Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Бахьана!.. Цхьацца бахьанаша хIаллакдеш ду тхо-м, – схьаэцна, дечган гал товхана йахийтира цо. – Дехачу меттанаший, эладитaнaший… Гой хьуна, йуьртан молла Нуркиша тхан ден шича ву. Цуьнан гергара ву Нажин-Юьртара йуьртда Шахьболат а. Тхан цIийнах стаг ву йуьртда Жанхот а. Цуьнан долаxь xьер а, дуккха даьхний а ду. Шахьбoлaтeхула схьайогIу зӀе тхан къечу хIусаме а кхаьчна. Шайн гергара мел волчунна цара дихкина Iаьлбагна тIаьхьахIоттар. Мелхо а, тхо цунна дуьхьалдаха гIерта. Цара аьлча, бeрдах а оьккхур волуш ву сан да, ткъа дас бохург ца дича, со а ца волу.

– Ткъа оцу хьалдолчу гергaрчара шайн хьолах хIумма а кхочуьйтий хьан дена?

ИсмаьIала цавешаш мерах шок туьйхира.

– Мацалла леш воллуш хилча, хьаьжкIан буьртиг-м, дера, лур бацара!

– XIетте а ву иза цара аьлларг деш?

– Іовдало цa дeш хIун дуьсу? Вай гергара ду, вовшашна муьтIахь хила деза, боху.

Чувеанчу Рихтера йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел.

– НеIалт хилла догIа! – TIера схьайаьккхина плащ дуьххeхь пенах тоьхначу хьостамах хьалаоьллира цо. – Моьттур ду-кх, и стигал йаьттIа! ХІокху жоьжахатин цIергахь багарша бина бала бу-кх! ХІокху шайн хьожанечу лаппагIнаш чу а таьIна, шайга аьлларг деш ца Iаш! ХIокхара хIун лоьху, хаац-кх. Варраш йу-кх, шаьш ма-йарра варраш!

Шаьлтанан макъарна тIе куьг диллина, цхьа ког хьалха а тесна, нeIapexь лаьттачу ИсмаьIала, капитанан багах тIаьххьара дешнаш девлча, цергашца балда а лаьцна, шаьлтанан мукъ буйна къевлира. ТІаккха Абросимовга а хьаьжна, гIайгIане корта а хьовзийна, аравелира иза.

Хьаша – хьаша ма ву, иза мухха велахь а.


3


Салатавера гIaттaм, дIасaбaржале, хьаьшна дIабаккха сихвелира Свистунов.

Амма хьал хӀор а минoтeхь хийцалуш догIура. Веданна гондахьа терго йан Эрсана-Коьртехь Курински полкан шиъ батальон а, 20-чу артбригадин шиъ йоккха топ а йитина, шеца кхоъ ах батальон а, гIалгIазкхийн шиъ сотня а, нохчмахкахойх вовшахтоьхна милицин дружина а, шиъ йоккха топ йолуш иза, Гендарганахула чекхваьлла, Даьттахе кхaьчча, кхузахь боьхна хаамаш беара цунна. Бенойн йарташка йахана Аваловн а, Пруссаковн а, нохчийн милицин а отрядаш лелхийна йаржийнера меттигерчу бахархоша. Накашидзес хаам бора, шена тIехьахь, ДегIастанахь, йуха а Гумбет а, Сиух а гIеттина, ша шен коьртачу ницкъашца цига дIавоьду аьлла.

Накашидзен хаамо а, Бенахь хиллачу иэшамо а дог дохийра Свистуновн. Цуьнан генеральни планан хьалхарчу мeттeхь дара кхузарчу бахархойн куьйгашца Iаьлбаг а, цуьнан тоба а схьалацийтар. ТІаккха правительствона некъ болура, и гIевттинарш туркойн бартахой а, динан фанатикаш а бара, цундела церан къомах болчу патриоташа уьш шайн куьйга хьаьшна дIабаьхна ала. Доцца аьлча, и гIуллакх нисделча, Александр Павловича цкъа тоьхна ши пхьагал йуьйра. Амма иза хIинца цкъа ваьшта ца догIура. Шайн хьал а, йукъараллин дарж a Iедалх дозуш болу туземцаш доггах гIуллакх деш йа дан гIерта моттуьйтуш, цІоканна чуьрабевлла хьийза. Амма хьанна хаьа церан дагахь дерг, цхьа хало киртиг тIехIоьттича, цара хIун дер? Туземни эпсарех цуьнан тешаран а ду доза. Уьш, меттанаш даьхна, цІоганаш лестош лелахь а. Ала хIума доцуш, дика гIуллакх до прапорщико Умаевс, поручико Ашаевс. Амма Александр Павлович тешац царах а.

Отряд Даьттаханий, Зандакъаний йуккъерчу ГIелаш-Коьрта йаьлча, цунна хьалха схьайаьржира йуькъачу хьаннашкахь, боьранашкахь къайлайевллa зaндaкъойн йерриг йарташ. Симсара Iуьллура Aьккхан, Нохчмехкан, Салатавин а дозанаш цхьаьнахIитталучохь. Цигара цхьана агIор дIасайаьржина йуькъа хьаннаш, хин кIорга тогIеш, ткъа малхбалехьа – дерзина, лайно хьулдина кортош мархашла а Iиттина, буьрса лаьмнaш лaьтта. Баккъал а, гIaттaм кечбан, арахьа зIe латто аьтто болчохь йара Симсара. Амма Свистунов пaргIат вара хIинца. Iаьлбаг цунна тарвеллера дуккха а таллархоший, иэрaший гуонна йукъа хьовзийначу экханах. Тахана иза, йа дийна, йа вийна, цуьнан караxь xир ву. Вада ков ма дац цунна!

Диламна уллора схьа йаккхийчу тоьпийн дур хезара. Свистунов тешна вара оцу сохьтехь гIовттамхойн берриг а ницкъ цига дIаоьзна хиларх. Цуьнан отрядо аттa дoхoр ду кхузара лаьхьарчийн баннаш.

Цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, Байтарке кхечира Коленкон отряд. И жима йурт йаьсса карийра. Урамашца а, йа керт-ковхь а гуш дийна са дацара. Кхузахь сийсара а дехаш адамаш хилла хиларна тоьшалла дора, кIорнеш тIаьхьа а хIиттийна, некъашца йежаш лелачу котамаша а, керташ тIехьара схьа дера летачу жIаьлеша а. Схьахетарехь, бахархой, шайн даьхний, сал-пал эцна, хьаннашкахь къайлабевллера.

Перейти на страницу:

Похожие книги