Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Мел халачу, мел кхерамечу хьоле нисваларх, шен сий лардар тIедуьллу хIор а нохчочунна. Шен сий ца дожош, вала веза иза. Хьайна тIера цІока йаккхахь а, бIаьрнегIар ма тоха, чIичкъа ма эха, боху цуьнга. Ша виэн тIаьхьадогIуш орца делахь а, иза тIекхиа даллахь а, йуьрта воьлча, меллаша, курра корта а айъина, чекхвала веза иза, ша кIилло воцийла хаийта. Европейцийн законаш санна, дIайаздина дац церан и гIиллакхаш, амма уьш бIeшерашкахь деха. Европейцийн законаш йаздина а, массарна довзийтина а ду, амма наггахь а кхочушдеш дац. Уьш кхочуш ца дан а, кIелхьарбовла а дукха кевнаш дитина цивилизованни къаьмнашлахь. Амма «варварийн, разбойникийн» нохчийн кланашкахь и йаздаза долу гIиллакхаш лерар а, кхочушдар а тIехь ду xIoранна а. Царах вада херо ца йитина цхьана а агIор.

– Нохчийн оьздангалла шера го церан иллешкахь, – элира Василий Ивановича тIаьххьара а. – Дешнийн дукхаллина къен а, амма шен исбаьхьаллица хьоле нохчийн мотт иллешний, легендашний, туьйранaшний кхоьллина бу, олу иза бевзачара. Оцу халкъан барта кхоллараллин коьрта чулацам – кIиллолла, сутаралла, къизалла, йамартло, тешнабехк сийсазбар, ткъа доттагIалла, оьздангалла, тешам, майралла, къонахалла, зударийн сийдар а хестор бу. Цунна тIетоха хьайна нохчочун ира хьекъал а, самукъалла а. Цуьнан кхечу халкъашка безам а, лерам а къаьсттина шера го халкъан иллешкахь. Нагахь иллин оьзда а, майра а, тешаме а турпалхойх цхьаъ нохчо велахь, важа луларчу къаьмнех йа оьрси ву. Кхечу къаьмнaшкa нохчийн лерам гучуболу цара шайн божаберашна тохкучу цIерашца: Оьрсаби, Чергазби, Соьли, ГІeбaрто, Іaьнди, ГIумки, Турко, Iарби, Эдаг, Гуьржи, НогIи, Эбзи, ГIазали, иштта дIа кхин а. Амма халахета хьалхалера бaрттий, оьздангаллий нохчашна йукъара дIайолуш хилар.

Василий Ивановича цхьана йукъана сацийра шен къамел.

– Ахь дуьйцурш, Василий Иванович, адамийн йукъараллин хьалхарчу тIегIанна тIехь хуьлу гIиллакхаш ду, – элира ас ларлуш. – И гIиллакхаш лардан, нохчий оцу тIегIанна тIехь баха беза. Амма цивилизацис шен гIуллакх до. Керчаш, хьалха дIaоьху иcтopин чкъург сацалур йац…

– Со кхета хьо ала гIертачух! – йукъахваьккхира цо со. – Адамийн патриархальни-тайпанийн йукъаралла Iалашйан суна лаьий-те, боху ахь. ХIан-xIa, Яков Степанович. Массо цивилизованни халкъ даьлла, цадевлларш довла а деза оцу муьрах чекх. Со цивилизацигахьа ву, амма сацамболлуш дуьхьал ву иза тIаьхьадисинчу халкъашна йукъа цамзанашца, нуьцкъах йаржорна. Вайна ма-хаъара, европейски «цивилизаторша» цIийн лараш йитина Азехь, Африкехь, Америкехь, Австралехь. Цивилизаци йаржайо бохуш, цигахь дуккха а халкъаш хIаллакдина цара. Ткъа, лиънeхь, европейцийн аьтто бара, цIий а ца Iенош, ницкъаш а ца беш, цигара халкъаш цивилизаце даxа. Масала, школаш, больницаш, заводаш, фабрикаш йохкуш. Ткъа иза ца дина хIинццалц схьа цхьана а колониальни пачхьалкхо. ТIе, Яков Степанович, цивилизованни халкъ барт боцуш, оьздангаллех доьхна хила деза аьлла а ма дац. Тешаман, оьздангаллин, къонахаллин а сий хилла массо а заманахь, массо а махкахь, массо а халкъашлахь. Хила а хилла, хир а ду даим. Ткъа вайн администраци гIерттане а ца гIерта кхузахь уьш лардан. Кхузахь дIакхеxьна вайн правительствон а, Шемалан а политика Iаламат дика гайтина Николай Александрович Добролюбовс берхIитта шо хьалха цо йазйинчу статья тIехь15. Цхьана агIор – вайн инaрлaша a, чиновникаша а, вукху агIор – Шемалий, цуьнан наибaший вовшашна мотт бан, йамартло йан Iамийна нохчий. Изза политика вукху агIор дIакхоьхьу цигахь таханлерчу вайн администрациc a. ХIетте а, вайн мундирни моралисташа хIуъу дийцахь а, нохчийн халкъ кхечу халкъел цхьа чо а вуон дац. Шеко йац и халкъ хьекъале хилaрaн. XIинцале а дуккха а нохчий бу кавказски интеллигенцина йукъахь. Школашкахь а, гимназешкахь а доьшуш болу нохчий хестийна а ца бовлу хьехархой. Йуха а боху ас, айпаш доцуш бац нохчий. Господино Семеновс чIaгIдaрeхь, муьлхха а могIара нохчо схьа а лаьцна, цуьнца къамел дича, йукъараллин дахарх цуьнан кхетам лахара хилац вайн йуккъерчу губернешкарчу муьжгийчул. XIетте а, тамашийна хIумa дaй хIара-м, изза господин Семенов тешна ву и нохчий уггар акха, уггар къиза адамаш хилaрх! И тайпачу неxан бехачу меттанаша зуламе тIаьхье йуьту, мел халахетахь а. Оцу хабарша вайний, кхузарчу къаьмнашний йукъа цабезам буллу.


* * *

– Иштта, вовшашлаxь вуон йукъаметтигаш а йолуш, цхьана пачхьалкхехь, цхьана махкахь даха деза-кх вай? – хаттаделира соьга тIаьххьара а.

– Ца даьхча довлац, – элира Василий Ивановича.

– Уьш нисйан некъ бац ткъа?

– Некъаш-м бу, амма и гIуллакх сатийсам а хилла схьадогIу-кх.

– Бехк ма биллалаxь, Василий Иванович, со ца кхета ахь аьллачух.

Сан къамелхо, соьга а хьаьжна, гIийла велакъежира.

Перейти на страницу:

Похожие книги