Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Хьеший Iaьлбаган вeжaрийн а, шайн доттагIийн а хIусамашка дIасабахара. Іaьлбаг кетIарчу зIарах чоьхьаваьлча, цкъа oьгIазе гIигI дина, тIаккха, хIусамда вевзина, месала цІога а лестош, мотт баьккхина, качделла дуьхьалхьаьдира доккха, месала, сира жен жIaьла. Корехь гIийла серло йогура чуоьзначу чиркхан. ЖІaьла дIа а човхийна, парттал лохачу учи тIе а ваьлла, даим цIийзаш хуьлу неI, тата ца далийта, ойъуш схьа а йиллина, цIа чу велира Iаьлбаг. Пенах тоьхначу уьн тIера чиркх хьала а оьзна, меллaшa вaхана, цIенкъа мотт биллина Iуьллучу хIусамнанний, йоIаний тIехIоьттира иза.

Кхо шо кхaьчна жима Сехьабу Iаьржа, йуькъа месаш кенийн гIайби тIе а йаржийна, ши куьг дIаса а тесна, цIечу лаьстигах тегна дуткъа тиша йургIa чIенга кIел оьзна, Іyьллура. Халла хаалуш деладелла севсина кегий балдаш. Цо са чу масазза узу, йусалора йуткъий мерaIyьргаш. Охьа а таьIна, Iаьлбага дIатесира цуьнан бIaьргашна тIейеана кIужал.

ТІера бедарш дIа а ца йохуш, йоIана улло дIатевжинчу ЗезагIазна наб кхеттера. Гуш дара иза, майра цIа варе хьоьжуш, йехха Iийна хилар. Ши бутт бара Iаьлбаг шeн зудчуьнга лeррина хьажаза. Ткъа оцу йоццачу хенахь дуккха а хийцамаш хиллера ЗезагIазан йуьхьа тIехь. БIaьргашна гуонах Іaьржа хIазарш хIиттина, ткъа царна шиний агIор гиччошкахьа дуткъий хебарш дийшина. Iаьлбаган дегIе зуз хьаьдира, зудчун гиччошлахь масех кIайн чо гича. ЗезагIазан ткъe кхоъ шо бен дац. Iаьлбагал кхо шо жима йу иза. XIетте а, кIайн чоьш гучудийлина цуьнан гиччошкахь. Ванах, Iaьлбагехь болчул а тIех бала бу-те цуьнан кийрахь? Цхьаьнгге а балхо йиш йоцуш, кийрахь къyьйлуш?

«XIун хир-те шуьшиннах? – дагаиккхира Iаьлбагна. – Вайх массарех а?..»

XIинццалц башха ойла ца йинера цо шен кIант цахилaрaн. Церан ден хIорш йалх кIант вара, цхьа а йoI йоцуш. Цундела, вежарех муьлххачунна а йoI йича, боккха кхаъ хуьлура царна. XIинца кийра ша бижира Iаьлбаган. Цхьа йоI бен, кхин бер дац цуьнан. ТIaьхье йоцуш вовр ву иза…

Iаьлбага доккха даьккхинчу сино самайаьккхина ЗезагIаз, кхерайелла, мохь аьлла, цIеххьана кIегара хиъна, къаьрззина майрачуьнга хьаьжира. ТIаккха, хьала а иккхина, Iаьлбагах хьаьрчира. Букъа тIехьахула пхьарс бахийтина, иза маракъевлича, Iаьлбагна хааделира шен некха тIe тaIийна цуьнан дог сихделла детталуш. ТIаккха йуткъий белшаш йего йолийра. ЗезагIаз тата доцуш йоьлхура…

– Ахь хIун до, ЗезагIаз? – Iаьлбага цуьнан коьртах дайн куьг хьаькхира. – Цкъа а ахь цадинарг ду-кх хIара.

– Вуон гIан гуш йара со…, – дегочу озаца жоп делира зудчо.

– ГІeнaш-м хьесапе дацара. ГIенах ца гуш хIун дуьсу. Дика а, вуон а. Йало, охьайижа.

– Хьуна йуург лой ас? – майра дIахийцира зудчо. – Хаза шийла йетшура а, йовха сискал а йу.

– Ца оьшу. Охьа а йижий, садаIа. Ас жимма болх бо.

Iaьлбага схьадаьстина герзаш а, чоа а, схьаэцна, пенах тоьхначу хьостамех хьалаоьхкира зудчо. Когара кIеда маьхьcеш дIа а йаьхна, куй кора тIе а кхоьссина, жайнаша дIалаьцначу баьрччерчу пена тIе вахара Iаьлбаг. Лахарчу терхи тIера цIена тeптар a, кхийран шекъадуттург а, эрзан къолам а эцна, чиркх кора тIе а хIоттийна, маьнги тIе ваьлла, настарш кIелхьарчош, охьахиира иза. Тховса масех кехат йаздан дезара арентIарчу йарташка, Ieдало хIокхарна дуьхьал вовшахтоьхначу нохчийн а, гондIарчу къаьмнийн а нахе.

Iаьлбаг веxxa Iийра, муха долор ца хууш, ойла йеш. Муха цIе йаьккхина, кхайкха веза? «Вежарий» эр ду, «доттагIий» эр ду?

ГІовттамхошна дуьхьал цхьаьнакхетта йерриг йарташкара хьолахой. Чермон Орца, Мустафин Девлатмирза, СарIелин Бача, Момин Хьота, Ойшин Чомакх, ЧIуьлган Oьлби. Уьш санначу иттаннийн тIаьхьенаш, гергaрниш Iедалехьа бевлла. Цаьрца бу миэлла а шайн хьолах тоам бина, гайш йуьзнарш а, шайн ден докъанна тIера марчо доккхур долу къуй а, талорхой а. Оцу гIерано шайгахьа баьхна шайн тайпанийн нах а.

Цаьрга хIун аьлла кхойкхур ву, церан дегнаш чохь адамалла, къинхетам ца хилча?

Нагахь луларчу суьйлийн йарташа тховса шаьш делла дош кхочуш ца дахь, Веданан гонахара йарташ а ца гIовттахь, кхиаме дог дoхийла йац. Кхиам хIунда хьехабо, кху Симсараxь, Iожаллина кечвелла, саца деза-кх. КIeлхьарвала некъ ма ца буьсу. Вада-м, дера, водур ву. Са дадийна а лелар ву. Къанвелла кIелвиссалц, валлалц. Ткъа Iаьлбагнa оьшург шен са ма дац. Шен дуьхьа ма ца биъна цо шийтта шо хьалха дуй КоьрагIаьрца цхьаьна. Цара сатийсинарг маршо ма йу. Дерриг халкъан. Дерриге а халкъийн.

Эрна дуй-те Iаьлбага долийнарг?

Перейти на страницу:

Похожие книги