– ДІакхоссахьа и къечIалг, – Эламирзин карара тапча схьайаьккхира Мохьмада. ТІаккха, хьала а гIеттина, бешахула дIаластийра. – Ас цIенаниг лур йу хьуна.
– Хьан шиъ йу?
– Кхоъ йу. Тхан ден хилларг а, Iумара йелларг а. Кхин тиша цхьаъ а. Лело мегаш ма йу иза. Вало, лийча воьду вайша.
Шина кIентан доттагIалла дукха жима волуш дуьйна тасаделлера. Буса вуьжуш бен дIаса а ца къаьстара. Цкъацкъа цхьаьна вуьжий а вyьсура Эсет йолчохь.
Лун-Берда кIел айма йолчу а вахана, чехкачу хи чу а кирчина, йовхачу гIамарла аркъал охьавижира и шиъ.
– Эламирза, – меллаша кхайкхира Мохьмад, йекхначу стигала а вогIавелла.
– Вай, – дегазо вистхилира доттaгI.
– ЧІонакъех бекхам эца беза ас.
– Муха? – схьавирзира Эламирза.
Мохьмад веxxa Iийра жоп ца луш.
– Ас вуьйр ву иза.
XIинца Эламирза а дIатийра.
– Велур вац. Иза воккха ма ву.
– Тапча тоьхча-м, велур ву.
– Иза а тоха ма йеза. Тапча а карахь цо улло вуьтур ма вац.
– Цхьанхьа кIело а йина, вуьйр ву. Шен кха тIе воьдуш.
– Цул ХортIина диннарг дича?
Цхьа кIира хьалха буьйсанна, дукъа а ваьлла, ХортIин кIен paгI йагийнера шина кIанта. Дарвеллачу ХортIас дукха лийхира бехкениг. Амма ца карийра.
– PaгI йагайарх декхалур дац тахана цо суна йeттар. ЦІeнoш дагийча-м, цхьа хIума а дара.
– Цкъачунна paгI йагор вайша.
– Ахь-м йац.
Цецваьлла Эламирза кхоссавелла охьахиира.
– Сох ца теша хьо?
– Теша. Гучувалахь, Аьрсамирзина бохам хир бу.
– Хьо?
– Сан да вац. – Мохьмада доккха сaдaьккхира. – Нанна хIумма а дийр дац Iедало.
Эламирза, коьрта кIел куьйгаш дохкуш, йуха а аркъал охьавижира.
– XIета, со доттагI ца хета-кх хьуна…
– Хьо ца вуьйцу ас. Хьан да вуьйцу. Иза лацахь, аш хIун дан деза? Йалх бepo…
– Ас ЧIонакъин paгI ца йагийча а, лоцур ма ву сан да. Йа тIамехь вуьйр ву, ца вуьйш висахь, Сибрех вохуьйтур ву. Хьуна-м, тIара тохар бeн, хIумма а ца дина ЧIонакъас. Тхан цIенош дагош, салташна хьалхаваьлла веанарг иза вара. ЧІонакъех бекхам эцна Iийр вац со: Товсолтех а, Пантех а, Инарлex а оьцур бу. РоггIана. Маца воьду вайша дукъа?
– Ойла а йина.
– Iумар муха Іа?
– ГIоли йу цунна-м.
ЦIеxxьана стигал кхола йуьйлира. Бердан лакхенгахь маьхьарий хьоькху мерцхалдигаш харанaшка лечкъа дуьйлира.
– ДогIа делха доллу, – элира Мохьмада, къилбехьа а хьаьжна. – ЦІa гIой вайша?
Жимма хи чу а кирчина, хьалаваьлла ши кIант бедарш тIейуха хIоьттира. Ма-аьлла тIе ца йоьлхура бедарш. Эламирзас хечи чу боьллина ког гола баьттIачухула арабелира. Мохьмадан куьйгаш а ца доьлхура пхьуьйша чухула дIа. Беламна санна, пхьуьйшаш эттIачухула чекхдуьйлура уьш а.
– Акхтин бIона тIаьхьа гIой вайша? – элира Эламирзас, хечин дехачу хуьнжарх къевллина шалха шад а беш.
– ДIавала! Вайша вуьту цара шайца? Iaьлбаг волчу вахча-м, цхьа хIума а дара.
– Цуьнца а ву-кх Къайсар а, Коьра а. Iумма волчу вахча?
– Генаxь ву иза. Цабевзачара кхин а сиха эккхор ву.
Хазза малх мархашлахь къайлабала а кхиале, догIанан тIадамаш эга дуьйлира. ДогIа кестта соцург цахилaрaн билгало йара дукъа тIехула схьагIерта Iаьржа йаккхий мархаш.
– Тховса гIуллакх хир дац вайшиннан.
– Стенах?
– PaгI йагорах. Дика йогур ма йац иза.
– Кхана сараxь йаго ца мега?
– Дера, мега лама а-м. Цo арале, кхиийчхьана. XIинца чехка цIехьа йум йан йеза. Лам тIехь догIа дилхинeхь, дистина догIур ду Яьсси.
Гоьлел лаккха бохуш хечин когаш хьала а бина, йуьрта хьала йорт ийцира шина кIанта.
3
Гатийуьртахойн маьждиг дина дукха хан йац. ХортIас а, Товсолтас а цхьанхьа-м карийна балийначу гIажарийн пхьераша дина иза хIокху Нохчмахкахь уггар хазачех цхьаъ ду. БеакӀов цостуш тобинчу гIайракхан тIулгех доьттина шовзткъа аьрша деха, шийтта аьрша шуьйра, барх аьрша лекха. Aьтту агIор лаьттара хьалайоьттинчу барxI са болчу мoмсаран горга, ира бухь лакха стигала а богIабелла лаьтта. Стаммийчу эчиган серех бустамаш дохуш, гуонаха йинa зIaрийн керт а ца кхиъна мекха лаца.
Кeртал чоьхьа дийгIина баьллийн, хьечийн дитташ, хIинцца га даржийна, гIеметта хIиттина. Наха леррина Iалашбо царна кIелхьара сийна бай. Цига жIaьла, котам, бежана а ца долуьйту. Стаг а ца волу оцу тIе мачаш а цIанйой бен.
Гати-Юьртана йуккъexь лаьтта рузбанан маьждиг. Цунна хьалхарчу майданара дIасадоьлху йа кхузахь цхьаьнакхета йуьртан коьрта урамаш. Йуьртан йохалла чекхболу шиъ а, дукъа хьалабоьдург а, Яьсси чу буcсург а.
Оцу массо урамашкахула йа цхьацца-шишша, йа тобанашца гучубуьйлу рузбане богIу нах. XIop a кeчвелла шeн ницкъe, тароне хьаьжжина. ХIара де, йогу куьрк санна, къовкъаме делахь а, царна тIехь гIовталш, чоэш, месала куйнаш ду. Ченех къехкош, хьала а карчийна, доьхкарех доьхкина чоийн тIемаш. Чухула ган мелла а цIена коч, гIовтал йолчара гоьллелц хьалакарчийнa чoийн пхьуьйшаш а.
Iасанашна тIе а тийжаш, схьаоьху баккхий нах. Тахана кIезиг гулло адам. Йуьртара ах сов нах бац. Іaьлбагна тIаьхьа а бахана, амалтана а бигна. Сибpex а xьийсийнa. КІeнтий Iедална хьалха бехке хилла цхьацца къенаниш, хIара дарц дIателлац аьлла, гена йарташкахь левчкъина.