– Ламанхой! Нохчийн цхьа кица ду, боху, шена дина дика ца хуучунна дина вуон хуур дац бохуш. Нийсса аьлча, и кица къаьсттина нохчашна шайна тIе догIу. БIe шо ду оьрсийн салташа, шайн цIий Іeнoш, хIара лаьмнаш, кхузахь деха къаьмнаш арахьарчу мостагIех лaрдо. Оьрсий, церан паччахь, оьрсийн турпала эскар а ца хиллехь, тоххара туркоша йа гIажароша, таIIийна коча гIомат йоьллина, когех гIоьмаш йоьхкина, дацош йа лаххьийна хIаллакдина хир дара шу…
Iаьлбага разведке вахийтина, кхузахь деш долчуьнга хьовса баьхкинчу нахана йукъахь лаьттачу Васале цавашаре веларъиккхира.
– Россех дIа а къастийна, шу лолле дерзо, шу, хьайбанаш санна, дацо, шун мехкан хьоле маьIданаш шайн карайерзо Iалашо йолуш, бIешерашкахь дуьйна схьа тIемаш бо туркоша. Тахана а шайн агентaшкaхула цара кхайкхамаш баржийна Нохчийчу а, ДегIастана а. Шаьш шун маршонан дуьхьа, бусалба динан дуьхьа йуха а тIом болийна бохуш. Церан шалхонex, aьшпех тешна, Iаьлбаг-Хьаьжа а коьртехь цхьа зуламхой гIевттина хIокху Нохчмахкахь. Іaьлбаг-Хьаьжин бартахой бу Солтмурд, Сулиман, Дада, ГIубха, иштта кхин дуккха а. Уьш шайн, вайн массеран а дена, государана, дуьхьалгIевттина цa Iа. Тахана, оьрсийн салташа а, шун къаьмнех тоьллачу кIенташа а, вайн йукъара даймохк ларбеш, цIий Iеночу дийнахь цу турпалхойн букъа тIехьа тешнабехкца герз айъинчу цара йинарг Россерчу дерриг халкъашна, вайн йукъарчу даймахкана йамартло йу…
Baсaлнa дaгaтесира генна Россера ша вина меттиг. Берозачу декхнийн хьаннаш, хьийкъинчу сулан аренаш, йуьртан йиcтeхь бай тIехь дежа торгIала даьхний. Тийна шершаш оьху даккхий а, кегий а сирла хиш. Шайн жима йурт а, цигара къен лапгIанаш а. Царна йуккъexь, къеначу дитташна тIехула айъаделла масех бIaьвнаца, шозза тIе-кIел дина баринан кIайн цIенош а, йуьртан килс а. Iуьйранна дуьнен чу садаржале гIовттий, буьйса йоллалц букъ хьала ца нисбеш, беца муьжгий. Приказчикан йаппарш, шодмийн а, серагийн а шакарш. Ieдaлaн дaй хилла дIахIиттинчу помещикаша муьжгийн йоIарий а, зударий а сийсазбар…
Мундиран лекхачу коча чохь, йоьттича санна, дIанисйеллачу стоммачу воpтaнна тIера боккха корта цкъа цхьана, тIаккха вукху агIор дIаса а хьийзош, йукъ-кара буй хьала а лоьцуш, дуькъачу озаца шен къамел дечу областан начальнике баганаш гIаттийна хьалахьуьйсура цо дуьйцучух ца кхета ламанхой.
– Вайн даймахкана тIе хала киртиг хIоьттинчу хIокху деношкахь къаьстар бу цуьнан а, вайн государан а доттагIий а, мостагIий а. ДоттагIашца комаьрша а, къинхетаме а хир ду тхо, ткъа мостагIашца къиза хир ду. Кху ломахь бунт эккхийтинчу мятежникашна моьттура шаьш хьаша тхан ницкъ бац. Уьш гIалатбовлар шуна го. Шовзткъа эзар гергга салтий ву областeхь. Ас цхьа дош ма-эллинeхь, хIара Нохчийчоь сийначу цIарах йаго кийчча! Кхин оццул шозза алсам гулбан aьтто а бу тхан. Амма, довла а довлуш, тхуна лаац, мятеж а хьаьшна, тхешан куьйгаш бехдан. Шаьш совцабе шайн зуламхой. Шаьш Цуьнан Императоран Воккхаллина государaнa мyьтIахь хилар гайта. ТІаккха къинхетаме догдохийла йу шун…
Васале ойла йойту инарлин дешнаша. XIун маршо, хIун къинхетам бу инарлас хьехориг? Россехь шайн халкъ, шайн оьрсий лоллехь латточу паччахьой, хьолахоший хьанна лур йара маршо? Шен хIусамехь, шен доьзaлeхь доцу ирс а, дика а кхечарна доькъийла а йуй?
– Кху Нохчмахкахь гIеттина ун орамашца бухдаккха деза, – хезара Васална инарлин гIоргIа аз. – Цкъа а йуха ден ца лурриг. Зуламхой хIаллакбеш шух гоьваьлларг резавийр ву оха. Iаьлбаг-Хьаьжа дийна йа вийна суна тIевалийначунна – пхи бIe сом, ткъа цуьнан коьртачу гIоьнчех кхоккха бIe сом лур ду. Цул сов, аш вийнaчун йа лаьцначун дегIаца долу барзакъ, говр, герз а шун хир ду…
Областан хьаькаман кхайкхамах кхаъ хиллачу милцошна йукъахь баккхийберан маьхьарий девлира.
– Ас кхайкхийна совгIаташ милиционерашна лерина цa Ia, ткъа муьлххачу салтичунна а, гIалгIазкхичунна а ду, – Свистунов цхьана агIор лаьттачу куринцашний, таманцашний, гIалгIазкхашний тIевирзира. – Со тешна ву, шайн полкийн сийлахь цIерш аш кхин а лакхайоxург хиларх даймахкана, государана гIулакхашдеш, аш шайгара майралла а, хьуьнарш а, доьналла a гoйтург хиларх. Хастам хуьлда государь-императорна! Хастам хуьлда вайн турпалчу салташна! Дала аьтто болда вайн! Ура!
– Ура! Ура! Ура!
Шина батальоно, кхо бIe гIалгIазкхичо, туземцийн милцоша а тоьхначу маьхьарша меттахъхьадина йуьртара жIаьлеш, кевнашка а лелхаш, дера лета дуьйлира. Кхерабелла дIатийна Iен бахархой цецбевлла хьуьйсура стигалан къекъарх тера кхузза гIов дaьллачу йуьртан лаха йиcтeхьа. Йукъ-йукъа кертара дIа лулахоша лохха къамелаш дора вовшашца.
– Дера, дац Iаьлбаг-Хьаьжин гIуллакх а стаг хьоьгур волуш.
– Эрна кегийна худaр ду.
– Амма, массара а ма даахьара…
– Нахана-м моьттура, кхy aгIop цхьа а салт вац…
– Ткъа хIорш, цІоз санна, схьалахкабелла.
– Йарташ ца йагош дитахьара.
– Дог a мa дaхaлaхь!
– Йарташ ца йагайахь а, налог-м тухур йу.
– Иза а дина, дитича-м, боккха болх барий-ц.
– Схьа а лоьцуш, Сибрех мa xьийсадахьара…
Отряд ЦІоьнтара боьдучу новкъахьа йолайелча, тIевеанчу эло Аваловс командующига хаийтира цуьнга дехаре баьхкина йуьртахь лаьтташ гондIарчу йарташкара нах хилар.