Караловна дийна оьшура Зеламха. Цхьайтта шарахь Кавказана кхерам хилла, цхьайтта шарахь дуккха а эскаршка ца лацавелла, Россехь а, дозанал арахьа а гIараваьлла разбойник, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-ГIала а, Буру-гIала а вигна, бахархошна гайта. Цунна уллохь ша а гайта. Ша турпалхо. Столични газеташа шех лаьцна йаздар. Историна йукъаваха. Цундела хьеха тIе йоккха топ йетта йолайале, Зеламхина тIе ши стаг вахийтира Караловс. Хорачан йуьртда а, Асламха а. И шиъ хьехахь дукха ца Iийра. Цаьршиннан кхоьлинчу йаххьашка хьаьжча а, хиира Караловна дийцарш кхиамза чекхдевллий.
– ХIун хили шун гIуллакхах?
Йуьртдас корта ластийра.
– Иза реза вац шуна тIеван…
– ХIун боху цо? – собар кхачийра Караловн.
– Сихха Ведана а гIой, областан начальнике телеграмма ло, боху хьоьга, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина а, набахтехь бахко а нах марша а баьхна, цIа берзо цо дош лахь, тIаккха хир ду хьоьца къамел, боху цо. Нагахь санна тховсалера буьйса йуккъе йахале ахь жоп ца лахь, паччахьан дерриг эскарш схьа а далийна, ахь лаьттахула, стигалхула гo бахь а, ша хьехара дIагIур ву, боху цо.
Караловн собар кхачийра. Иза стаг ца хеташ, жоп дара Зеламхас шоззе а делларг. Амма Караловс хоуьйтур ду цунна ша хьалха кхузахь хиллачу начальникех тера воций. Хьех-м хьовха, и берриг лам, аьтта, лаьттаца дIанисбийр бу цо. Оцу разбойникца цхьаьна.
– Йоккха топ йуза! – мохь туьйхира цо артиллеристашка.
Дуьххьара тоьхнарг хьехан бертигна йуьстах кхийтира. Артиллеристаша йуха ниша нисдира. Амма мел цара ниша хьийзадарх, хIоъ хьеха чу ца кхетара. Хьехан бертиг готта йара. Цул совнаха, бертехула чуваьлча, хьеха чу некъ хьийзаш бара. Бертигехула чукхетта хIоъ, торхах а кхетий, йуханехьа а кхоссалой, оьккхура.
Шина сохьтехь тоьхна бIе сов хIоъ, цхьа тайпа пайда боцуш, эрна байра. Каралов гуттар а оьгIазваханчу, воьхна хьийзачу хенахь полковник Моргания кхечира кхуза. Караловна ца везавелира иза. Ша схьа ма-кхеччинехь, Караловна цхьацца гайтамаш бан вуьйлира Моргания. Каралов шел лахара хеташ. Моргания полковник ву. Зеламха а, цуьнан гIера а хIаллакйар цунна тIедиллина наместника. Шуьйра бакъонаш а йелла. ХIинццалц схьа цкъа а, цхьа а кхиам ца хилла цуьнан. Эшамаш хилла. Керкетехь а, Соьлжехь а. ХIетте а Караловн декхаршна йукъагIерта. Ша чинехь лакхара ву, наместникан векал ву бохург хир ду цуьнан иза. Каралов подполковник бен вац. Цул цхьа тIегIа лахара. Амма, Моргания санна, эла ву иза а. Моргания гIеран элалла маца дуьйна схьа ду, ца хаьа Караловна. Ткъа КараловгIеран элийн тайпанан орамаш бIешерийн кIоргехь ду. Уьш дерриг ца хьехийча а, Каралов Ведана- округан начальник ву. ХIокху округах махка тIехь хуьлучух жоп дала дезаш. Цо шена хьалха гIоьртуьйтур вац цхьа а.
– Эрна ду йоккха топ йеттар! – элира Морганияс. – Иза кхуза схьа хIунда текхийна, ца хаьа суна. Салташка штурм йайта.
– И хIун сонта хабар ду ахь дуьйцург? Киртагийн лами тIехула цхьацца хьала а волуш, штурм муха йо? Шегахь герз ца хилча а, хьала мел ваьллачунна коьртах тIулг бетташ бойур бара цо салтий!
Караловс Ведана пироксилинан шашканаш йан вахийтина ши гIалагIазкхи схьакхечира.
– Царах хIун до ахь? – хаьттира Морганияс.
– ХIун до? Хьеха чу кхуьйсу-кх!
– Берте а вахана, чукхийса воллу хьо?
Караловс жоп ца луш витира Моргания.
Шашканаш лахара хьала кхийсира, амма уьш, хьехан бертигах а йетталуш, лелхара. ТIаккха ломан дукъа тIера шершаш, тIулгаш лоьцуш, кхийзалуш, хьехана герга охьа а веана, шашканаш хьеха чу кхийса гIоьртира ши сапер. Цунах а гIуллакх ца хилира. Царах догдиллинчу Караловс, цуьнгара хуьлуш пайда бацахь а, Зеламхин сагатдар хир ду-кх аьлла, хьеха тIe йоккха топ йетта аьлла, омра дира. Хулхулон тогIи а, гондIара лаьмнаш а декош, маьркIажан бода боллалц йоккха топ йиттира хьеха тIе.
Бода боьлча, салташна садаIа пурба делира Караловс. Уьш шелбеллера. Хьехана гонах а, тогIи чохь а цIерш а латийна, хийцалуш ха а деш, садаIа севцира. Амма Караловн синтем байнера. Даго цхьа вониг хьоьхура цунна. Цо, дозаллаш деш, хабарш ма дийцинера Соьлжа-ГIалахь. Зеламха шен кисанахь ву бохуш. Лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха фотографш а баьхкина. Нагахь санна Зеламха хьехара дIагIахь, доккха эхь ду Караловна. Бакъду, кхузахь шеца кхоъ полковник хиларо жимма маслаIат до цунна. Къаьсттана Моргания кхузахь хиларо. Коьрта жоьпалла цунна тIехь ма ду. Михеевс, шен векал вина, ваийтинчу…
6
Хулхулон тогIи чохь лелориг дерриг а гора Зеламхина. Йоккхачу тоьпаца гIалагIазкхийн керла бIо схьакхочуш а гира. Царна тIаьххье кхуза кхаьчна полковник Моргания а вевзира. ТIаккха хьеха тIе а йерзош, йоккха топ дIахIоттош а хьийжира. Шен ши йуьртахо хьеха хьалахьажош а гира. Цигахь дуьйцург ца хезара, лелораш гора.