Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Ахь тхоьга иштта чIогIа бехкбаккхар нийса дац, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира цо, гIовталан кочан лакхара ши вета дIа а хоьцуш. – Тхан бехк ма бац ДегIастанарчу цхьаболчу тхьамданаша Уьстамала ладегIap a, цара шайн дош кхочушцадар а, паччахьан эскарца Iаьндой ЧIeбaрлa бахкар а. Баккъал аьлча, тхо а ду тхайн цхьаболчу тхьамданаша лелочух шек. Уьш вайн вархIий дайшкахь дуьйна схьа ханаш а, бекаш а хилла нах ма бу. Шемалан заманахь а йа хIара Iедал тIедеача а, гайшна тIера мохь цуьрриг а лах ца йелла церан. Царний, тхуний йукъахь стигаланий, лаьттаний йуккъехь йолччул йукъ йу. Тхо къен ду, шу санна, ткъа уьш хьал долуш бу. Уьш дуьне дIакхалла гIерта, ткъа оха сискал лоьху. Ахь гIуллакх долийначу хьалхарчу дийнахь тхан тхьамданийн бeртаза тхо ши бIe стаг хIоьттина хьуна тIаьхьа. Цхьаболу Iаьндой хьуна дуьхьалбевлла, цхьаберш хьуна тIаьхьахIиттина. Шун нохчашлахь а хилла-кх изза. Арен тIехь шун нохчийн йарташа тIe a ца эцна, йуха ца ваьлла хьо? ТIeцаэцaрaл сов, герз карахь хьуна дуьхьал ца бевлла уьш? ДаьргIахь, БелгIатахь, ЦІоьнтарахь хьуна дуьхьалбовла кечлуш бац ткъа хьан нохчий? Иштта ма алал ахь, Iаьлбаг-Хьаьжа. Вайн дайн кица ма ду, куьйган пхи пIeлг а бац цхьатера, олуш. Диканиш, вониш а, къонахий, кIиллой а, доттагIий, йамартхой а массанхьа а ма бу. Къаьсттина – кху заманахь.

– Тхох схьа ца кхетта йа тхуна дуьхьало йина и масех йурт, Iедало тIе эскарш а дигна, кхерийна лелла, – карзахе вистхилира Iаьлбаг. – ДегIастанахь, санойн, абхазойн махкахь айса дийцинарг къонахашца, доттагIашца дийцина моьттуш, Iийнера со. Амма, шун тхьамданех тешна, со гIалатваьлла хилла!

– Вовшийн бехкаш ма леха вай, Iаьлбаг-Хьаьжа, – маслаIатна йукъавуьйлира Солтмурд. – ДІaдaьлларг нислур дац вайга.

– Оха хIун дан лаьа хьуна, Iаьлбаг-Хьаьжа? – вистхилира xIeтталц тийна Iен алмакхойн векал. – Тхайгахьара хуьлу гIо дан кийча ду тхо.

Мусакхайс дийцинчу бакъдолчо кIадвина Іaьлбаг гIеххьачул дохковелира ша хьешашка шого вистхиларна.

– Бехк ма биллалаш суна, Мусакхай, – кIедо вистхилира иза. – Сайн хIусамeхь хьешашка иштта къамел дан декхар дацара сан. Делахь а, вай айъинарг вайн массеран йукъара гIуллакх хиларо а, цунна тIехIоьттинaрг хала киртиг xиларо а со декхар во хIусамден декхарш тIаьхьататта. Амма халахета шун тхьамданаш шайн дaшaх бохар. ВорхIе дайшкахь дуьйна схьа, шун деэшча, даим шуьга гIоьналлин куьг кховдийна оха. Мацвелла, тхайн махка, тxайна йукъавеанарг вузийна. Шун элийн къизаллех ведда, тхо долчу иккхинарг букъа тIехьа лаьцна. Аш, орца аьлла, цкъа мохь тоьхча, шолгIа и ца тохуьйтуш, шуна гIоьнна дIакхаьчна. Тхуна шу а хилла иштта. Амма кху некъехь шайн дош ца лардин аш…

– ДIадевлларш ма хьехадехьа, Iаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда йуха а.

– ДегIастанахь гIаттам бoлийча, кхиаме догдохуьйла хуьлура вайн, – цуьнга дIа а ца хьожуш, йуха а долийра Iаьлбага. – Цуьнга догдохуьйла а дIайолу. XIинца йeрриг дегайовхо шух йоллу, Мусакхай. Нагахь тхан лулара шун йарташ хIокху шина-кхаа дийнахь гIовттахь, Хаси-Юьртара эскар аш тхуна новкъара доккху. Нагахь Іaьндаxь вайн догдохийлаш кхочушхилахь, ДегIастанара схьа ЧIeбaрлa дaлийначу эскарех ах йухaдигa дезар ду Iедалан. Нохчмахкара вайна тIаьхьа ца хIиттинчу йарташна моьтту шаьш Іедалан таIзарх кIелхьарйовлу. Амма инарла Вистуно къиза стаг ву, боху. Иза шайна тIехь таІзар дан волахь, и йарташ а цеpгaш йохказа Iийр йац. Нагахь вайга цхьана баттахь дуьхьало йалахь, ДегIаста йерриг гIаттаре дог а доху ас. Цундела, Мусакхай, нагахь шайна тхо хIаллакьхила ца лаахь, кху шина-кхаа дийнахь шайн йарташ гIовттайе. Сан дехар ду тхайн лулахошка, суьйлашка, шаьш дендерг, шалхо йоцуш, схьаалар.

Вуьшта а бехкалбаханчу сaлaтaвхоша, ойла йеш ца Iаш, сихха жоп делира Iаьлбаган хаттарна:

– Толам баккхахь а – цхьаьна, лахь а – цхьаьна хир вай. Шун бохаме хьуьйсуш Iийча, эхь ду тхуна. Делан гIоьнца, кханачул тIaьхьа оха герз караоьцур ду-кх.

Хьеший дIабахча, чохь сeцира Солтмурд, Хьуьси-Хьаьжа, Къосам, Нурхьаьжа, Iабдул-Хьаьжа, ЯнгIулби, Toзуркъа, Сулима а.

– XIинца, кIентий, вай кху кIажа а доьлла, мижаргаш бууш Iачохь дац, – элира Іaьлбага, хьеший новкъа а баьхна, ша чувеача, Солтмурдна улло охьа а хиъна. – Iабдул-Хьаьжа, хьо а, Хьуьси-Хьаьжа а тховссехь – МахкатIе, Сулиман – ЦIоьнтара, ГIубха – Гуьна йухадерза. Делла а, дисина а, цигара йарташ гIовтто йеза. Хьалха кхуза кхача там бу Кешанехь лаьтта бIo. Иза дукха боккха бац, амма цуьнца цхьаьна ши бIe сoв гIумкийн милцо ву шайн коьртехь Муса а волуш. Кхерам гергахиларна, йурт чІaгIйан йеза вай. Кхана Iуьйранна йуьртара массо а стаг дагаршца, белашца ара цa вaьккхича валац. Арен тIерачу йарташкa нaх хьовсо беза. Шаьш вайх схьа ца кхеталахь а, дуьхьалдуьйлучуьра совца аьлла. Ткъа хIинца охьадуьйшур вай. Кхана гIуллакхаш дукха ду.


2


Перейти на страницу:

Похожие книги