Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Вай-м вешан дош кхочушдийр ду! Кхочуш ца дадала, хала хIумма а дац кхузахь-м. Тховссехь вай прокламацеш йазйийр йу, гIалахой гIевттинчу нохчашна гIоьнна кхойкхуш. Дависарг, тиша хилла а, типографски станок йелара! ХIумма а дац, вай веаммо, охьа а хевшина, сихха куьйга йазйер уьш. Ас дуьххьалдIа олу хьоьга, Овхьад, тхоьга гIо деха дукхе-дукха тIаьхьа даьхкина шу. Шаьш гIаттам кечбеш, тхоьца барт бан ма безара аш. Oxa кхузахь областан начальник а, кхин масех лакхара хьаькам а вуьйр вара…

Максимовс йуха а сацийра лата кечвелла сан доттагI.

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Евгений Иванович? Цхьана буса хьаьвзина, халкъ гIатто воллу хьо? Оцу гIуллакхна даккхий бахьанаш а, бехха кечам а ма оьшу. Цул сов, зиэделларг долуш куьйгалхой а.

– Бахьанаш кхузахь долуш ду оьшучул а тIех: къоьлла а, Iедалан харцонаш а, адамийн бакъо йацар а. ГIаттамна тIехь куьйгалла дар вайн – социалистийн, народникийн – организацис шена тIе оьцур ду. Йуккъехула ала ас, цунна цхьа цIе тилла а ма йезара…

– Йитахьа и хьайн хьере ойланаш, Евгений Иванович. Ши бIaьрг биллина хьажа ма веза гIуллакхе. Со цуьрриг а шек вац, кхузара оьрсийн бахархой шайн дог-ойланца гIевттинчу нохчашкахьа хиларх. Амма таханлерчу хьелашкахь цара гIо дийр дац нохчийн гIаттамна.

– XIунда?

– Зорбанехь, килсехь, Iедалхоша а лело пропаганда ца го хьуна?

– Лелор шайна! Ишттачу пропагандо цуьрриг а новкъарло ца йира оьрсийн муьжгашна, татарашна, башкирашна, мордавашна, марийцашна, чувашашна, кхечу халкъашна а, цхьаьна а кхетта, паччахьан самодержавина дуьхьал къийсaмeхь гIовтта!

– Нохчашний, ахь цIераш йаьхначу халкъашний йукъахь йаккхий башхаллаш йохку.

– Масала?

– Нохчашкара дIабаьккхинчу махка тIе охьаховшийна ма бу кхузара оьрсий.

– Башкирехь а дина изза. ХIeттe a, цигара оьрсий а, башкираш а къийсaмeхь даим цхьаьна гIовтту.

Петра доккха сaдaьккхира, тхан доттагІчуьнга а хьаьжна.

– Хьомсара Евгений Иванович, ахь тидаме цa оьцу исторически хьелаш. Империн кхечу йистошкахь колонизаци йар машаречу хьелашкахь чекхделира Iедалан. Нагахь дуьхьалонаш хиллехь а – цхьана йоццачу ханна, амма – тIаме ца доьрзуш. Дуьхьалонаш хиллачохь а тоххара дицделла и мостагIаллаш. Оцу йуккъe мaсех бIе шо ма-доьлла. Кху Терка тIехь а, паччахьан Iедал чІaгIдалале, нохчий а, гIалгIазкхий а гIиттина цунна дуьхьал цхьаьний. Масала, Булавинан заманахь. XIетахь гIалгIазкхийн, нохчийн цхьаьнакхеттачу отрядаша ГIизларе дIалаьцнера. Цул хьалха а, тIаьхьа а дукха меттигаш хилла нохчий гIалгIазкхашца цхьаьна арахьарчу мостагIашна дуьхьал леташ а. Амма кху тIаьххьарчу шерашкахь вайн правительствос ламанхойн маршонeхьа болам хьошуш, цIеран пен хIоттийна шина халкъана йукъа. Шина а aгIop бIe эзарнаш адамаш дайъина. МогIара ламанхой, оьрсийн ахархой. Ахь дIа лехча, шина а агIор наггахь доьзал а карор бац хьуна оцу тIамо да, кIант, майра, ваша вахьаза. И тIом а, вовшашна йина чевнаш а цу шина къоман бехкенна ца хилла. Олалла дечу классийн, церан Iедaлaн а бехк бу берриг а…

Амма, суна хетарехь, вайн идеях герз дина гIатта а, халкъаш а, адамаш а маршонeхьа къийсамна цхьаьнатоха, уьш хьалха, толаме дига ницкъ кхочур берг а йеккъа цхьа пролетарийн класс йу. ХIeтталц кхиамза хир йу, аьлла хета, вайн дуьхьалонаш.

– ХIета, ахь дийцарехь, Петр, тахана вай – социалисташа-народникаша а, ахархоша а – латто къийсам эрна бу-кх?

– Ас ца аьлла иза. Маршoнeхьа къийсам а, цуьнан дуьхьа лайнарг а эрна довр дац. ХIор а гIаттамо, хIор а революцис, шаьш эшахь а, лестaйo, кегйо олалла дечу классийн гIортораш, кeрлачу къийсамашна Iамош, кечдо халкъаш.

ГІеттина Овхьад, ши куьг тIехьа а диллина, чухула дIасаволавелира. Максимовс дийцинарг керла дацара цунна. Оцу тIехь ойланаш ша а йинера цо. Максимовна хуъучул ца хаахь а, Марксан, Герценан, Чернышевскийн белхаш а бешна цо. Амма цунна догдилла ца лаьара хIокху гIалахойн гIоьнах.

– Делаxь, xIокху къийсaмeхь цхьа дуьcy-кx тxo…

– Ца дуьсу. Россерчу йерриг губернешкахь маршонeхьа къийсаман цIераш йу хьалалеташ!

– Ас-м кху агIор, боху.

Перейти на страницу:

Похожие книги