъахь сих-сиха нислора Iаьмнаш а, буькъа хатт а. Хотто лоьцу йаккхий тоьпаш тоьттучу салташа бертаза йаппарш тухура йукъ-кара.

Отрядан коьртехь боьлхучу эпсаршна кIеззиг тIаьхьа, капитан Рихтерна улло а ваьлла, парталчу Iожа говрахь вогIура Абросимов.

Перейти на страницу:

Похожие книги