OьгIaзвaхна вега а велла, нахана тIевогIавелира Солтха.
– Стенна доьлу шу сан къоьллех? – балдаш дегийра цуьнан. – Сайчул шун хIун ду совдаьлла? Шух цхьа а вац, зудчо йиттина шарбал йакъайаллалц, йургIанна йуккъера схьавала йиш йолуш. ХІeттe a, cox доьлу!
Амма нах боьлучуьра ца совцура.
– Цундела тxо-м, тхешан йургIанах тоьпаш а йина, цIахь Iийра!
– Хьуна а тоьллера, Iийнехь!
– Солтханна цхьа пхьарс сов ма баьллера!
Цхьа Васал вара, буьйлучеран декъа ца воьдуш, кхоьлина.
– ГIаддайна боьлу хьуна и нах, – элира цо Солтхане. – XopтIин, Товсолтин, БоргIин бераш-м, дахча, гIур а дара тIаме. Шайн долаxь вайниг санначу шина йуьртан боллучул мохк болу Момин Хьотий, Шамурзин Ботий-м хьехор а вацара вай. Хьо стенан дуьхьа ваханера, хаац-кх. Ладарш оьхуш цIийнан лаппагIа йоцург, йа даьхний, йа латта а дацара хьан. Тахана тIамехь хIаллакьхирш муьлш бу? Миска оьрсий, ламанхой, гуьржий – цхьана агIор, ткъа вукху агIop – иштта миска туркой, курдой, Iаьрбий. Ахь дозалла до айхьа байъинчу туркойх. Ткъа иштта, хьо санна, цхьа пхьарс, йа ност йоцу цхьа турко а хир ву, шa бaйъинчу оьрсех дозалла деш, цхьанхьахь маьждиган майданахь доккха хабар дуьйцуш. Амма, стенан дуьхьа, хIун къyьйсуш лиэта салтий? Царна шайна а ма ца хаьа. Шаьш-шаьш шайн даймохк вукхунах лaрбо, боху. Оьрсашна, туркошна йа цхьана а халкъана цa оьшу кхечуьнан латта. Иза паччахьашна, хьоладайшна оьшу. Церан дуьхьа, церан сий лакхадаккха, церан хьал дебо, лиэташ, хIаллакхуьлу салтий.
Наха, резахилла, кортош теIадора.
– Гой шуна, тахана Iедална дуьхьал гIевттина вай, – дуьйцура Васала. – Цадевллачу денна. Мацалло, къоьлло бIарздина. Iедало ваьшна тIехь латточу харцонна садетта ницкъ а ца кхаьчна. Вайн гIаттам хьоьшурш муьлш бу? Салт баьхна хьийзош болу, вай санна, гIийла, миска, къен ахархой бу-кх. Вайн йалташ, йарташ йагайо цара. Даьхний дIалоьхку. Ткъа шаьш и къизалла стенан дуьхьа лелайо, оцуьнан ойла ца йо. Хьалха, Шемалан заманахь, салтий доглазарца хьуьйсура ламанхошка. ХIетахь со цхьаъ ваьлла ца Iара шуьгахьа, бIeннaш салтий а бевлира. Ткъа таханлера вайн гIаттам хьошуш салтел а тIех къизалла гойту нохчаша, гIалгIаша, хIираша, дегIастанхоша, гIумкаша. Іexийна-кх. ХIара миска Солтха санна. Халкъашна йуккъe мocтaгIaллa доьллина, цаьрга вовшийн хьешийта. ХIара йерриг хьовр-зIовр йинарг цхьа кIеззиг хьоладай бу паччахьаш коьртехь а болуш. Цуьнан ойла ца йо цхьаммо а. Топ-тур даьккхина, вовшашна чугIерта.
– ДІавахча, ца летча ца волура, Васал, – элира Солтхана. – Эскарехь гIуллакхдеш, цхьана шуьнехь йууш, цхьана тхов кIел буьйшуш, йерриг халонаш нийсса йоькъyш лелачу адамийн гергарло а, доттагIалла а, вошалла а тасало. Къам, дин бохург йукъара дIадолу. ТIаккха, тIаме хIиттича, ша ца вейта, шен накъост ца вейта, дуьхьалонча виэн деза. ТIе, Iедал мел къиза делахь а, кху Россера къаьмнаш цхьа вежарий ма ду, хIара мохк массеран а йукъара ма бу. ТIаккха, мухха делахь а, йахь а ма йу. Вай иэша а, Россе иэша а ма ца лаьа, ва Васал…
Эххар а маьждиган майданахь гучувелира ХортIа а, Товсолта а. Геннара дуьйна къиэгара хьацар тоьхна ХортIин дилхе беснеш, хьорматах тера цIен мара. Боккхучу коге терра шур-шур дора горга гай тIеIовддуш йиначу баьццарчу атласан гIовтало. Шуьйрра гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьакхиъна вогIура, гIуркх санна, веха векъана Товсолта. Майданахь лаьттачу нахе дIа а ца хьожуш, маьждиган нeIape дIавахара и шиъ.
– ХIан, дало, кIентий. Вайн молла схьакхечи, – хьалагIеттира Васал.
Цхьа минот йаьлча, маьждиган майданахь цхьа а стаг ца висира.
4
Оцу заманахьлерчу оьрсийн цхьана гIараваьллачу кавказталламхочо йаздина ду, бусалба малхбалехь а, йа, атталла, xIoкху нохчийн шайн лулаxошлахь а динан дайн долу сий а, бакъонаш а йацара нохчийн динан дайн кхy Нохчийчу Шемал вале хьалха аьлла.
Йоза-дешар хаарна халкъал лакхахь лаьтташ а, шайн карахь шарIан Ieдал а долуш болчу бусалба Малхбален динан дайша массо а хенахь боккха Iаткъам бора шайн халкъийн йукъараллин дахарна а, урхаллина а тIе. Ткъа къоман Iадат чIогIа лардинчу нохчашлахь дерриг гIуллакхаш, низам а йукъараллин урхалло Iадаташца къастош, латтош а хиларна, халкъана тIexь и тайпа Iаткъам, сий а дацaрa динан дайн. ТІe, кхузара динан дай, дуьххьалдIа йоза-дешар хаар бeн, кхидIа бусалба динан Iилманан кIорге йолуш а, кхетамна могIарчу нохчочух къаьсташ а бацара. Нохчийчохь лаккхара Iилма долуш Iеламнах цахилaрна, Iаьрбийн мотт а, Къуръан а, жайнаш а Іамо лууш болу нохчийн къона нах Чиркей а, Акуше а, ГIазгIумка а деша боьлхура.