XIетта хьалайевлла хьаьжкIаш хьоьшуш, текхош йигна йаккхий тоьпаш, йуьртана тIе a йeрзош, дIахIиттийра. Ши рота Гилана улло а хьажийна, йисинчаьрца, беха могIа беш, Зандакъ-Лам дIалецира. Отрядан эпсарш тIе а гулбина, йоцца кхеташо йиначул тIаьхьа, Григорьевича сацам тIеийцира, отрядца хьалавеана прапорщик Шахьболат а, БуртIанайн пурстоьпан Шайх-Махьмин ваша Хьамзат-Хьаьжа Дацаев а ультиматумца йуьрта хьажо.
– Зандакъошка доцца дIахьеде, – охьа чу куьг тесира подполковнико, – хьалхара – дуьхьало йоцуш, йурт схьайалар. ШолгIа – девне имам схьалаца шайн йуьртара герзаца кечвина ши бIe стаг Симсара хьажор. Нагахь сан омра цара кхочуш ца дахь, сарале ас Зандакъах чим бийр буйла а хаийта.
ХьалагIеттинчу Шахьболата, ийзалуш къадийра подполковнико тIедиллина декхар эцна йуьрта вахар шена кхераме хилар.
– Хьан оьздаллина хаа ма деза, кху йарташкара бахархой соьга, мостагІчуьнга санна, хьуьйсуш хилар, – элира цо Григорьевиче. – Цига гIумкийн отрядан командир майор Муса вахийтича, бакъахьа хир ма дара. Иза хьаша хиларе терра, цунах пIeлг хьакхор бац цара.
Халла, оьрсийн дeшнаш лехьош, вистхила гIертачу Шахьболате синтемза ладоьгIучу Григорьевичан готтачу хьаьжа йуккъе шад xIоьттира, говран мочхалх тера оллaдeлла бухара балда раздаьккхина, баьхьанаш санна, шуьйра, можа цергаш гучу а йаьхна, цавашарца велакъежира иза.
– Господин прапорщик, сан хан йац хьоьца дийцарш дан, – кІоргге хьех чухевшина горга, кегийра бIaьргаш Шахьболатна тIeбуьйгIиpa цо. – Ахь кхин дош алахь, хьох шеквала кийча ву со. Шаьш кегийна худар шаьш даа дезар ду шун, иза мел чаьмза делахь а. Хьада, приказ кхочушде!
Зоьрталчу, куьцечу дегIара сирвелла воккха стаг, дуьхьал вист ца хуьлуш, басахула чубоьдучу готтачу новкъа меллаша охьаволавелира. ХІeтталц даим нийсса лаьттина цуьнан шуьйра букъ цIеxxьана букархьаьвзича санна хетаделира тIаьхьахьоьжучу Абросимовна. Кегийра гIулчаш йохуш, чехкка цунна тIаьхьаволавелира гIабакхах тера лоха, стомма Хьамзат-Хьаьжа а. Мукъабевлла эпсарш шайн роташка дIасабекъабелча, Абросимовн пхьарс лецира Рихтера.
– Меттиге бIаьрг тохий вайша, Яков Степанович?
XIинца а гIуллакхе хIоттийна воцчу капитано Рихтера шен лаамехь йоккхура хан. Биэндоцуш белшаш саттийна, вист ца хуьлуш, ломан буьxxье хьалаболучу гIашлойн новкъа цуьнца дIаволавелира Абросимов. Некъ лакха мел гIоьрта, нилхадуьйлура пепнаш. ТІаккха луьстта кхиъна стов а, хьаьрса-хьач а, пxa a, бIaьлланг а йолуш, варш йолайелира. Дагна там беш дара бIaьстенан сеналлин а, зезагийн хьожанах а дуьзна цIена хIаваъ.
– Йалсамане йу-кх хIара! – ши бIаьрг хьаббина, кийра буьззина чуоьзна хIаваъ чам боккхуш арахийцира Рихтера. – ХIара хилла-кх Кавказан тIамехь буьрса а, кхераме а йийцина Ичкери! Ткъа мел тийна ду гуонах! Олхазарийн эшарш бен хазац. Кхузара дIа ДаьргIа, Кoьжалкан-Дукъ, Шовхал-Берд гой, Яков Степанович?
– Йарташ шаьш-м ца го. Дехьа тогIи чухула охьадогIуш Ямсу ду. Ткъа нийсса хьалха гург – Aьккхийн-Дукъ. Цунна дехьахь, тIеттIа айалуш, къилбехьа доьдург – ГIачалкхан-Дукъ. Оцу шина дукъана йуккъехула охьадогIу Герзелахь хьуна гина Яьсcи. Цуьнца хьала йу ахь цIераш йаьхна меттигаш. ДІо лекха гу гой хьуна? Иза ду Коьжалкан-Дукъ. Цигахь воxийна граф Воронцов. Ткъа къилбехьа лахо чохь, Шовхал-Бердана уллохь, тIаьххьара а хIума тоьхна цунах.
Барон вехха лаьттира оцу буьрсачу paьгІнашка бIаьрг бетташ.
– НеIалт хилла акхарой! – цIеххьана йуьхь тIехь хийца а луш, цергашна йуккъехула схьaIaьвдира цо. – Ас бекхам оьцур бу сайн дa вийначех!
Накъостан хьаьрсачу цIоцкъамашна бухарчу сийначу бIаьргаш чохь хьере цIе гира Абросимовна. Буткъачу, хьаьвзинчу меран шуьйра мераIуьргаш сийсара, хаьхкина йалийначу говран санна.
– Эрна йу хьан чагIо, барон, – элира Абросимовс, лаьтта кхевдина, кIайн зезаг а доккхуш.
– ХIан-xIa, Яков Степанович, ас кхочушйийр йу сайн чІaгIo!
– Нагахь цара хьо хьайн дений, дендений тIаьххье хьалха дIа ца вахийтахь, – мере лаьцна, зезагах хьожа а йоккхуш, шек а воцуш элира вукхо.
– Хьовсур вай! XIетале со а кхуьур ву царах масех экха шайн АллахIна тIе хьажо!
Зезаг, шина пІeлга йуккъe a лaьцна, хьийзо вуьйлира Абросимов. ТIаккха, иза йуьстах а кхоьссина, накъостна тIевирзира иза.
– Бакъ вац хьо, господин барон. Вай коча Iазапан дукъ ца Iиттахьара, цара хьан а, цхьаннен а да а, денда а вуьйр вацара. Вай уьш маьрша баха ца буьту.
– Францexь винeхьара, тоххара якобинец хилла хир вара-кх хьох!