Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Нохчий къиза, стешха, йамарт адамаш ду бохуш, эладитанаш леладо. Уьш нийсса харц хабарш ду. Нохчочо атталла шайн да вийна мостагIа а ца вуьй тешнабехкца, къиза. Ша цунна тIекхачахь, цуьнан карахь герз дацахь, иза а ца вуьйш вуьту. Ша вийначу шен мостагIчун дакъа шайн къоман гIиллакхехь къилбехьа дерзадо, цуьнан меженаш нисйо, цхьана стаге иза лардан дIалой бен, докъана уллора дIа ца волу. Топ, тур-шаьлта а тухий, стаг вуьй цара, амма диггий, хьокхий тухий, ирхъуллий, меженаш йохуш, вагош вуьйш – и къизаллаш ца лелайо. Герз карахь шайх лата баьхкина вайн салтий а бойъу цара, шаьш сийсаздан боьлча, вайн чиновникаш а бойъу, амма машаречу оьрсичун дегIа тIера чо а ца хьабо. Нохчашна тIехь и сийсазе эладитанаш кхуллучара дицдо цара бойъурш церан йарташ йагийна, бошмаш хедийна, кхаш тIера йалташ хьешна, церан доьзалш байъина нах хилар. Ламанхой шалха дегнаш долуш йамарт нах бу, олу вай. Тоьллачо шена луъург леладо эшначунна тIехь. Ткъа эшначун, лаахь а ца лаахь а, аьшпашций, мекарлонций кIелхьарвийла деза, шен аьтто нисбаллалц. Оцу хьелашка воьжначу ах-акха ламанхочуьнгара бакъдерг, тешам а лехар нийса дац. Масала, схьалоцур вай керста европейцаш. Европейцо эшийначу европейцо ца лелош хIун дуьсу? И харц лийча а, цо аьшпаш боьттича а, йамартло йича а, къиза хилча а, оьздангаллех воьхча а, иза иштта хила догIуш лору. Ткъа цо лелийнчунна аьттехьа а доцу кху ламанхойх даьлла кIеззигниг, дестадой, дуьйцу.

ДуьххьалдIа вайн историкашний, этнографашний лаац церан гIиллакхаш цивилизованни халкъийн гIиллакхашца дустуш гайта. Алал соьга, оьздангаллина стенца лакхаваьлла европейски ахархо, адамийн бакъонех хадийна дакъаза ваьккхинчу нохчочул? ХIокхо къобалдо ала ма дохку вай! Ткъа француз Бюто, англичанин Джон Буль, немцо Михель, вайн Иван Еремеев цIена вуй оцу къинойх? Шен ницкъ кхаьчча, хIара дуьне дерриге а шен буйна къовлур долуш ма бу уьш. Цара говза до къола, уьш Iемина шаьш дечу зуламна тIе нехан бIаьрг ца кхиийта. Ткъа кхузара Ахмедка кхаьчна вац зуламаллин оццул лакхарчу дарже, цо ша дийриг даррехь, массарна а хууш, гуш а до. Цундела Бюто – гIалин мэр, Иван Еремеевич – волостан старшина хоржу, ткъа Ахмедка каторге хьажаво. Хьалхарчарна законаш хаьа, ткъа Ахмедкина уьш хаац. БютогIар, ИвангIар законашца до шайн гIуллакх. Ткъа Ахмедкас – шаьлтанца. Ткъа оьздангалле даьккхича, Ахмедка царал, стигал санна, лакхахь ву. Ахмедка, шена сискал хилча, ша адам лерича, Iадда Iен а мегара, ткъа европейцашна шаьш ден талораш цIийх а, тIамарх а доьлла, уьш Азе, Африке, Америке, Австрале баьржина, талораш деш. Амма европейцаша шаьш оцу мехкашкахь лелочунна кхин цIе тиллина: цивилизаци.


* * *

– Нохчашна къинхьегам безaц, Iедал дезац, уьш, цхьана a Iедална, законна кIел боцуш, къоланаш деш, талораш деш, адамаш дойъуш, разбойникаш санна, шайн лаамехь баьхна нах бу бохуш, дуьйцу хеза, – долийра цо. – ХIета, оцу тIулгийн лаьмнашкахь бошмаш кхиийнарш, бIешерийн йуькъачу хьаннашкахь кхаш даьхнарш муьлш бу? Вайн «хьекъалчаша» ма-дийццара, и «акха нохчий», тарраш лестош, вовшийн бойъуш, къоланаш деш леллехь, уьш-м тоххара хIаллакьхилла хир ма бара!..

Законашний, Iедалний кIел баха Iемина бу уьш. Амма царна муьлхха Iедал а, законаш а ца деза. Нохчийн законаш – цивилизованни халкъийн санна, пункташкахь йаздина дац. Ас дуьйцург къоман гIиллакх ду. Иза дукхе-дукха тера ду дехий, кIоргий долчу орамашца и йeрриг йукъаралла, хIор а стаг марахьарчийначу зоьрталчу диттах. ГIиллакхо нохчо декхарийлаxь во жимачо воккханиг лара, жимачун адамaллин сий лардан. Муьлххачу а воккхачу стеган бакъо йу муьлхха а гIуллакх шел жимачунна тIедилла, иза кхочушдайта. Ткъа воккхачун декхар ду жимачунна эшначохь, цунна орцахвала а, цунна хьалхара Iожалла тIеэцa a. Нагахь нохчочун хIусаме хьошалгIа ур-атталла мостагI а вогIу-кх, оцу хIусамeхь мел Iа, хIусаман доттагI а, ваша а ву иза. Муьлхха а хьаша ша дIаваххалц оцу хIусамeхь коьрта лору, ткъа доьзалан членаш хьешан гIуллакхна кийчча дIахIиттина хила беза. Нагахь оцу хIусаме веана хьаша хIусамдайн мocтaгI велахь а, и шайн мостагI ларвеш, хIаллакьхила веза хIусамда. Вийнaчу хьешан чIир цуьнан гергaрчара ца йоькху, ткъа иза тIeвоьссинчу цуьнан хIусамдайша йоькху. Нагахь хьешана къола динехь, иза меттахIоттор а хIусамдена тIедужу. Ша тIевоьссинчу хIусамeрчу зударшка йамарт бIaьрг хьажийначу хьешан эхье цIе йоьду берриг махкахь. Цунна некъ боьхку массо хIусаме. Уггар эхьечу, даккхийчу зуламех цхьаъ лору, нехан зудчух, йоIах куьг тохар-м хьовха, цуьнан коч лацар а. Дашца а, гIуллакхца а зуда сийсазйинчу стеган вахар дац. Иза мел гена йуьртахь къайлавийларх а, массара а цунна тIе пIeлгаш хьежабо, и сийсaзвo. Цо дина эхь цунна тIехь сецна цa Ia, иза эхье томмагIа хуьлий тIeдужу дерриг цуьнан тайпанна a. ЙоI Iеxийна, сийсазйинa стaг дIатосу оцу стеган йиша-вашас а. Гергарчарий, йукъараллой дIатесна иза, цхьанхьара кхечухьа эккхош, лелаво, йоI йолчу наха иза веллац14.

Перейти на страницу:

Похожие книги