Прокуроро къамел до, Саламбек бехке веш. Саламбек дика кхета цо дуьйцучух. Зеламхас ша а, цуьнан тобано а динчу талорашна, йийсаре бигна а, байъина а нах хьийзорна, кхечу а зуламашна xIapa бехке во прокуроро. ТIаккха тешаш лебан болабо. Масех шо хьалха Саламбека талийна некъахой а. Уьш ца бевза цунна. ТIаккха Месяцев Архип чувалаво. Цо тоьшалла до, ша Зеламхас йийсаре вуьгуш, цуьнца Саламбек вара аьлла. Цунна тIаьххье лебира ГIизларан банках белхалой. Зеламхин тобано банк талош, Саламбека ши салти вийра аьлла, тоьшалла дира цара. Тешех шиъ вевзира Саламбекана. Векъана, бIаьргех куьзганаш долу, газанчух тера маж йолу лоха оьрси а, хIетахь, Iадийна, мохь хьекхна йерстина меташка а.
Шина дийнахь лебира тешаш. Царах дукхахберш ца бевзара Саламбекана. Йа царна иза а. Aмма цара тоьшалла дора, хIapa ца хиллачохь а хилла бохуш. КхоалгIачу дийнахь прокуроро, тIаьххьара къамел деш, суьде дийхира Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.
Цецваьлла Саламбек ша хиъна Iачуьра хьалаиккхира, гIоьмийн зIенаш а йекош.
– И хIун ду ахь дуьйцург? – мохь туьйхира цо. – Инарла Михеевс суна дош ма делла, тоьпаш тухуьйтур йу аьлла!
Шена хьалхара схьаэцна горгали бекийра суьдан председатела.
– Собаре хилалахь, Саламбек, – тIехьа а хьаьжна, лохха вистхилира цунна нийсса хьалха жимачу стоьла уллохь хиъна Iен Башир. – Прокуроран декхар ду и къамел дан. Цо хIуъа дийцахь а, кхел суьдо йийр йу. Со а ву къамел дан дезаш.
Делкъе а йина, суд зала чу йирзича, адвокатана дош делира. Цо доцца, амма кIорггера чулацам болуш къамел дира.
– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Лераме прокурор! КхоалгIа де ду хIокху тIаьхьарчу итт шарахь Iедало зуламхо, талорхо, адамашдайархо, разбойник, кхин дуккха а сийсазе цIерш техкина обарг Гасаоджев Саламбек, когех-куьйгех гIоьмаш а тоьхна, гонаха ха а хIоттийна, шуна хьалха хиъна Iен. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь областехь мел хиллачу зуламашна иза бехке веш, къамел дира лерамечу прокуроро. Цо ша цхьаммо йа кхечаьрца декъашхо волуш динчу зуламашна а мукIарло дина бехкевечо. Амма лерамечу прокуроро иза бехкево дукхахдолу зуламаш Гасаоджевс ца дина, йа оцу зуламийн декъашхо а ца хилла иза. Лерамечу прокуроро, иза бехке веш, дукха тешаш хIиттийнехь а, церан и тоьшаллаш цхьа а тайпа бух боцуш, цара шайггара кхоьллина хилар гучуделира сан хеттаршна цара жоьпаш луш. Йуха а боху ас: Гасаоджевс догцIена мукIарло дина шегара дийлинчу зуламашна. Лерамечу прокуроро лерамечу суьде дехар дира ас верасалла тIелаьцначу Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар. Лерамечу суьде тидаме эцар доьху ас, цкъа-делахь, Саламбек шен лаамехь Iедална тIевеана хилар. ШолгIа-делахь, шен бехкашна иза цIенчу даггара дохковаьлла, къера хилар. КхозлагIа-делахь, иза шен лаамехь тIевеана, областан начальнико инарла Михеевс шена тоьпаш тоьхна вен дош делча. Саламбека шена къинхетам ца боьху. Ша ирхъоьллина цавер доьху. ХIунда аьлча тхан къоман гIиллакхехь ирхъоьллина валар доккха эхь ду, ткъа бусалба динехь доккха къа ду. Господина прокуроро дагардира ас верасалла лаьцначу Гасаоджев Саламбека дина а, ца дина а зуламаш. Амма цо цхьа дош а ца элира иза обарган, зуламан новкъа хIунда, муха ваьллера, хьан ваьккхинера. Зеламхас ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тIехь ма-аллара, йа Зеламха а, йа Саламбек а обаргаш бина а, хила аьлла а ца кхоьллина Дала. Уьш хIокху Iедало кхоьллина обаргаш бу, уьш Iедало баьхна зуламан новкъа. Саламбекан дайн латта, Iедало цуьнан дегара дIа а даьккхина, гIалагIазкхашна деллера, ткъа и шайн дайн хилла латта цхьана ханна мехах схьа а эцна, цу тIехь йалта а кхиош, доьзална рицкъа лаха вахана Саламбекан да Гасаоджа, Iедалан омрица цуьнан миска лаппагIа а йагош, гIалагIазкхаша вийнера. Саламбекан ден вешин кIант новкъахь тIенисбеллачу бехна хьерабевллачу гIалагIазкхаша вийнера. Ткъа бехкенаш Iедало жоьпе а ца озийра. И тайпа меттигаш цхьана Саламбекана нисъелла ца Ia, уьш бIеннаш гIалгIашца, кхечу ламанхошца а хилла. Iедалан бертахь гIалагIазкхаша йарташ талайо, адамаш дойу, зударий сийсазбо. Бехкенаш таIзарза буьту. Пачхьалкхана текхамаш бойтуш, халкъ чIанадаьккхина. Къоман экономика, культура, дешар кхиорехь Iедало деш хIумма а дац. Iедалан харцонаша, къизалло вина Саламбеках обарг. Iедало делла цуьнан кара герз. Iедало ваьккхина иза зуламан новкъа. Тахана суьдехь бехкевийриг Саламбек хила ца везара, вай нийсо йан гIерташ делахь, ткъа иза обарган новкъа ваьккхина областан, округийн, отделийн администрацийн чиновникаш, атаманаш хила безара. Уьш цкъа а ца ховшийна оцу гIанта тIе, хIунда аьлча, нохчо, гIалгIа, муьлхха а туземец вийча, бехкениг жоьпе ца озаво. ХIунда аьлча туземцаш адамаш ца лору, уьш закон йукъа ца богIу, законал арахьа хIиттийна. Цундела лерамечу суьдан председателе а, къаношка а сан дехар ду, лакхахь ас далийна бакъдерш тидаме а эцна, Гасаоджев Саламбек таIзарх маршавоккхуш, кхел йар.
Суьдан председатель Саламбекана тIевирзира:
– Хьан дехар дуй суьде?
Саламбек адвокате хьаьжира.
– Хьайна къинхетам беха суьде.