ГIалгIачо ца гочдира цуьнан дешнаш, амма Бецина хиира цо хIумма а диканиг ца аьллийла.
Шина зудчо бакъдерг дуьйцург хиларх дог а диллина, Хевсуретин дозанашкахь операци йан кечам бан вуьйлира Андронников. Саперийн взводан начальник поручик Афанасьев шена тIекхайкхира цо:
– Кхана Iуьйранна исс сахьт долуш, лаьмнашка хьала новкъа йер йу отряд. Амма вай кхузара дIадовлале ахь кхочушбан безаш цхьа болх бу. Сан лазутчикаша хаам бина, Зеламхас шен разбойникашца Нелхехь а, Эрштахь а масех буьйса йаьккхина аьлла. Цигара бIаьвнаш а, уггар дика цIенош а лелхийта деза ахь. Ши тIулг тIекIел ца буьтуш.
ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна исс сахьт даьлча, кхузара меттахйелира отряд. Беци а, Зезаг а отрядана йуккъе хIоттийра. Ахьмад а, Iумар-Iела а Бецин, Зезаган гихь вара. Важа диъ бер лайлахула гIаш догIура. Йийсархошна хьалха а, тIаьхьа а дегIастанхойн дошлой бара. Отряд низамехь новкъа йаьлча, гIалагIазкхаша а, салташа а илли долийра. Тохарлерчу хьаьрсачу суьйличо къамел долийра шина зудчуьнца.
– Муха хета шуна церан йир? Самукъадолий шун?
Беци садетта гIиртира, амма тIаьххьара а собар кхачийра цуьнан:
– Оцу ницкъ болчу Дала тхан хьоле хIиттадойла шу! Эхь ца хетий хьуна зударий сийсазбан! Бусалба вац хьо? Ламанхо вац хьо? Хьайн зудчунна а, берашна а тIе хIун догIур, хаьий хьуна? Оццул хьо майра велахь, Зеламхе де и къамел!
– Зеламха а лоцур ву. Цуьнца кхин тайпа къамел хир ду сан!
Шина зудчун дог дорура салтийн а, гIалагIазкхийн а иллино. Ткъа оцу хьаьрсачу суьйличо церан дегнийн чевнашна тIе туьха туьйсура.
Цхьа чаккхарма некъ бича, Мохьмад а, Лом-Iела а кIадвелира. И шиъ кIоргачу лайлахь сих-сиха охьаветталора. Шина зудчо цаьршиннан куьйгаш лецира. Бецис Деле орца доьхура. Далла хезира цуьнан дехар. Уллохула говрахь тIехволучу полковника Курдиевс, охьа а кхевдина. схьаэцна, Мохьмад шена хьалха говра хаийра…
6
Паччахьан эскарша массо а aгIop го бина йукъар хьовзийна Зеламха маьлхойн лаьмнашкахь сецира. Кхузахь иза гергахь вара шен доьзална. Накъостий а цхьаццанхьа къайлабевлла, цхьа висинера иза Бийсолтица. ХIинца цунах схьакхеттера Андронниковн йийсарера ведда виъ гIалгIа а, Элбарт а. Жима Бийсолта ца вагарвича, уьш хIинца йалх вара.
Пхи накъост шех схьакхетталц, цхьана ханна Хевсурете ваха сацам хиллера Зеламхин. Амма накъосташа шаьш цуьнан доьзал болу меттиг Андронниковга дIайийцина а аьлча, тIаккха кхуза веанчу Элбарта цуьнан доьзал Андронниковс лаьцна, Буру-гIала дIабигна а аьлча, и сацам буьйхира Зеламхин. Вуьшта а Хевсурете боьду некъ дIакъевлинера цунна. Зингатийн туьйлиг санна, хIара лаьмнаш сийсош салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхой, гуьржий бара. Царал совнаха, Хевсуретин дозанца охьахевшина гуьржийн полици а, салтий а бара. Амма таллархоша хьовзийна, лаьттах Iуьрга доьлла цхьогал санна, хIокху лаьмнашкахь лечкъина Iойла дацара Зеламхин. Буру-гIала бигна шен доьзал маьршабаккха ницкъ бацара цуьнан. Делахь а цо бекхам оьцур бу шен мостагIех. Уггар хьалха – Андронниковх а, Донагуловх а. И шиъ ламанхо ма ву. Ламанхой хилла а ца Iа. Лулахой бу. Цхьаъ – гуьржи, важа – суьйли. Оьрсийн паччахьан хьадалчаш, йалхой, лайш. Зеламха лаца йа вен чIагIо йина арайаьлла ши хьакха. Амма Зеламхица пхи накъост бен вац. МостагIий ши эзар сов бу. Цаьргахь герз ду шортта. Йаккхий тоьпаш, пулеметаш. Говраш, варраш. И хьакхарчий-м йойур йара хIокху пхеаммо. Ткъа уьш байа герз ма деза хIокхарна. Кхаьргахь ши топ а, бIе патарма а бен бац. Зеламхина кхин а пхи топ а, ши эзар патарма а беза…
– Элбарт!
– Вай.
– Суна пхи топ а, ши эзар патарма а беза.
– Стенна?
– И ши эзар хьакха йен.
Элбарт, вист ца хуьлуш, дIатийра. Важа накъостий набарш кхетта Iохкура. Элбарт вист ца хуьлуш хьевелча, цунна а наб кхетта-те аьлла, хийтира Зеламхина.
– Элбарт!
– Вай.
– Хьо вистхуьлуш ма вац?
– Ойла йеш Iapa со-м. И герз мичара хир ду вайна?
– Сайна ца хаьа дела, хаьттира ас-м. Шун йарташкахь хир дац-те аьлла. Пхоьазза йолу тоьпаш-м наха лур йац. Муьлхханаш а мегар йара суна. Мокхазан тоьпаш а. Шортта молха а, хIоьънаш а хилчахьана. Хьо хамхо ву, Элбарт. Хьан тайпанан наха гIo ца деш вуьтур вац. ГIой, хьайга хIун дало, хьажахьа. И Андронников, Донагулов боху ши кхахьпа мичахь ду а, хьажа.
Элбарт, шен гIовтал а, чоа а тIе а дуьйхина, пеша тIехь йакъайала йехкина лоьдгаш къажйина, неIармачаш чу а йоьхкина, уьш кога а оьзна, лергашна тIетаIIош коьрта кхакханан куй а тиллина, аравелира.
Ши эзар сов мостагI ву цунна тIаьхьаваьлла. Дерриг некъаш дIакъевлина цара. Амма царна ца девзаш некъаш а ду лаьмнашкахь. Акха гезарий бен ца лелаш. Уьш девзича а, цигахула лелалур бац салтий а, гIалагIазкхий а. Зеламха а, цуьнан накъостий а лелало. Уьш Iамийна халчу дахаро. ХIокху тIаьхьарчу итт-цхьайтта шаро. Ткъа Зеламхина пхоьазза йолу пхи топ а, царна ши эзар патарма а оьшу. И ши эзар мocтaгI вен…
Эршта йохо саперашна тIедиллар оцу буссехьа хиира Зеламхина. Цо Саламбеке хабар туьйхира, и взвод хIаллакье аьлла. Саламбека, новкъахь кIело а йина, дуккха а салтий байъира. Поручик Афанасьев а вийра. Амма дукха бу-кх дийна бисина мостагIий…