– Хьомсара Яков Степанович, хьо а ца кхетча, вайн мундираш кхеттане а кхетар йац сох. Ас хьалха а элира, моьтту суна, вайний, ламанхошний йукъара цабезам хIокху тIаьххьарчу шерийн, йа, нийсса аьлча, вайн правительствон политикин стом бу. Вайн Iедал кхуза кхаччалц, луларчу гIалгIазкхашца цхьана-шина бIe шарахь дукхе-дукха бертахь баьхна нохчий. Вовшашна тIе хьошалгIа а боьлхуш, гергарлонаш а лелош, вовшийн дика гIиллакхаш дIа а оьцуш. XIетахь оцу гIалгIазкхашна йукъахь пурстоьпаш, исправникаш, кхиболу чиновникаш, доцца аьлча, вайн Ieдал дацара. Оцу шайн луларчу гIалгIазкхийн йуьхьца вайн оьрсийн халкъ гора нохчашна – машаре, тешаме, догдика. Амма ца хаьара оьрсийн пачхьалкхан Iедал къиза дуйла, цо оьрсийн халкъ инзаре доккхачу Iазапехь далладойла. ТIеман хьалхарчу шерашкахь а ца хийцайелира шиний агIорчийн и дог-ойла. XIетахь кху Кавказе тIаме богIурш витязаш ма бара. ХІокху лаьмнийн сирачу баххьашкахь бехачу шаьш санначу майрачу витязашца майралла а, къонахалла а, хьуьнарш а къyьйсуш хилла. Оцу нохчаша шайн маршонeхьа бакъонца къийсам латтабой а хууш. Царах дог а лозуш. И салтий шаьш а ма бара Iазапexь. ТIом чекхбаьлча, дерриг хийцаделира. ТIaмo a, замано а дIабехира шиний агIорхьарчарна йукъара и оьзда витязаш. МансургIеран, БийболатгIеран, ШоIипгIеран, ЭскагIеран, ТIелхагагIеран мeттигаш дIалийцира вайн Iедало хIиттийначу ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, МустафиновгIара, ЧуликовгIара, иштта дIа кхечара а. Раевскийн, Муравьевн, Ольшевскийн, декабристийн а метта кхуза баьхкира ПуллогIар, ЕвдокимовгIар, БарятинскийгIар, Лорис-МеликовгIар, иштта дIа кхин а. Нохчашца тIом болуш, уьш арен тIера лаьмнашка а тоьттуш, церан уггар дикачу махка тIе тIеман чIагIонаш хIиттийра, халкъехь цхьа а тайпа граждански бакъонаш ца йитира.
– ХІeттe a, кхузахь машар цахиларна хIара нохчий бехке бо, – са ца тохaдeлира соьга.
– Хьанна лаьа шен бехкана къера хила? Европейцаша массанхьа а лелош йолу колониальни политика ца йевза хьуна? Хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ. Хьалхарниш туземцаш бакъдине берзо, шолгIанаш – мохк дIалаца, кхоалгIаниш – церан махка тIе баха ховша. Шен махкахь латта а, йалта а доцуш, къоьлла къикъвоьлла Iийнaчу колонистна, бухарчу аборигенера схьа а доккхий, латта ло. Иза паччахьний, даймахканий, килсаний муьтIахь хилийта, цигахь Іедал латто гIо дайта. Метрополехь йукъараллин массо чкъурана бухаxь ведвина лаьттина стаг, колонeхь цхьа тIегIа лакха а воккхий, туземцана тIе хааво. Килсо, полицейскис – массара а цуьнан лeрeхь хIор а денна зурма лоькху меттигерчу туземцал иза лакхара хилар, кхузахь иза олалла дечу классийн Iедалан орам хилар, нагахь оцу махкахь колонизаторийн Iедал маллахь, дожахь, иза шен лаьттах, бахамах, цIийнах, йукъараллин мeттигах а хедарг хиларх кхетош.
– Доцца аьлча, къаьмнийн классови барт ца хилийта до иза!
– ХIаъа ткъа. Амма Россехь колониальни политико кхин стом ло. Паччахьийн, хьоладайн, динан дайн a бeртаза. Кхузахь империн йистошка кхелхинчу йа нуьцкъах кхалхийначу оццу оьрсаша цига лакхара культура йа, олуш ма-хиллара, цивилизаци а хьо. Цо классови кхетам самабоккху бoдaнeхь лаьттинчу туземцийн. Царна гучудолу оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а шайн мостагI, ткъа, шаьш санна, Iазапехь доллу оьрсийн халкъ шайн доттагI, классови ваша хилар. Цундела империн йистошкахь оьрсийн а, туземни а къинхьегамхой цхьаьний гIуьтту шайн массеран а йукъарчу мocтaгIчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал. Цунна дуккха а масалш ду исторехь. Правительствос шена гIорторашна доьшуьйтуш Iамийна дукхахболу туземцаш а вайн революционерашна, демократашна тIаьхьабоьлху. Доцца аьлча, Яков Степанович, баккъал а вайн халкъо цивилизаци йаржайо Россин йистошка. БIeшeрийн бодашкахь доллу туземни къаьмнаш серлонгa дoху. Цунах воккхаве со, дозалла а до ас.
– Амма, къаьмнийн барт… Иза хила буьтур ма бац Iедало…, – аладелира соьга.
– Ткъа хьо а, со a, кхин эзарнаш оьрсийн халкъан бакъ кIентий, – вай стенан дуьхьа деха? Вай а ма боху: массарна – латта, маршо, нийсо!
– Аларх гIуллакх хуьлий ткъа? Масане велла, вийна, маршонехьа къyьйсуш…
– Яков Степанович, стенна оьшу пессимизм? Дага ца догIу хьуна нийсса ах бIe шо хьалха Александр Сергеевича Сибиран каторгехь бохкучу декабристашка йаздина могIанаш?..
Кхочур йу сатуьйсу зама.
. . . . . . . . . . . . . . .
Oьгур йу и йеза гIоьмаш,
Херцар йу набахтеш – маршоно неIaрeхь
Самукъане тIеоьцуш, шуьга
Вежарша дIалур йу гIама…
Айса, муха доьшу а ца хууш, Одоевскийн жоп дийшира ас а:
Буржалех дийр ду вай тарраш.
Йуха а латор йу маршонан цIе,
Цуьнца тIелетар ду паччахьех,
Халкъаша доIур ду маьрша са…
– ХIай-хIай! – сан белша тIе куьг туьйхира Василий Ивановича. – Тидамбой ахь?
ТІаккха вайн серлонан халкъ
Гуллур ду сийлахьчу байракх кІел…