3
Iaьлбагна шера хаьара, ша гуонна йукъахьарчош вуйла. Инарла Свистунов Шелахула схьа ма-веллинeхь, хиънера цунна иза Нохчмахка мича Iалашонна вогIу. Подполковникан Григорьевичан отряд Яркхсуца хьала зандакъа йан кечлoйлa a xиира.
Амма Iaьлбаган дуьхьало йан ницкъ бацара, цундела цо сацамбира, нагахь кхузахь вала дезахь, шен а, накъоcтийн а синош безачу мехах дIадала.
Шеца висина бIe гергга суьйлий а, церан эхханал нохчмахкахой а, цхьа салти а, Симсарара берриг бахархой а йурт чІaгIйан арабехира цо. Ишхой-Ломан агIoнгахьара кхерам бацара. Къовла безаш берг Диламера охьа а, Зандакъара хьала а богIу ши некъ бара. Некъашна шина а агIор долу дитташ, хедош, дуьхь-дуьхьал охьа а диттина, и ши некъ ваьлнашца дIакъевлира цо. Йуьртана гуо тосуш, лекхачу бердаш тIехула caьнгарш йахийтира, дуьхьал ханнаш а дохкуш.
Са ца доIуш, белхаш бора зударша а, бераша а. Бахархошна дихкинера имамера бакъонан кеxат доцуш йуьртара арабовла а, арахьара стаг чувита а.
Де делкъенга долуш, дуьхьалчу регIахь девллачу йаккхийчу тоьпийн татанаша цIеххьана болх сацабайтира цаьрга. Зандакъана тIехула дукъа тIехь хьуьнна тIехула йеанхьа сийна кIур айъабелира. КIеззиг хан йукъа а йулуьйтуш, йуx-йуха а дийла дуьйлира татанаш.
– Хьалакхаьчна и жIaьлеш! – йуьстах туй кхоьссира Іaьлбагна уллохь лаьттачу Солтмурда. – Зандакъана хIунда йетта-те, цигара нах-м, yьстагIий санна, эсала Iаш ма бара?
Йиллина дIа шеца лело турмал бIаьргашна тIе а лаьцна, Зандакъ-Лома буьxxье хьежа хIоьттира Іaьлбаг.
– Хаац. Цхьа дан йишйоццург коча Іоьттича, цабевллачу денна дуьхьало йина хир йу-кх зандакъоша а.
Турмал бIаьргаш тIера дIа а йаьккхина, шен гIоьнчий тIе а кхайкхина, царах дагавелира Іaьлбаг.
– Диламера охьабогIучу новкъахь ткъех стаг а витий, бисинчаьрга хIара агIо дIалацийта. XIинца а дикка хан йу вайн, – элиpa Iaьлбага, цаьрга ла а доьгІна. – Зударшкий, берашкий caьнгаршна тIулгаш кхехьийта. БІaьхоша шайн чІaгIонаш дIалеца. Муьлххачу минотана а кийча хила мостагІчунна дуьхьало йан.
Дукха хан йаллале Зандакъара схьабогIучу готтачу новкъахь дошлойн ковра гучуйелира. Уьш гIумкийн милицин разъездах тарбеллачу йуртларйархоша царах хIор а тоьпан Iалашоне лецира. Амма хьалха вогIург, бисинчех схьа а къаьстина, куьйгаш а лестош, мохь бетта вуьйлира.
– ОхI! Молла Нуркиша ву-кх иза! – вевзира иза цхьанна.
– Цуьнца Жанхот а!
Шеца Солтмурд а эцна, хьалхара ха долчу Нуркишина а, Жанхотна а тIевахара Iаьлбаг. Кху тIаьххьарчу шерашкахь къанвелла, азвелла Нуркиша, IаддаргIа санна, хьаьвзинера. Ша деана гIуллакх дийцале цкъа хьалха, шаьш, цхьана тайпана хиларал сов, гена довллаза гергара хилар а, Олдам уггар шена дукхабезачу нахах цхьаъ хилар а хаийтира Нуркишас.
– Тахана тхоьца воцург цхьа а гергара вац сан, – моллин къамел сацийра Іaьлбага.
– Тхо муха хуьлу шуьца, шу Iедална дуьхьал гIевттина хилча? – цIoгIaнe мохь белира Нуркишин. – Бусалба хуьлда уьш, керста хуьлда уьш, – берриг паччахьаш делан лаамца хIиттина ма бу. Паччахьан Iедална дуьхьал гIеттинарг далла дуьхьал ма гIотту…
– И туьйра а дитий, шаьш хIунда даьхкина, дийцал, – сацийра иза Iаьлбага. – Хьоьга ладоьгIуш, эрна хан йойъийла дац тхан. Йуккъехула аьлча, халкъ а ду Делан лаамца лелаш!
Нуркиша къелигваьлла хьаьвзира.
– Оцу Дeлaн мостагIаша йаккхий тоьпаш тоьхна йуьрта. Масех цIа даьгна. Хьайн гIоьнчанашца хьо шайна тIе ца вагIахь, ша йуьртах чим бийр бу, боху полконако…
– Ой, Нуркиша, и хIун ду ахь дуьйцург? – велавелира Солтмурд. – XIинцца ма ву хьо, паччахьаш а, церан Iедал а Делера ду бохуш, ткъа хIинца, уьш Дeлaн мостагIий бу, бохуш воллу!
– Корта хьере хилла, Солтмурд! ТIедуьйлийша Iедална, ма эгийша зударийн а, берийн а къила…
– ДІавала, Нуркиша, осала хабар дуьйцу ахь, – човхийра иза Солтмурда. – Кхуза а веана, тхуна воьлхучул, зандакъой а гIовттабай, тхуна гIоьнна вола!
Солтмурдан буьрсачу хьажаро кхерийна Нуркиша Iаьлбагна тIевирзира:
– Айхьа ворxІ гуо баьхьначу КаIабин дуьхьа, дехьа Iедало хьайга боxург!
– ОстогІпируллахI! ДІавала суна гучуьра, со къила вожо воллу хьо! – човхийра изa Iaьлбага.
– Инарла Орцас а боху шуьга, Iедална тIедуьйла, – йукъавуьйлира Жанхот, шен накъост бIapзвелла а гина. – Паччахьал, цуьнан Iедалал шу тоьлур дац, боху. ГIа-бецан барамехь эскарш ду, боху, Нохчмахка догIуш. Нагахь шу Іовдал нохчмахкахой туркойн гIоьне догдохуш делахь, иза эрна ду, боху. Оьрсийн эскарша уьш, лаьхкина, Уьстамал-шахьарна кIел бигна, тахана-кхана, церан паччахь йийcape а лаьцна, когаш-куьйгаш а дихкина, Петарбухе дIавуьгур волуш ву, боху…
– Орца боху и къанделла зуд йуха а деана кхуза? – цецвелира Солтмурд. – Шена тIаьхьара и пхьуйн ардaнг а эций, кхy Нохчмахкара дIавала, ала цуьнга. Тхешан каравагIахь, оха жоьжахате хьажор ву иза!
– Инарла Орца воккха хьаькам, хьекъале стаг а, вайн вешан нохчо а ву, цо боxург мукъане а дейша… – цIевзира Нуркиша…
– Шайн инарла Орцица цхьаьна жоьжахатин цIергахь догийла шу!