Саламбекана моьттура, суд а, кхел а йоцуш, сихха шена тоьпаш тухур йу. Амма xIapa хIокху тIулган кошахь латто бутт кхоччуш боллура. Саламбек мел доьналле, собаре велахь а, даим дIа ладегIар сингаттаме дара цунна. ХIетте а, иза дохко ца ваьллера ша йаьккхинчу гIулчана. Мелхо а, са паргIатдаьллера цуьнан. XIоpa минотехь лерг сема, бIаьрг сирла, Iожалле ладоьгIуш йаьккхина итт шо хан хала йара. ХIинца иза паргIат ву. ХIун бен ду, кхана велча а, итт, ткъа шо, ах бIе шо даьлча, велча а. Цуьнан шовзткъе пхи шо ду. Кхин итт, пхийтта шо даьлча, къанлур ву, тIаккха, цамгарша хьерчош, лийр ву. Ткъа хIинца иза бахьанехь халкъ хьийзор дац.
Зеламхе сих-сиха олура цо: «Ваьш бахьанехь адамаш а ца хьийзадойтуш, Iедална тIе гIo вай?» Зеламхина ца лаьара. Iожаллех кхерар а дацара иза. Оцу итт шарахь мел хала, кхераме киртиг тIехIоттарх, цкъа а доьналлех воьхна ца гина цунна Зеламха. Оьрсийн паччахьаша нохчийн халкъ хьийзадо ши бIе шо ду, бохура цо. Шен да, цуьнан да, масех да дуьнен чу а валале дуьйна схьа. Шена чохь са мел ду, xIapa Делан а, нохчийн халкъан а мостагIий бойур бу ша, олура. ХIинца Зеламхина а гатбина нохчийн, гIалгIайн мохк. Иза ХIирийчохь ву. Алагирехь. Инарла Михеевн мера кIел. Саламбек левеш, xIоpa дийнахь хоьтту цуьнга, Зеламха мичахь ву бохуш. Амма Саламбека ца йуьйцу иза волу меттиг. Шаьлтанца асанаш, жижигаш дохуш, ша верича а, йуьйцур йац.
ХIора дийнахь набахтин цхьана цIа чу лемана вуьгура Саламбек. Буса гIаттавой а вуьгура. РогIехь, цуьнгара лем оьцуш, ши эпсар хуьлура. Саламбек цецвуьйлура оцу шиммо лелочух. Шиммо а цхьа хеттарш дора, xIoкхуьнан жоьпаш дIа а йаздора. Хьо обарг маца ваьлла, хIунда ваьлла? Муьлхачу талорашкахь дакъалаьцна, маса стаг вийна ахь? Хьан накъостий муьлш бара, хIинца уьш мичахь бу? Шуьца уьйр йолу нах муьлш бара, йарташкахь шу хьанна тIедуьссура?
Саламбекана хаьара, Зеламхех а, шен накъостех а Iедална хIун хаьа йа хIун ца хаьа. Цундела Iедална хууш дерг, цхьа а къайладаккха ца гIерташ, дерриг а дIадуьйцура Саламбека.
– Зеламхин тобанехь даим а хуьлуш верг тхо цхьа масех стаг вара. АтагIара Аюб, Абубакар, Ишхойн-Эвлара Жабраил, ГихтIара Хьамзат, Хьасанбек, Гелдаганара Зеламха, Цоцин-Эвлара Оьлсанкъа. Кхиберш тхо цхьанхьа хIонце доьлхуш, тхан тобанах схьакхетара. Цхьана денна-буьйсанна. Тхуна ца хаьара церан цIерш а, уьш мичара бу а. TIе, цара бIаьргаш а, мара а доцурш гучохь ца дуьтуш, йаххьаш дIахьулйора.
– Иза хIунда дора?
– Вовшийн ца бовзийта.
– Цабевзачу нахаца иштта кхерамечу гIуллакхана арадовлура шу?
– Тхуна тIебалочарна бевзара и нах. Зеламхина а бевзара. Тхо дисинчарна а, царна а вовшийн ца девзара.
– Тамашийна хIyмa ду иза. Со ца кхета цунах.
– Кхузахь тамашийна хIумма а дац. Цхьанхьа оха тIелатар дича, йа вуьшта, йийсаре лаьцна вигча, йа тIаьхьа, цхьа хан йаьлча, накъостий Iедале йа мостагIашка дIа ца бийцийта дора оха иза. Цундела суна а ца бевза и нах. ГIуллакх чекхдаьлча, тхох дIакъаьстара уьш. Наггахь верг тIаьхьа тхох схьакхеташ меттиг а нислора. Дукхахберш, шайн кара хIонц йеача, йуха гучу ца бовлура.
Тавричанин – жан долахо Месяцев Архип – йийсаре вигарна тIекхаьчча, къамел дехо хилира цаьршиннан.
– Къастийна тавричанийн жаш хIунда дуьгура аш? Уьш санна жаш долуш гIалагIазкхий, ногIий, суьйлий, гIумкий ма бара?
– ХIокху махкара нохчий, гIалгIай дIa а бахий, Сибрех кхалхабе аьлла, дехар эцна шайн стаг Мамонтов цара Петарбухе вахийтар хиънера тхуна.
– Месяцев Архип хIунда къастийнера?
– Оха ца къастийнера иза.
– Хьан къастийнера?
– Хаси-Юьртан округан начальнико полковнико Котляровскийс.
Даим вусавелла хуьлу эпсар велавелира:
– ХIара бегаш бен меттиг йац, Саламбек.
– Бегаш ца бо ас. Тхо Месяцевна тIехьехна ца Iаш, иза йийсаре вало тхуна гIо дира Котляровскийс.
Эпсар йуха а вусавелира.
– Бехке воцчу оьрсийн эпсарна тIе харц эладита кхоьллича, айхьа жоп дала дезий, хаьий хьуна? Россин законашца ши шо хан йогIу хьуна.
– Эладита дац ас дуьйцург, Котляровский обаргехула Умакаев Юнусехула къайлах декъашхо вара тхан.
– Муха?
– Оха Месяцев вуьгуш, тIаьхьа орца цадоккхург Котляровскийна кхо эзар сом ахча дала дош деллера Зеламхас.
– Шен дош кхочушдирий Зеламхас?
– Дуьззина.
– Месяцев а вигна, важа тавричанаш йийсаре ца буьгуш, хIунда севцира шу?
– Кхечара шаьш маьрша дуьтург ахча лора тхуна.
– Масала?
– Карпушинера, Нестеренкера хIорангара а шовзткъе итт эзар, Лойкера, Ковалера хIорангара а итт эзар соьмаш дехира оха.
– Цара шаьш дохьура шуна ахча?
– ХIан-xIa. Царна а, тхуна а йукъалелаш Мамонтов вара.
– Цуьнгара доккхурий аш ахча?
– ХIан-хIа. Цунна тIера а вукху веаммо делира.
– Маца хилира шун и мах?
– ДIадаханчу Iaй.