Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Хьо цига дIавоьллахь, ва эла ва Мусост.

Вай цигахь къастор ду кIиллониг мила ву!..


Шен дош кхочушдира Адин Сурхос. ШолгIачу дийнахь цо къехошна дIабийкъира элана Мусостна паччахьо совгIатна белла мохк. Оцу къийсaмeхь Адин Сурхос байъира Мусост а, цуьнан вежарий а. Элан Мусостан олалла а дожийна, йуьртахошна маршо а йаьккхина, Сурхо цIа веача, дуьхьалйeapa цуьнан къена нана. КIант мара а къевлина, мерза барт а баьккхина, курра мохь туьйхира Сурхон нанас:


– Хьо санна воцу кIант ва нанас мa вoлдa,

И вича, ма кхиа, хIара латта ва хьеша!..


Кхуза гулбеллачу наношний, берашний дуьххьара ца хезнера бIaьрзечу Хьамзатан и илли. Амма тахана иза цхьа шатайпа декара. Оцу иллино, цунна тIаьхьа бекачу пoндaрo халкъана шайн кIентий боьхийла хиира наношна. Оцу иллино, цунна тIаьхьабоьлхучу пондаро шаьш дaймахкана дIадоьхийла хиира хIетта маж-мекх дала гIертачу кхиазхошна. Ткъа бIаьрзечу Хьамзата шен илли дерзийра:


Паччахьан Iедало маршонах даьхна вай,

Паччахьан Iедало махкаха даьхна вай.

Вайн дайша, хьун хьокхуш, дендина ва ирзош

Шен къизчу йалхошна совгIатна декъна цо.

Ламанан баххьашкахь, шерачу аренгахь

ТІулган гIаьпнаш ва йоьгIна, эскараш оьзна цо.

Гуш йоцуш гIоьмаш йу вайн когex, ва куьйгех,

Даймохк бу кхойкхуш шен майрачу кIентaшка,

Ша ларбе, боху цо, мостагIийн къизаллех!..


– XIейт, гор, Хьамзат, йаІ! – xІeтта тIевеана, ладоьгIуш лаьтта Къосам, Хьамзата илли дерзийча, гуонна йукъаиккхира. – Тохал цкъа тIараш, кIентий! Хелхаран бал баккхий вай!


Вешан мохк, хьомсара йарташ.

Сийлахь халкъ, йиша-ваша лардан,

ГІовттур вай, турпала кIентий.

Маса дой хьалха дIахеца,

XIумма а, дац дуккха а эгарх,

Толам вай боккхур бу эxxар!


Вайна дахар лолда-кх кхоьллинчу вайн Дала.

Ва лата мел луучун леташ кайолийла,

Ва кIилло веддачун уьдуш садолийла!


TIараш туьйхира кегийрхоша. ТІараш туьйхира наноша а. Хелхахьаьвзира чеччалхойн БоьртIаган Къосам. Цкъа буьхьара байн гуо хьош, тIаккха дIaьндаргах хьаьвзаш. Зезагна гонах байн полла санна, цуьнца хелхашершира жимачу Марванан нана Дети.

…Боьлхура, боьлура бIaьрзечу Хьамзатан дечиг-пондар. Цо наношка кIентий боьхурa дaймахкана. Цо халкъан кIентий кхойкхура маршонeхьа къийсаме.

…Хьовза хьо, Къосам, ког шаршабе ахь, Дети! Iожалла-м йу гергагIерташ. Гуобaьккхина. Амма вай чІeIap дац цунна хьалха. Иштта, курра кортош а айъина, хелхаршца, иллешца, эшаршца xIyьттур ду вай цунна хьалха. Маршо йа Іожалла!

Шиннах цхьаъ. Кхин некъ бац…


XVI корта. ГУОННА ЙУКЪАХЬ


Герз караэца, сан къам!

ХьалхатаІа! Маршо йа Іожалла!


Ш. Петефи. Иэшаман эхь


1


ХІокху тIаьххьарчу дийнахь, цхьа минот а мукъа йоцуш, массо а хьаьддий-веддий вара полкеxь. ХIoъ луш, тIе йехк хьоькхуш, шарйеш, Яркхсу чохь лийчош, шайн говрашна гуонаха хьийзара дошлой. ЦІандеш, даьтта хьоькхуш, герзаш кечдора салташа. Йаккхий тоьпаш а лаьттара говраш дIайожа кийчча.

Берриг кечам хиллачул тIаьхьа, Хаси-Юьртахь резервехь шиъ ротий, йиъ йоккха топпий йитина, кхаа батальонах а, йалх йоккха тоьпах а, гIалгIазкхийн кхаа, гIумкийн цхьана сотнях а лаьтта отряд Яркхсуца хьала лам чу йолайелира.

ГІaттaм тIаьххьара а хьаьшна дIабаккха, генеральни тIелатар долош дара тахана.

Самукъане йара салтийн дог-ойла. Масех де хьалха Зандакъана таІзар дан йахана подполковникан Григорьевичан отряд цІа ма йирзинера, цигахь атталла цхьаммо а дуьхьал топ ца кхуссуш. Биллина дІа гІопан пенаш йуккъехь, плацехь йа белхаш беш, сахьийзаш хан токхучу салташна хІара шаьш схьалаьцнарг сакъера арадовлар санна гІуллакх хетара. МаьІ-маьІІера забарш, беларш хезара. Цкъацкъа хьаннаш тІехула раьгІнашца дІасадаьржара салтийн иллийн аьзнаш.

Нохчмахка a, Aьккха а, Салатаве а догIу некъаш дIакъевлинера ДегIастанарчу эскарша, Іaьнда ломахь лаьттара полковникан Накашидзен отряд. ГІойсуца хьала йаржийнера полковникийн Перликан, Тер-Асатуровн отрядаш. Доккхачу эскаран коьртехь Веданара охьавогIуш вара инарла-адъютант Свистунов.

ГІовттамхошна бовда меттиг ца йитинера цхьаннахьа а. Бутт балале, шен белшашна тIехь инарлин эполеташ гора Батьяновна. Шеко йац, и мятежникийн гIера шен коьртахошца цхьаьна цо схьалоцург хилaрaн. Амма чам бац-кх хIара толам иштта атта нисбаларан.

Шелана уллохь гIовттамхойн эшам хилла аьлла даьржича, шайн толамах дог а диллина, Салатаверий, Aьккхарий йартийн векалш баьхкира Батьянов волчу, мятежникашца шайн дозуш цхьа а тайпа хIума дац, шаьш Iедална муьтIахь ду аьлла.

Тахана отряд Aьккхахула чекхйолуш а шайн муьтIахьалла гайтира бахархоша. Нагахь полковникна иэшахь, Іaьлбаг-Хьаьжа схьалаца гIоьнна наx бала тIе а лецира. БуртIанайн пурстоьпо Дацаев Шайх-Махьмас а чІaгIдора, Салатави къарйелла сецна бохуш.

Амма отряд Зандакъа кхаьчча, Батьяновна хаамаш беара, йерриг Салатави а, тахана тийна хилла aьккхийн уггар йоккха йурт Акхташ-Эвла а гIевттина аьлла.

Батьянов шен отрядца сиxxa Кешана йухавирзира. Эпcapex дага а ваьлла, цо сацам тIеийцира, ша Нажин-Юьрта хьажийна майоран Коленкон отряд йуха а кхайкхина, берриг а ницкъашца Салатавина таІзар дан ваха.

Перейти на страницу:

Похожие книги