Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– XIун дийр ду ткъа, Овхьад, иштта нисделла исторически хьелаш. Кху некъехь тхан аьтто нислац шуна а, тxайна а ма-ттов гIо дан. Областан администрацис хьалхе йаьккхина. Грознe a, Hoxчийчоь а дуккха барамехь эскарш оьзна. Цхьана агIор – гIалин къехой чIогIачу тергамна кIел латтабо, вукху агIор – гIалахошна а, гIалгIазкхашна а йукъахь пропаганда лелайо нохчашна дуьхьал. Оцу пропагандехь йоккха меттиг дIалоцу туркошца болчу тIамо. Цо боккха Iаткъам бина оьрсийн бахархойн кхетамна. Цкъа-делахь, шина а пачхьалкхан агIoнгахьара бакъонца бац хIара. Шина а правительствон Iалашо мехкаш дIалецар, кхин халкъаш лолле дерзор йу. Амма, вукху агIoр, паччахьан правительствон Iалашо мел догцIена йацахь а, хIокху тIамо гIо дийр ду Балканера къаьмнаш туркойн феодалийн Iазапна кIелхьара маьршадаха а, царна шайн йозуш йоцу пачхьалкхаш кхолла а. И хууш лета вайн салтий доггах. Ткъа вукху агIор, изза тIом нохчашна дуьхьал керла козар йу Iедална. Нохчий туркошна гIоьнна гIевттина, церан хьадалчаш бу бохуш, эладита леладо. Цунах тешарш а, цатешарш а хуьлу. Амма цатешачарна а лаац нохчашкахьа гIо даккха. Кхузара муьлхха а гIаттам туркошна гIо хуьлий хаьа. ХIара паччахь а, цуьнан Iедал а мел къиза делахь а, цхьана дийнахь а кхузахь туркой хила лаац. Султанан Iедал кхул а къиза, кхечу динах, къечу къомах хилaрна. Килсо а до шен гIуллакх. Шен делах а, килсах а ваьккхина, ша кхечу дине верзорна а ма кхоьру муьжги. ТIe, оццу туркойн гIоьнца нохчаша шаьш ца дайъахь а, кху махкара шаьш дIадахарна а кхоьру. Ишттачу дуккха а бахьанаша сецор бу кхузара бахархой шух дIакхетарх.

Овхьада, шен метта охьа а хиъна, куьйгаш стоьла тIе дехкира.

– Шуна ма хаьа, Петр Данилович, тхуна тxaьшна тIехь цхьаннен олалла ца дезийла, – элира цо меллаша. – Тхо оьрсийн паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдовлар оьрсийн халкъ цадезар, цуьнца мостагIалла хилар а ма дац. Даим санна, вайн йукъарчу маршонeхьа гIевттина тхо хIинца а.

– Тхуна и хууш ма ду, Овхьад.

– Шуна-м хаьа-кхий иза, Петр Данилович. И бакъдеpг хаа деза гIалахошна а, массо оьрсашна a. Тхуна хаьа Iедалхоша а, килсо а нохчашна дуьхьал лело акха пропаганда. Цунах тешна гIалахой гIалина гонах чIагIонаш йан боьлла. Со кхета, ахь дийцинчу бахьанашна гIалахойн аьтто бац, герз карахь гIевттина, тхан гIо лаца. Кху махкарчу оьрсийн бахархошка тхан халкъах бакъдерг дIакхетадейша. Дийцийша цаьрга тхоьгара къиза хьал, тхан a, церан а кхоллам а, сатийсамаш а, Iалашонаш а цхьаъ хилар. Нагахь гIала дIалаца тхан аьтто нислахь а, царна цхьа а тайпа кхерам цахилaрaх кхетабейша уьш. Тхо оьрсийн халкъана дуьхьал ца гIевттина, ткъа паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина, оха машаречу бахархошца, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тIом, ткъа паччахьан эскаршца бо.

ХIокху къоначу стаге а хьоьжуш, ойла йора ac: дависа, хIара санна, дешна, кхетам болуш масех бIe стаг велара оцу маршо йезачу къонахчу халкъан. ТIаккха ма гатте хир йара кхузахь паччахьан хьадалчашна!

– Ас йуха а боху шуьга, – дуьйцура Овхьада, – тхуна политически а, моральни а гIо дан ницкъ a, aьтто а бу шун. Бахархоша гIалина гонах йен чІaгIонаш совцор карательша Нохчийчохь дечу къизачу таIзаршна йоккха дуьхьало хир йара. Шуна ма хаьа, хьалха тIом болуш эзарнаш оьрсийн салтий а, эпсарш а цхьаьна нохчашкахьа бийлар. Хаьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, уьш майра тхан маршонeхьа летар а, эгар а. Хаьа, нохчаша уьш мел чIогIа лорура а. Шена дина дика ца дицлучу тхан халкъо, ша дуьненахь мел ду, шeн дaг чохь ларбийр бу оьрсийн халкъан и сийлахь кIентий. ХIара тхан гIаттам болабеллачу йуьххьехь Герзель-гIопера кхоъ оьрсийн салти ведда тхан агIор. Цхьаъ вийна, шолгIаниг лаьцна, кхоалгIачун аьтто баьлла тхох схьакхета. ХIинца гIовттамхойн цхьана отряда тIехь куьйгалла деш ву иза. Майра, хьуьнаре командир! Оцу масало гойту таханлерчу оьрсийн салташна йукъахь дуккха а тxox доглозурш хилар. Салташка а хаийтийша, оха латто къийсам вайн йукъарчу маршонан дуьхьа, вайн йукъарчу Iазапдаллорхочунна дуьхьал хилар, тхайгахьа бевлларш оха, тхешан нанас бина вежарий, бIaьхаллин вeжaрий санна, беза тIеоьцург хилар.

Максимовн хьекъалечу дуьхьалоно сацийнера а хаац, йа Овхьадан довхачу къамело йийсаре лаьцнера а хаац, амма, мухха делахь а, цIий сиха сан доттaгI Евгений Иванович а леррина ладоьгIуш Iара.

– Дика ду, Овхьад, – элира Максимовс. – Тхешан ницкъ кхочург, тхешан аьтто берг дерриг а оха дийр ду, ала имаме.

– TIаьххьара а цхьа масех дош ала пурба лойша суна, – Овхьадна тIевирзира Евгений Иванович. – Леррина дIа ойла йича, баккъал а Iаламат халачу, чолхечу хьелашка нисделла тхо. Ахь боху, бахархошка гIалина гуонах чIагIонаш йар сацадайта. Дика ду. Амма, гIала дIалаьцча, имам а, цуьнан гIоьнчий а шайн дaшaх бухур бац, гIовттамхоша наx бойъур бац, талораш а дийр дац аьлла, тIе хьан лоцу? Хьо цивилизованни стаг а, тхан воккха доттaгI а ву, Овхьад. Хьох теша тхо, амма бисинчех теша хала ду-кх…

Къона нохчо курра бIaьра хьаьжира сан доттагІчунна. Дош алар совнаха хилар гойтура оцу хьажаро. Иза ша а дара тешаман закъалт.

Перейти на страницу:

Похожие книги