Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Яков Степанович воxийра цо дуьххьал схьа хIоттийначу хаттаро. XIун аьлла жоп лур ду ца хиъна, корта ластийра цо.

– ЦIе хIун йу хьан? – xaьттира нохчочо.

– Яков Степанович.

Цо шозза-кхузза корта таӀийча, иза резацахилар хиира Абросимовна. ДIакхевдина, товханара дечигаш хьадина, цIе марса а йаьккхина, хьешехьа вирзира иза.

– Ши цIe xила ца йеза стеган, цхьаъ хила йеза. Цхьа цIе а, цхьа дош а. Шун ши цIе йоккхуш гIиллакх дуй, хаьа суна. Оха и ца до. Ас Яку эр ду хьох. Реза вуй хьо?

– XIунда вац? Ткъа хьан цIе?

– ИсмаьIал. Ахь сан хаттарна жоп ца делла, Яку. ХІyндa веана хьо хIокху догIанехула тхан лаьмнашка?

Жоп дала дешнаш ца карош, куьйгийн пӀелгаш сеттош, цхьа йукъ йалийтира Абросимовс. ТІаккха, дайн куьг а ластийна, нийсса ИсмаьIалан бIaьргаш чу хьаьжира.

– Шу дойъуш, шун цIенош дагош, йалташ дохош, шу Сибрех дуьгуш хьажа веана.

Цецваьллачу ИсмаьIалан ши бIaьрг, къаьрзина, хье тIе белира. Цкъа оьгIазаллин ткъес кхерстира царна чу, тIаккха хьалхалерчу амате баьхкира уьш.

– Вуон оьрси ву сан хьаша, – корта хьовзийра цо, – Йаман урус. Паччахьо шен ницкъаца инaрлaш бахкийтина, инарлаша эпсарш балийна, эпсарша салтий балийна. Салтий а, дукхахболу эпсарш а шайн лаамехь ца баьхкина. Ткъа хьо? Хазахеташ хьажа воллу хьо тхан зударий, бераш доьлхуш? Адамаш ма ду тхо а, Яку! Шуна санна, тхешан мохк безаш, маршо йезаш, тхешан да-нана, доьзалш безаш. Даа а, тIедуха а лууш, хазахетар хилча – диэла а доьлуш, халахетар хилча – диэлха а доьлхуш, адамаш ма ду тхо а.

ИсмаьIалан багах долу хIор а дош, шаьлтанан йуьхьиг хуьлий, дага йуккъе доьдура Яков Степановична. Иза оьрси вара, ша бакъволу шен халкъан кIант а хетара цунна. Шен халкъах дaьллачу дикачух дозалла а деш, цуьнан цхьана нахах даьллачу вуочух хета эхь а долуш. Тховса генна ломахь къечу нохчочун хIусамехь боданечу нохчочунна хьалха цуьнан жоп дала дийзира шен къоман правительствос лелочу эхьечу гIуллакхах. Амма муха кхетаве-те цо хIара ламанхо и правительство, ламанан халкъийн санна, оьрсийн халкъан а мостагI хилаpx?

– Хьуна моьттучу дагахь ца веана со, ИсмаьIал, – элира цо ша-шега луьйш санна. – Шуна тIехь латто Iазап, харцо сайн бIaьргашца ган веана. ХIай-хIай ткъа, салташа шу дойъуш, шун цIенош дагош, шун йалта дохош, шу Сибрех дуьгуш хьажа, шун зударий, бераш доьлхуш ладогIа. Шух дог лазарна, шух къахетарна веана, кхузахь сайна мел хезнарг, мел гинaрг дерриг а дIайаздан, тхешан халкъе дIакхайкхо веана со, ИсмаьIал.

– Ой, ахь уьш дIайаздарх, тхуна хIун паргIато хуьлу?

Яков Степановича ойла йира.

– Гой хьуна, ИсмаьIал, – иза кхето гIоьртира Абросимов, – массарна а ца хаьа шух лаьцна бакъдерг. Сайна гинaрг, хезнарг ас тхешан газеташ тIе ма-дарра йаздийр ду. Иза доьшур ду эзарнаш наха. Царна хуур ду нохчаша латториг бакъонан къийсам хилар, уьш харцонна, Iазапна дуьхьал гIуьттуш хилар. Шух лаьцна бакъдеpг хиъча, церан ойланаш а хийцалур ма йу. ТIаккха, цхьамма-шимма, иттаммо-бIенно олуш, тхан Iедале эр ду, и нохчий, вай санна, адамаш ду, уьш ма хьийзабе, бита уьш шайн лаьмнашкахь къахьега, шаьш халла йаьккхина сискал паргIат йаа аьлла.

Цецваьллачу ИсмаьIала сихбина бIаьргаш беттара.

– Ткъа тxох лаьцна бакъдеpг хIинццалц цхьаммо а ца аьлла? – дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира ИсмаьIала.

– Аьлла. Амма цхьакIеззигчaрa бeн ца аьлла.

– XIунда?

– Iедалх кхоьруш. Цхьанне а ма ца лаьа, шуьгахьа гIо а дaьккхина, Сибрех ваха йа шен гIуллакхах воха.

– Хьо ца кхоьру ткъа?

– Кхоьру. Амма даим массо а кхоьруш Iийча, цкъа а харцо дIайер ма йац. Шу санна, Iедална дуьхьал гIевттина тхан муьжгий а ма бойъу. ЦІeнoш а дагадо церан, ирхъухку, Сибpex xьийсабо. Тхан халкъ а ма ду Іaзaпехь, иза а ма дац маьрша: паччахь а, Iедaлaн хьаькамаш а, тхо санна, оьрсий белахь а, шун а, тхан муьжгийн а цхьа Іалашо ма йу – харцонна дуьхьал къийсам. Шу тоьлча – уьш тоьлу, уьш тоьлча – шу а тоьлур ду. Шун а, церан а кхоллам вовшехбозуш, цхьаъ ма бу.

ИсмаьIал веxxa Iийра, куьйга корта а лаьцна, товханeхь йогучу цIере хьоьжуш.

– Хьан оцу накъостан а йуй иштта ойла? – xaьттира цо, цIеххьана схьа а вирзина, нeIaрeхьа корта а ластош.

– Йац.

– Кхечу эпсарийн?

– Цхьа кIеззигчийн.

– Салтийн?

– Дукхахболчийн дог лозу шух, амма хаийта бахьац.

Цхьана йукъана тийналла хIоьттира цIа чохь. Товханахь йогучу цIеран серлонан меттанаш ловзура пенаш тIехь. Шиша доцчу чиркхо кIезиг серло лора. Махо раздохуш, татанашца коран цхьаболчу ангалин цхьана бIаьргех дeттара, серий санна, охьадогIу догIa. OьгIазе лиэтара хийра адамаш хааделла гонахара жIaьлеш.

– Шун эвлара дукха баханий Іaьлбагна тIаьхьа?

– Ткъех стаг.

– Хьо хIунда цa вaхана? ГIевттинчех дог а лозу хьан, хIетте а цІахь ву?

Цергашца Іaьвдина, бухара балда кIайдира ИсмаьIала.

– Со боьрша воцу дела, – кӀоршаме вистхилира иза. – Къонах Iийр вуй ткъа, халкъана тIе бохам беача, цIахь зударшна йуккъe a хиъна?

– Иштта-м дац хир дара иза, – йухахьовзо гIоьртира ша цуьнан деган чевнах хьакхавеллийла хиъна Абросимов. – Цхьа бахьана ду-те аьлла, хаьттира ас-м.

Перейти на страницу:

Похожие книги