Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

– Соьца ларор вац хьо, жима къонах, – элира дошлочо цIеначу нохчийн маттахь. ТIаккха, хIара шен йийсар хилар кхечарна хаийта, Солтаханан белша тIе чIапалашкахь тур диллира цо. – Ас маршо лур йу хьуна, хьоьга масех дош а аьлла. Вайша, ши нохчо, вовшахлиэта, цхьаъ – туркошкахьа, важа – оьрсашкахьа. Вайшиъ саннарш кхин масех бIе ву шиний агIор. Тхо туркойн паччахьан дуьхьа а, туркойн дуьхьа а ца лиэта кху тIамехь. Вайн халкъ ах хIаллакдинчу, эзарнаш дай махках баьхначу, даймахкахь бисинчарна тIехь къиза Iазап латточу оьрсийн паччахьах бекхам оьцуш лиэта. Ткъа аш хIун леладо? Цкъа-делахь, оьрсийн паччахьо болийна харцонан тIом бу хIара. ШолгIа-делахь, и оьрсийн паччахь вайн халкъан мостагI ву. Шу хIунда хIиттина цуьнан эскаре, шу хIунда даьхкина цуьнан мохк шорбан, шаьш санна, кхин халкъаш лолле дерзо, бехкбоцчу адамийн, тIе, вай санначу бусалбанийн, цIий Iено? Кху тIамехь шиний агIорчу нохчаша мел турпала хьуьнарш гайтарх, толам, хастам а оьрсашний, туркошний буьсур ма бу. Сан къамел дIатоха хьайн накъосташка. Со Бенарчу ГIадон кIант Габа ву. ХIинца дIагIо…

…ЦIеххьана набарх ваьлча санна, дIаса бIаьрг тоьхна, ладуьйгIира Солтахана.

Цхьанхьа, тхов тIера долуш санна, Товсолтин мукъаме аз хеза Солтханна. Аз лоьхуш, дIасакхарстийна цуьнан бIаьргаш мимбарна тIехь совцу. Хьалавала йалх тIегIа долуш лами a xІоттийна, лакха айъина, хаза, говза бустамаш а дохуш, бес-бесара басарш а хьаькхна кечйинчу, гIутакх санна, жимачу мимбарна чу а хIоьттина, хьехам беш воллу Товсолта. ГIезачух тера лаг цкъацкъа дахло, тIаккха озачу, гаттийчу белшаш чу таьIа. Йегайо ирачу чIениг буьххьера нилха, газанчух тера хьаьрса маж. Цкъацкъа аз зевне долу, тIаккха, йиш хаьлча санна, дов маьждиг чохь, кхузахь дакъа Іyьллуш санна:

– Везачу Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хIоранга а шена оьмар тохийтина, хIоранна а ницкъ, амалш йелла, хIоранна рицкъанаш делла. Азаллехь синош кхуллуш Дала цIе тоьхнарг бен, адамийн паччахь хила йиш йац… – дека Товсолтин аз. – Тахана вайна тIехь паччахьалла деш волу Элксандар Дала хIоттийна ву, цуьнан гIoьнчий, областан хьаькам, окурган хьаькам, пурстоп, хIара вайн йуьртда ХортIа – берриг а Делан лаамца лелаш, вай лиэра безаш, вай сий дан дезаш нах бу. Цара дIакхоьхьy Iедал Делера ду. Цара ден таIзар а, цара бен къинхетам а Делера бу. Цаьрца къyьйсург, церан лаамна дуьхьалваьлларг Делаца къyьйсуш ву. Оцу стаге кханалерчу эхартан дийнахь хоттур ду, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, Ша хьайна тIехIоттийначу Iедална, Іeдaлaн дaйшна дуьхьал хIунда ваьллера хьо, Ша хьайна белла кхоллам хийца хIунда гӀиртира хьо, Шеца хIунда къийсира аxь аьлла…

– ОстагӀпираллахI!

– …Йуха а хоттур ду Дала, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, азаллехь Ша синош кхуллуш хIор а синна цo доьххург рицкъа деллера Ша, цхьадолчарна – кIезиг, кхечарна – дукха. Ша, хьо реза а веш, хIетахь хьайна деллачу рицкъанна реза а ца хилла, дуьненахь нехан мулкана тIе куьйгаш хIунда кховдийра аxь, Ша толийнарг эшо хIунда гIоьртира хьо аьлла… Дала хьукма дийр ду гIопал хиллачу, Iесабевллачу нахана тIехь, уьш итт эзар, бIe эзар шерашкахь жоьжахатин цIергахь багор бу…

– Дала лаpдoйлa вaй цунах!

– Амин!

– Делан лаамна дуьхьалбевлла, Дала бихкинчу новкъа бевлла, Дала хIоттийначу паччахьна, Дала цуьнга доссийначу Iедална дуьхьал гIеттина Симсaрaрчу Олдаман Іaьлбаг а, цуьнца берш а. Іaьлбаг Iеламстаг ву, хьаьжа ву, олу наха. Иза бакъ дац. Стагера Iилма а, хьекъал а шина тайпа ду. Делерий, шайтIанерий. Делера долчу Iилмано адамашна пайда ло, уьш шарIан новкъа буьгу, зуламах, хьарамчух лaрбо, хьаналниг хьоьху. Ткъа шайтIанера долчу Iилмано стаг зуламна тIетоьтту. Iаьлбаган Ӏилма шайтIанера ду. Иза а, цунна тIаьхьара Iеламнах а тиларчу бахана нах бу. Уьш бахьана долуш маситта йурт йагийна, бIeннaш aдaмaш дайъина, бIeннaш доьзалш, цIа-цIе доцуш, рицкъанах хаьдда лела. Оцу зуламхочунна тIaьхьахIиттина вайн йуьртахой Къайсар, Янаркъа, Aьрсмирза, Акхта, кхин, кхин а…

Хьалхарчу могIaршкахь йуха а гIовгIанаш йевлира:

– Дала хIаллакбойла уьш!..

– …Дала царна тIехь хьукма дийр ду, бусалба вежарий. Шена дуьхьалбевллачарах, шарІан некъах тиллачарах, Шен лаамца баьхкинчу паччахьашна дуьхьалбевллачу нахах цхьаболчарах – дуьненахь, кхечарах – кханалерчу къeмaт-дийнахь бекхам оьцур бу Ша, аьлла ду Делан дош. Шайна зуламе ваьлла стаг адамаша шайх дIахeрван веза, нажжазван веза, таІзарна Iедале дIавала веза, аьлла Дала. Iаьлбагна тIаьхьахIиттина вешан йуьртахой, совцийна, йа, лецна, Iедале дIабелла, цхьа агIо йаккха йеза вай…

ТІexьарчу могIаршкахь гIугI долу.

– …AлхьамдулиллахI, алхьамдулиллахI! Вайн везачу Дала aьтто бойла вайн паччахьан туркошна тIехь толам баккха. Махкaна чоьхьара зуламхой хIаллакбан…

– Амин!

– АллахIу амин!

Солтхана гуонах бIaьрг туху. ДоIина куьйгаш хьала а ца лоцуш, вовшашка а хьуьйсуш, кортош хьийзадо цунна уллохь болчара. Йукъ-йукъара гIеттина масех стаг, нах дIаса а тоьттуш, неIарехьа волало. Маьждиг чохь дов дойла ма йац. Товсолта-Хьаьжас дуьйцучуьнга кхидIа ладогIa сoбaр a ца тоьу.

Хьала а гIеттина, Солтха а вахара царна тIаьхьа…


Перейти на страницу:

Похожие книги