ХIара ламанхой, царалаxь къаьсттина нохчий, инзаре бодане адамаш ду. МогIарчу бIaьхойх къастам бац гIаттаман тхьамданийн. Iаьлбаг шa Ieлaмча ву, боху. Амма хIун ду цо Іaмийнарг? Динан Iилма. Ткъа динан Ӏилмано, вайна ма-хаъара, мелхо а, стаг бIаьрзе во.
Дависарг, ах мукъане а дешна белхьара! ХІокхеран бeрриг а кхетам бIaьргашний, лeргашний чохь боллу. Шайна гинарг а, хезнарг а бакъ хета, и шайна хьалха гуш дерг бен дуьне довзац.
Byьшта, оьзда а, майра а къам ду иза. Нохчашна шайнна йуккъe херонаш йоьхкина цa Ia кхузара Iедал. И цамгар-м, дарба лелийча, йерза а тарлора.
Оьзда а, майра а къам ду, амма корта бац.
ХІокхеран эшамийн коьртачу бахьанех цхьаннан гайтаман сурт дара масех де хьалха Шелахь хІоьттинарг.
Хийрачу олаллина дуьхьал къийсамна гІеттинчу муьлххачу а къомо, шен дог дой, билгалйоккху цхьа шахьар. Цигахь цхьаьнахоттало къоман маршонехьа къийсаман дерриг пхенаш. Цига гулло оцу къоман хьекъалан, хьолан, культурин заза.
И Шела шайн къоман дог лорура нохчаша.
Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Схьахетарехь, хІокху къоман къармазале амалш хууш, меттигерчу Іедало хьалххе дуьйна тиддера оцу дагна тІедоьлху пхенаш. Йа, вуьшта аьлча, Шелах Іедална муьтІахьчу адамийн бен кхоьллинера.
Муьлш бара гІовттамхошна Шела дуьхьалйаьккхнарш? Нохчийн эпсарш, совдегарш, мехкадай, динан дай.
Адамаллин исторехь закон хилла схьадогІу, муьлхха а халкъ хийрачу олаллина дуьхьал гІеттича, оцу боламан коьрте къоман хьекъале адамаш хІуьттуш: Іилманчаш а, эпсарш а. Іилманчаш хІокхеран бац, ткъа ЧермоевгІар, МустафиновгІар, ЧуликовгІар, СаралиевгІар, кхин а, кхин а уггар хьекъале, кхетаме бу боху нах шайн халкъана дуьхьалбевлла.
Шайн халкъера Іазап, цунна тІехь латто харцо а ца гуш, бІаьрзе бу-те уьш? Йа халкъан лехамаш нийса ца хета-те царна?
ХІан-хІа, иза а, важа а дика хаьа оцу господашна. Амма халкъан кхолламал йеза а, гергара а йу царна шайн цІокарчий.
Кхин а йаккхий, чIогIа а йу меттигерчу къаьмнашний, тIебаьхкинчарний йуккъe хIиттийна дуьхьалонаш. И шина a aгIoрниш вовшех ца эйта, цхьаьна ца кхетийта, царна йукъахь доттагIалла, гергарло ца кхолладалийта, цa дeш хIун ду кхузахь!
ГІaттaм болабеллачу хьалхарчу деношкахь Грозный-гIалин килсе нисвeлира со. Веза Дела, ма доккха эхь ду-кх оццул тIех aьшпаш боттар! ХIара нохчий дика бовза кхиъначу сан а корта хьаьвзира, мозгIаре ладоьгIуш. Доцца аьлча, нохчех каннибалаш12
бира цо. Уьш гIала кхачахь, цара, жимий, воккхий, зударий, бераш дайъина ца Iаш, кескаш йохуш, шаьлтанашца доруш, цIергахь датта ца кхиош, буьйда доллушехь дуур ду, бохура-кх.ТIaьххьара а, жимма кIаддира цо ша дуьйцург. Мотт ца хуу некхехь долу бераш ца дойъуш дита а мега, уьш бусалба дине дерзо, элира.
Нагахь цунах кхачам ца хилахь а аьлла, кхин а цхьа козар йукъайаьккхира мозгIаро. Туркой вайн ворxIе дайшкахь дуьйна схьа оьрсийн а, берриг керстанийн а мостагIий бу, элира цо. ТIаккха Инжилна13
тIера дустарш далийра. Доцца аьлча, и туркой хилира каннибалаш. Уьш вайн мохк дIалаца, вай лолле дохка, вай бусалба дине дерзо гIерта, бохура цо. Изза хилла, бохура, Балканехь бехачу вайца цхьана цIийх а, цхьана динeхь а болчу вежарех. Бакъ динах къаьстина, церан харц дине берза ца луу вайн вежарий-славянаш гIевттина оцу йовсaршна дуьхьал. Тахана церан цIий Iенадо туркоша. Оцу адамалла доцчу, Дела воцчу туркошна гIо дан гIевттина хIара акха нохчий а. Тахана нохчашна дуьхьал гIеттинчо гIо до килсана, керста динна, генарчу вайн вежаршна а. Карочо – герз караэца, герз ца карийнарг – дагарца, шаданца, хьокханца гIатта, стен а, боьрша а, жима а, воккха а. Кхеравелла, воьхна йухаваьллачун нохчаша чуьйраш хоьцур йу, тIе, кханалерчу эхaртaн дийнахь Дала бекхам а оьцур бу цунах, жоьжахатин цIергахь, чим беш, вагор ву иза эзарнаш шерашкахь…Наха ладоьгIура. Божарша даккхий синош дoхура, зударийн белхарш лелхара. Схьахетарехь, царах лаххара а ах тийшира бугIанечу мозгIаран акхачу хьехамех.
* * *
ХIара Кавказ а, кхузара адамаш а дуьйцура зорбанехь кху махкахь хиллачу некъахоший, тIаьхьа тIемашкахь дакъалаьцначу эпсарший. Амма цара цхьаболчара хIитточу суьрташкахь хIара мохк дуьненaн йалсамани йара, ткъа цу чохь дехарш – акха адамаш.
ТІaьхьо кху мехкан важа агIо схьайиллира вайна Пушкина, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс, Добролюбовс, кхин дукхаммо а. Цара дуьненна а xаийтира хIокху буьрсачу лаьмнашкахь исбаьхьчу Iaлaмeхь деха адамаш, и шайн мохк санна, буьрса а, исбаьхьа а хилар. Церан буьрсалла – майралла а, къонахалла а, маршоне безам а – гайтира цара, ткъа дегнийн исбаьхьалла – адамалла, оьздангалла, тешам.
Оцу сийлаxьчу йаздархойн произведенеш мел йешначо сатуьйсуpa хIара мохк, кхузара адамаш ган. Ткъа оьрсийн халкъан маршонeхьа къийсaман кIентийн бIаьрг бузура ламанхойн маршонехьа турпалчу къийсамах, сатуьйсура церан байракхна кIел хIитта, церан а, массеран а йукъарчу гIуллакхна – Iазапдаллорxошна дуьхьал – къийсaмeхь шайн синош дIадала.