ХIокхарна гуш боцуш, хьехана тIехула торха тIехь а хиллера салтий. Цигара охьа хехкалуш, шершаш чувоьссира ши стаг.
– Тхо гIалгIай ду. Тхох кхера ца оьшу. Зеламха вуй шуьца?
И шиъ вайнехан маттахь вистхилча, сапаргIат делира шина зудчун.
– Зеламха а, цхьа а боьрша стаг а вац тхоьца. Тхойшиъ а, йалх бер а ду.
– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа тхуна.
ТIевеана ши дегIастанхо, тоьпаш хьала а лаьцна, хьеха чу хьаьжира. Чохь, кхераделла, вовшашна тIеттIа а таьIна, хебна Iаш бераш доцург, кхин адам ца гича, аравелира и шиъ. Кхин масех дегIастанхо а тIевеара хIокхарна. Кхузахь шайна кхерам боцийла хиъча, майравелира говрачух тера корта болу хьаьрса суьйли.
– ХIинца-м тхан карахь дара шу! – нохчийн маттахь вистхилла, баьхьанаш санна йаккхий, можа цергаш гучу а йохуш, велавелира иза. – Тхан къинхьегам эрна ца хили!
– Стенна Iоьху хьо, суьйлийн вир санна? – човхийра иза гIалгIачо. – ХIокху зударшца, берашца ма майраваьлла хьо! Айхьа Зеламха лаьцча, воьлур хьо! Нагахь санна хIетале цо хьайн ворхIе да волчу жоьжахате ца вахийтахь!
Ши зуда баркаллица хьаьжира гIалгIачуьнга.
– Шайн сал-пал дIахьарчаел, – элира шолгIачу гIалгIачо. – Эла волчу шу дIадига деза тхан.
Сал-пал дIахьарчош, къахьега ца дийзира. Берийн а, шаьшшиннан а бедарш таьлсаш чу таIийра Зезага. Текх-цаца а, кад-Iайг а хIинца царна ца оьшура. Цхьана суьйличо, беберса хIума лоьхуш, кегийра таьлсаш. Ца карийча, уьш шен белшах тесира цо. ТIаккха шина гIалгIачо берийн куьйгаш а лаьцна, гоьллелц догIучу лайлахула, мoгIa а бина, дIабуьйлабелира уьш. ЦIеххьана йухавирзина, цхьа дегIастанхо, хьеха чу а вахана, говр йалош йухавеара.
Эшкалахь Андронниковс ша лем ийцира шина зудчуьнгара. Бецина а, Зезагна а дукха эпсарш гинера. Добровольский, Чернов, Ханжалов, кхин лахарчу даржашкара эпсарш а. ХIapa гуьржи дуьххьара вацара цаьршингара лем оьцуш. И шиъ Iеминера собаре хила а, ларлуш жоп дала а. ХIун дара а, хаац, хIокху мехкан къаьмнех эпсарш къиза хуьлура оьрсел. Андронниковх бIаьрг ма-кхийтти, хиира цаьршинна цуьнгара къинхетаме дог дохийла йоцийла. Хьийзина Iаьржа кIужалш йолуш, хаза йуьхь-сибат а, куьце дeгI а долуш, шовзткъа шо хенара стаг вара и гуьржи. Амма, меха дохка санна, йуьхьигаш ирйинчу дуткъийчу мекхаша а, пхьидан муцIарх терачу дуткъийчу балдаша а, бIаьрнегIарш ца тухуш, лаьхьанан санна, хIиттинчу къорзачу бIаьргаша а гойтура оцу стеган дегIаца оьздангаллин цхьа чо цахилар.
– ЦIе хIун йу хьан?
– Беци.
– Зеламхин зуда йуй хьо?
– Йу.
– Маса шо ду хьан?
– Ткъе пхийтта.
– Бераш маса ду хьан?
– Пхиъ. Ши йоI, кхо кIант.
– Хенаш мел йу церан?
– Йоккхачу йоьIан дейтта шо, жимачу кIентан цхьа шо.
Хеттарш а, жоьпаш а гочдеш гIалгIа вара, уьш дIайаздеш эпсар а вара.
– Хьоьца йерг хIун зуда йу?
– Сан марвешин зуда йу.
– Цуьнан майра мичахь ву?
– Кхо шо хьалха вийна иза.
– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа суна. Цхьа бутт бу суна иза газа.
Шина дийнахь лейира Беци а, Зезаг а. Цаьршиммо даим а цхьа жоьпаш лора. Эххар а оьгIазвахара Андронников.
– Ас ирхъуллур ду хьо, зуд! – бетах шеташ туьйсуш, Бецина тIекъевкъира иза. – Хьан къотIарчий, арсаш хьоькхуш, дойур ду ас! Дийца, мичахь ву Зеламха!
Цо аьлларг гоч а дина, шеггара тIетуьйхира гIалгIачо:
– Хабар дуьйцу цо. Хьо ирхъолла-м хьовха, хьох пIелг хьакхо а бакъо йац цуьнан. Хьайна хаахь а, Зеламха волу меттиг ма йийцалахь!
– Суна, Зеламха мичахь ву а, дийна ву-вац а ца хаьа. Масех эзар салтичуьнца тIаьхьа а ваьлла, схьалецна, тхо зударий а, бераш а хьийзадо ахь. Иштта хьо майра а, къонах велахь, Зеламха лаца, алахьа цуьнга. Цо ирх а ца уллуш, урс а ца хьокхуш, топ тоьхна, хье дIатосур бу хьан, алахьа цуьнга.
ГIалгIачо и дешнаш ца гочдира.
– Шена Зеламха газа цхьа бутт бу, дийна ву а, велла а, ца хаьа, боху.
– Дика ду, дакъаделла йешап! – муцIар разйаьккхина, пIелг ластийра Андронниковс. – Ас БуритIа а дигна, хьайн херсешца набахти дуллур ду хьо, зуд! Цигахь месаш лаьцна, текхо йоьлча, багара мотт схьаийзо боьлча, цхьацца йоккхуш, цергаш схьайаха йоьлча, цIийдинчу эчигца хьайн дегI марца доьлча, тIаккха дуьйцур ду ахь, Зеламха мичахь ву!
ОьгIазвахана Андронников, вехьаш, чухула дIасалелаш, чувеанчу гIалгIачо Дауд-Герис сени чу ваьккхира иза.
– Хьан сийлалла, Зеламха мичахь ву, хиъна тхуна!
– Мичахь ву?
– Хевсуретин дозанашкахь!
– Разбойникаш дукха буй цуьнца?
– Пхиъ ву. ЙолхалгIа – пхийтта шо хенара цуьнан ваша а. Амма цига ваха кхераме ду, хьан сийлалла…
– ХIунда?
– КIело а йина, хьан отрядана зенаш ма дахьара цо…
Андронников, ца вешаш, велавелира.
– Цуьнан берриг а разбойникаш хир белара цуьнца! Цхьана тохарца уьш берриг а хIаллакбан! Баркалла хьуна, Дауд-Гери. Ахь хаза кхаъ беана суна. Оха йал йоцуш вуьтур вац хьо!
Векхавелла чу а веана, Бецина тIевирзира иза:
– Хезий хьуна, зуд? Тахана-кхана хуур ду суна, хьан Зеламха мел къонах ву! Цуьнан зуда а, бераш а ас йийсаре лецна. Зуда йигар мел доккха эхь ду ламанхочунна! Шу соьгара схьа ца дахахь, коьртахь куй лело бакъо йац цуьнан! Ша боьрша велахь, шен зуда а, бераш а схьадаха вогIур ву иза! ТIаккха ас, хьовззийна, схьалоцур йу и стешха чагIалкх!