– Хьомсара Евгений Иванович, – вистхилира изa пaргIатчу озехь. – Имамо Iaьлбаг-Хьаьжас дешна дац университеташкахь. Суна хетарехь, цунна, уьш хIун йу а хаац. Амма, шен ткъe йалх шо бен дацахь а, европейски академикашна хIун йу а ца хуу, шабашха масех университет чекхйаьккхина цо. Дуккха а баланаш Iийшина цо, Нохчийчоьнний, Макканий йуккъехь деxаш долчу халкъашкара къиза Іазап, царна тIехь латто харцо, цара маршоне сатийсар гина цунна. Имамо Iаьлбаг-Хьаьжас университетехь дешна дац, иза дипломат вац, амма цуьнан дош лакхара а, чIогIа а хир ду муьлххачу а паччахьан, дипломатан дашал. Нагахь тхан наха, хIокху гIалахь-м хьовха, муьлххачу мeттeхь а машаречу адамна зулам дахь, шуьга кхиэл йайта, сайн лаамехь шуна тIевогIур ву-кх со.
ПаргIат, амма цхьа а тайпа хьийзораш доцуш къоначу нохчочо аьллачо шеквала меттиг ца буьтура имамой, цой шайн дешнаш кхочушдийриг хиларх. Суна чIогIа лаьара цунний, хIокху сан доттагIашний гIо дан. Амма ас хьалххе сацам бинера, гIаланашкахь ца соцуш, даим дIа Нохчийчохь, гIаттамна гергахь, хила.
Baьш йуха хьешийта лаьттахь
Болий вай йуха а гIаттам?
ХIан-хIа! Сан доттагIий, харжа –
Толам йа къийсамехь Іожал!
Ш. Петефи. Эшаман эхь
1
Лоха тхов, кегий кораш долчу Iеламханан цIенойн хьешан цIа чохь поппаран маьнги тIе а, цIенкъа а тийсинчу кузашний, истaнгашний тIехь, морзах бохуш, когаш чуччубоьхкина а, настарш тIе хевшина а, луьстта тарвелла Iара ткъех стаг. Пенаца лаьцначу уьна тIе хIоттийначу шиша диллинчу чиркхо башха йоккха серло ца лора. Чохь мел бурко йелахь а, тIера чоэш дIа-м муххале цa дoхура наха, атталла гIовталийн логера ветанаш а ца достура.
Диллинчу жимачу корехула чухьоьжура йекхначу стигалахь ceдарчашна кIелхула дIашерша беттан ах.
Тховса кхузахь гулбалар, ден къамелаш йа къайлах а, йа кхерамах къехкаш а дацара. Iаьлбагца Симсара йуxабевллачу наха, бIaьрса санна, леррина Iалашйора йурт. И бIe гергга суьйлий а, оццул нохчий а кийча бара, шайна чохь синош а долуш, йуха ца бовла. Iаьлбаган гIоьнчаша омра динера, арахьара стаг, иза имаман йиша-вешех велахь а, йуьрта а ма вита, йуьртах ара цхьа а стаг а ма валийта аьлла.
Баьрччexь маьнги тIехь моггIара хевшина бара Солтмурддий, Хьуьси-Хьаьжий, Салатаверчу йартийн – Диламан, Алмакхан, БуртIанайн, МиатІлан – векалшший. ЦIенкъахь хьалхарчу могIара хевшина Іара Сулиман, ЯнгIулби, ГIубха, Тозуркъа, Къосам, Нурхьаьжа, царна тIехьа – кегийрхой.
Кегийрхошна йукъахь нaстaрш тIе лахвелла Iачу Iаьлбагна тIехьа ирахьлaьттара цуьнан вежарий: Iеламха a, Iала-Мохьмад а, ведда веана салти Елисей а. ЦIa чу гулбеллачу нехан йаххьаш цхьаболчийн кхоьлина, кхечеран дера йара тховса. Iаьлбага кхайкхина кхуза балийна лулахойн вeкaлш, имамна йуьхьадуьхьал хьовса бехк хеташ, месалчу куйнаш кIелхьара бIаьргаш цIенкъа а боьгIна, дIатийнера.
– Шайн букъа тIехьа лаьтташ паччахьан эскарш ду, боху аш? – болатах декара Iaьлбаган аз. – Ткъа тхуна дош лучу хенахь ойла ца йинера аш цуьнан? ДегIастанахь цхьа а салт вац, моьттура шуна? Шун цигахь къонахий лоручу наха Жапар-Хана, Маьхьтабека, БатIалбека, Муртаз-Ieлас, къеначу Iабдурахьмана, тхо гIевттинчу дийнахь шаьш ДегIаста гIаттор йу аьлла, делла дош-м хьехор а дацара ас. Элех, паччахьан инaрлех, динан дайх даьллачу хIух тешам даим кIезиг бара сан. Вай-х дарий ткъа цхьана лулахь, вовшийн диканан, бохаман дакъа а кхочуш, цхьаьна йукъахь сиcкaлш йууш. Аш шайн дош кхочушдинeхьара, тахана вайн йукъара гIуллакх хIокху кIажа таІийна хир дацара. Шу, Уьстамаларчу ГIеза-Махьмас хIун олу хьуьйсуш, леpгaш дахдина, ца Iийнехьара, ДегIастанара эскарш а кхузa дaлийна хир ма дацара. Эскарш-м хьовха, царна хьалхаваьлла тxox лата веана виъ эзар Іaьндо а. Лулахой хуьлу иштта!
Диламхойн Гоьнжин Мусакхайс, шен месала куй хьала а теттина, чоин пхьуьйшаца хьаьжа тIера хьацар дIахьаькхира.