Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Хьанна хаьа. Дагахь доццург ма леладо цара.

– Суна хетарехь, вайх къинхетам бан ойла йац-кх церан, – элира шен йоьхна неIармача летош воллучу Къайсара.

– Къинхетам? – схьавирзира дехьахь, жaйнaш кегош, цхьаъ лоьхуш воллу Іaьлбаг. – Нагахь бертахь йа бертаза карагIахь, цхьадолчарна кийчча тангIалкхаш йу, бисинчарна – Сибрех. ГIаттаман тхьамданашна бохий ас-м.

– Дала хьеха, – оьгIазе йу таӀийна, мачин эвнех Iуьрг эккхийтира Къайсара.

Гоьла тIе баьккхина ког ловзош, аркъалтевжина Iуьллу Коьра охьахиира.

– XIумма а дац, кIентий! Харцонца къyьйсуш Іанийна цIий цкъа а эрна ца дов. Къийсамо, мел кIезиг эшийна а, харцо эшайо. Дийна висинчунна, миэлла йаьлла а, маршо йалаза йисац.

– Хаац, шеконе гIуллакх ду дан-м.

– Духур дац вай. Хьанна хаьа, вай ца къарлойла хиъча, ша Іyьйду къамкъарг жимма малйаза Iийр дац Iедал, – когаш чучча а бохуьйтуш, Коьрина улло охьахиира Iаьлбаг. – Ткъа, ваьшна тIехь дин-динарг ловш, таьIна Іахь, садукъийна, дойъур ду.

…И буьйса набарза текхира гIовттамхоша. Амма оцу буса а, йа шолгIачу дийнахь а гучу ца йелира Зандакъана тIехула сецна Григорьевичан отряд. ШолгIачу суьйранна гIовттамхойн разведко хаам беара, иза шен отрядца Кешана-гIопе йухавирзина аьлла. Атталла зандакъошкара амалтана нах а ца буьгуш. Схьахетарехь, подполковник тешна вара шa зaндaкъой хаза кхоччуш кхерийна хиларх. Оцу тIехь цуьрриг а гIалат а ца ваьллера иза. Цхьана тайпанах шина йуьртана йуккъexь xиллачу дeвнo a, cтаг веро а кестта йолчу ханна барт хуьлучуьра баьхнера уьш.


* * *

БIаьрзе Хьамзат а валош, урамехула йуьртан йуккъерчу майдана догIура бераш. Хьамзатан карара гIаж лаьцна, хьалха вара Марван. Майдана кхаьчча, наной схьакхайкха бераш дахийтира Хьамзата. Дукха хан йалале цигахь гулйелира зударийн къорза тоба.

– Наной! – мохь туьйхира Хьамзата, шен бIaьрзе бIаьргаш царна тIexула генна а боьгIна. – Дика ладогIалаш. Ас цхьа-ши илли олу шуна.

Хьамзат дIасахьаьжча, цуьнан дагахь долчух кхеттачу Марвана керта уллорчу гула тIе охьахаийра иза. БIаран дечках бина пондар кара а лаьцна, дуткъачу мерзех пIелг тесна, цкъа-шозза лерг а хьовзийна, тобира цо. ТIаккха, йайн йовхарш тоьхна, бIaьргийн негIарш тIе а хьабдина, Адин Сурхох илли долийра.

…Хьийзабора эло Мусоста цхьана йуьртан тхьамданаш. Церан махка тIе йурт йиллина ца Iаш, йохура цаьргара тIехь йоцу йасакхаш. Дехарш дора йуьртан тхьамданаша эле Мусосте:


– Дакъаза ма вала, хIай эла ва Мусост,

Да эла хилла хьан, нана сту хилла хьан,

Хьуо эла веца хьо, тхо Iaьржа нах деца.

Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн,

Эхь деца ва хьуна элашна ва йукъахь…


Амма хазац элана Мусостна къехойн дехарш, цо аралохку уьш шен гIалин кертара:


– Ас хир ду аьлларг ва хилла ма даьлла,

Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,

Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва йасакх!


ГIайгIане ийгира йуьртан тхьамданаш. Ойлане бевлира уьш, шайна орца лоьхуш. ТIаккха дагавеара царна тIехь да воцуш, ненаца кхиъна Адин жима Сурхо:


Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон,

Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон,

И Сурхо воьхур вай и винчу ва нене.


КIант веха бахара йуьртан тхьамданаш Сурхо винчу нене. Нанас жоп делира йуьртарчу тхьамданашна:


– Доккхачу дуьнене сирла бIаьрг ва тоьхча,

Сема ла ва доьгІча, Сурхол сов амал дац,

ХIай йуьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин.

Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,

Вехча вала вина ас сайн жима ва Сурхо, –

Олуш, чуйахара, тов, Сурхо вина ва нана.

Нaбaрна вижина шен жима ва Сурхо,

Йайн муьшка ва йина, ша самаваьккхина,

ТIаккха лиэн йелир, тов, кIант вина ва нана:

– Со йала хьан дeлaI, сан жима ва Сурхо,

Вижина Іyьллу Іуьйре йац хьуна тIейеанарг,

Хьо виэха баьхкина йуьртара тхьамданаш,

Виэхча, ас… велла хьо цу йуьртан тхьамданашна,

ДегIаха мерзa ca цара хьайга ва дехахь,

Ахь, даккхий, дIалолахь дегIаха мерза са…


ГІеттина, араваьлла Адин кIант Сурхо. УьйтIахь лаьттaш кaрийра йуьртара тхьамданаш:


– Шу марша догIийла, хIай йуьртан тхьамданаш,

Шу даккхий дара-кх, со жима вара-кха,

Эхь-бехк хета ва суна, шу дехаре даьхкича.

ДегIаха мерзa ca aш соьга ва дехахь,

Ас шуна дIадели дегIаха мерзa ca

Дог рeзa ва дина, хIай йуьртан тхьамданаш, –

Олуш, тIеийцира цо шайн йуьртан тхьамданаш…


Балхийра тхьамданаша шайгара къа-бала. Уьш тIаьхьа а хIиттийна, вахара Адин Сурхо эла Мусостан гIалин керта. Цо эле кхетийра тхьамданийн дехар. Амма эла Mycocт оьгIазе тIекъевкъира жимачу Сурхона:


– Хьо йелла йалийла, ва Адин ва кIилло!

И ала йеана хьо, хIорш тIаьхьахIиттийна?

Сихха цIа йерзалахь, хIай Адин ва кIилло!

Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,

Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла.

Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва йасакх! –

Олуш лиэн ва ваьлча и эла ва Мусост,

ТІаккха лиэн велир, тов, и Адин ва Сурхо:

– Хьо йелла йалийла, хIай эла ва Мусост,

Дада лай хиллий-ц хьан, нана вир хиллий-ц хьан,

Хьуо а лай веца хьо, хIай эла ва Мусост!

Ахь хир ду аьллариг ца хилла ма даьлла,

Ахь хир дац аьллариг ва хилла ма даьлла.

Ахь кIилло ву боху со Адин ва Сурхо

Йамартчу хьан дайшна цу Моско паччахьо

СовгIатна белла мохк шерачу аренца,

Цу бацах тайелла, зезаго хазйина,

Хьан дола йирзина охьара и paьгIнаш,

Хьалха ор ва доккхуш, тIехьа муш ва бустуш,

ДIайекъа гIур ву со мискачу нахана,

Перейти на страницу:

Похожие книги